Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Межидов Хьусайн - Даймехкан гIаролхо


Просмотров: 2 494Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Дуьненчохь уггаре а, хазачу дуьненан маь1игех цхьаъ ю ала мегар ду Нохчийчоь. Де дийне мел дели а, заза тесна бошмаш санна къегина д1ах1уттуш ю иза. Ткъа и иштта серла ялар бахьана шаьш бехачу мехкан а, цу мехкан бахархойх а, дог лозуш нохчийн къонахий вайн юккъаралехь тахана кхуьуш хилар ду. Царех цхьаъ ву, къона велахь а, Хоси- Юртара Межидов Хьусайн.


Иза вина 1987 -чу шеран 4 -чу июлехь. Х1ора адаман дахар цхьацца дуьненан аг1онашца доьзна хуьлу: бераллех, жималлех, къоналлех, къаналлех. Бераллийн шераш ша вехачу юьртахь т1ехдовлу к1ентан. 1994-чу шарахь иза деша воьду ша вехачу Хоси- Юртарчу юккъерачу школе, амма х1етахь дуьйна дешарца т1ех сов гергало долуш шен нийсархошлахь дика дешарца, 1илманан к1оргене кхийдарехь болх беш вара бохуш дуьйцу жималлехь Хьусайнан хиллачу хьехархоша Садулаева Зарета а, Эдилова Маккас а, иштта къаьсттина иманехь а, къинхетаме а, дог ц1ена а, цуьнан хилар тоьшшалла дарца шайн къамелехь билгала дохура цара. Шен дахарехь ша деллачу дешан да волуш вехачу къонахчух олуш хилла вай дайша бакъволу къоннах. Зарета а Маккас жималехь дуьйна сица а ц1ийца дешан да хилар нохчалла дезар даймахке цуьнан болу безам х1етахь дуьйна къаьстар бохуш дуьйцу дозалла дарца дош олура цара шай хиллачу дешархочух.

Цул т1аьхьа 2005-чу шарахь кхиамца школа чекхйоккхий дукха хан ялале 2006-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университете юридически факультете 1илма карадерзо 1ама аьтто хуьлий кхи д1а а шена безачу некъахь къиамаш бохуш схьавог1у к1ант. Ткъа 2010- чу шарахь дешна волу жима къонах. Шен къоналлийн шерашка хьаьжна ца 1аш къонахчун амалехь кхиъна ала мегар ду Межидов Хьусайн, ткъа и бахьана долуш ду аьлла хета суна к1ант шен дахар 1едалан балхаца дозар.


Кху вайн хьомечу дай баьхначу лаьттахь машаре низам хуьлийла лууш нийсонан некъ биллиначех ву Российн Турпалхо вай хьалхара Призидент Кадыров Ахьмад -Хьажа иштта шен дех масала эцарца вай къоман бахархойн кхане ирсе хуьлийла лууш веха тахана а, Республикан Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Хийла 1уьйренаш, суьйренаш хийцалуш, мел хан- зама яларах амма цхьана минотана дохковалар доцуш хьаналчу къинхьегамца цу некъахь дей- буьйсий ца лоьруш къахьоьгуш ву ша вехачу юьртан комендант а, полицин капитан волу Межидов Хьусайн а. Хуьсайнаца цхьана болх беш волчу белхан накъостаца Юсупов Ильясаца цхьанакхетар хилира сан амма шеко йоцуш, дикачу аг1ор дара к1ант шен къамелехь доттаг1чух ден тоьшалла. Ткъа цу цхьанакхетарехь суна билгалделира Хьусайн массарна а чу са диллина куьйгалхо хилар, г1илачух а, мискачух а дог лозуш шега далучу аг1ор массарна а, г1о-накъосталла дан кийча хилар. Ирс долуш ву шех ала хаза дош дуьтуш ваха ницкъ къаьчнарг. Ильяса боккхачу ларамца йоккхур
Хьусайнан ц1е.


Мел ч1ог1а хало стагана т1е1оттаелча амма уггаре а, хьалха доза доцу собар а, доьналла оьшу х1ора адамана цунах чекхвала, ткъа балхаца муьлха а
халонан киртик т1е1оттаяларх къарцалуш майраллийца болхбеш веха Хьусайн, амма кхо биначу белхийн лаккхара мах хадош делла дуккха а мехала совг1аташ ду к1ентан,
царна юккъехь т1ех дозалла дарца, хьоме хеташ ду цхьадерш, царех цхьаъ ду Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана елла Ахьмад- Хьаьжин ц1арах йолу сийлаллин орден.


Дуьненан хьанала рицкъа лоьхуш веха вайх х1ора а,
дахаран беркат а, ирс а довза лууш, амма цуьнца цхьана бусалбан динан бехкамаш а бу вайна т1ехь, Аллах1- Далла хьалха жоп дала дезаш ткъа иза 1амал а,1ибадат дар ду дин довзар а,1амор а, хаар уггаре а коьрта лоруш схьавог1у даиманна Межидов
Хьусайн, иза ийманехь хилар а, кхиар а, ду к1ентан дахар и вехачу доьзалера дуьйна, со талла воьлча суна билгалаелира дайн оьзда х1усам, да - нана бертахь доьзал, иштта кхидерг а. Дуьненан малх а хуьлий лаьтта вай сийлахь дай - наной, цара хьехна дай оьзда г1иллакхаш, хаза амалш, доьзалхочо шеца даиманна а яха ша вехачу юкъаралле хьо. Хьусайн, цхьа ша тайпа г1иллакхийн хазна, доьзалехь схьалаьцначех цхьаъ ву, иза иштта ца хуьлийла а дац, х1унда аьлча Мижидов Халидан, Билкъисан х1усамехь даимна а деха вайн къоман сийлахь хаза г1иллакхаш, цул сов хьаша да везаш а, боккхачу лерамца иза лелош шайн ц1ийнахь дайн оьзда кхерч латтош беха уьш. Шаьш мел беха цкъа а йовр йоцу марзонан а, сийлахь а ц1е ягош.


Мел хан- зама яларх лаар-кха даимна а, иштта дай оьзда къонахий кхуьийла. Хьомечу Даймехкан г1аролехь, тешаме яхь йолу к1ентий хуьлийла, Межидов Хьусайн санна. Везачу Аллах1- Дала 1алаш веш ша сатуьйсучу дикачу белхан лакхене кхачавойла массо а, яхь йолу нохчийн къонах. Хьусайн, ирсо хьоьстийла хьо мел дог1учу деноша.



Чалдаев Ислам


chechnyatoday.com


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"