Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Гергарчу х1усамехь цхьаьнакхетар.


Просмотров: 3 720Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Гергарчу   х1усамехь   цхьаьнакхетар.Вайн махкахь г1ара ваьлла вевзаш стаг хилла обарг Зеламха. Зеламхин йо1 ю Энист. Д-кха хан йоццуш сайца дешархой цхьаьна а болуш иза йолчохь хилира со. Энистца цхьаьнакхета доьлхуш тхан коьрта 1алашо яра 3еламханах долу тхайн хаарш алсамдахар, иза вехаш хил лачу хенахь вайн халкьана юкьахь кхолладелла долу социально-политически дахар к1орггера довзар. Юьхьарлаьцна 1алашо дика кхо чуш хилира тхан, ч1ог1а хазахеташ т1еийцира тхо Эниста. Тхо  Хорачуьра  дуй хиьча, ша къена хилар диц а делла, берх1ийта шо кхаьчна йодуш санна, хьийзара иза.

 

Бераша  цуьнан нехан цераш яьхча, Эниста уьш шен ден-дай бу, элира. — Уьш сан гергара нах бу. Шу цу нехан гергарчу х1усаме кхаьчна.  Цо дехха  хеттарш   дира,   хьал-де  хаа лууш. Цо дечу къамелехь   хаалуш  дара йоккхучу стеган берех  ч1ог1а дог лозуш хилар. Шен дахарехь цунна гин чу халонаша аьгначу цуьнан юьхьа т1е хьаьжча а гуш дара цуьнан деган ойлано кхузаманахь дехачу берашна цкъа а шенчух тера дахар хуьлуьйтур доцийла, шен ницкъ а кхочуш. Цуьнан къамеле ладог1ча а хаьара цунна вайн берийн дахаран кхане ирсе хила лууш хнлар. Тхо дерриге а шен хIусама чу ма кхаьччинехь, гуобаьккхииа охьаховшийра цо тхо. Т1акха долийра цо Зеламханах лаьцна   долу  шен   къамел.

 

- Ша  обарг волчу  хенахь маса шо долуш стаг вара Зеламха?— аьлла, Энисте шен хатар дира  Зулихас.

 

— Иза обарг волучу хенахь жима стаг вара Зеламха. Г1еметта х1оьттина стаг вара ала мегар   долуш. Амма  цхьа  х1ума бакъду. Цу заманахь, тахана санна, стаг вина шо   билгалдоккхуш дацар а.

 

—Баба, довзийтахьа тхуна Зеламханан юьхь-сибат, дийцахьа цуьнан куьцах, дег1ах, амалех,  — аьлла, дийхира Маликас.

 

-Дера, сан бераш, книжки т1ехь ч1ог1а 1аьржачу аматехь диллина цуьнан сурт. Бакъду, иза иштта 1аьржа-м вацара. Ц1ен йогуш беснеш а йолуш, буьрса девлла даккхий мекхаш а, ц1оцкъамаш а долуш вара сан да. Ша пхьоьхана воьдуш гуттара а кечлой араволура иза. Т1е г1овтал а юхий, юкъах шаълта а йоьхкий. Доьзалехъ ч1ог1а к1еда-мерза вара Зеламха. Х1инца санна дагадог1у суна иза лулахойн кегий бераш хьоьстуш арахь хиъна 1ийна хилар.Делахь а ,массерал а товш а, куц долуш а вара сан деваша Сол-гамурд. Иза вайнехан ловзарга д1акхаьчча цунна т1ехь соцура аьлла хета сунна цигарчу бер риге  а мехкарийн б1аьрг...

 

- Зеламха обарг валаран бахьана х1ун да¬ра-те? - аьлла, хаттар дира  Энисте  Йиситас.

 

Доккха са а даъккхина, жимма соц1унг1а а хилла, Эниста—бабас долийра цу хьокъехъ до¬лу  шен  дийцар:

 

- Дера бара, сан  бераш,  Хушалин  хазачу йоь1аи хан  кхаьчна  самабаьлла безам.     Харачохь ловзаргахь гинера вовшашна Солтамурд а, Зезаг а. Массо а жимачу стагана билгалъяьлла хаза йо1 яра Зезаг, ткъа кегийчу нахана ккъахь меххкарша къастийнарг Солтамурд а вара. Бакъ ду, Зезаг ас бехке ца лору Солтамурде ша д1айига, аьлла, шен дагара хаийтарна, х1унда аьлча, шен дас Хушаллас шена ша везачу стаге маре д1алуш яра иза. К1ентан а, йоь1ан а деган лаамаш кхочушхилира, амма уьш беха ца лира: харцоно сиха хьаьшира цаьршинна безам, Тхан х1усамна т1е  эхь дог1учу аг1ор д1айигира харцо юьхьар лаьцна арабевллачу на¬ха Зезаг. Цул совнаха, бехк боцуш 1едало бехке а бина, лаьцна д1абигира тхан да Зеламха а, цуьнан да Гушмазукьа а, цуьнан вешин ши к1ант а. Ткьа лаелирий сан дехошка, бехк боцуш, т1ееана  юьхьа1аьржо? -  ойланашка яхара Энист. — Кхайкхаза еанчу харцоно ваьккхира сан да Зеламха обарг. Цу хенахь а дара олуш вайн дайн кицанехь «Тешна бехк бинчух боь¬ду» — олий. Иштта т1аьхье а хилир кха цу г1уллакхан. Цундела халкъо сий а дина сан дехойн. Сан хьехар ду шуна, сан бераш, шаьш дуьненахь мел деха—беккъа ц1ена цхьаьна нийсонан некъ д1акхехьалашна! Хьанал къинхьегам безар, баккхийчеран сий - ларам бар, бакъонехьа кьийсам латтор, харцдерг ца дийцар, — иштта уьш ду вайнехан г1иллакхаш. Уьш ларделашна шайн дахарехь.

 

—   Баба,  хьуна  хала-м  хир  ду  дийца  хьайн  ден  д1акхалхарх лаьцна. Ткъа муха,мича   бахьанашца  нисделира  иза кхалхар? -  аьлла, хаьттира   Хедижата.

 

— Х1ун дийр ду ткъа?! Массо а адам дала дезаш ду-кха цхьацца шена   кхоьллинчу   бахьанех  Бакъду, сан ден валар  ч1ог1а дагахьбаллам болуш нисделир-кха, цу хенахьлера ямартло, тешнабехк,  харцо бахьана долуш. Шелахь, шен гергара стаг волчохь, х1усамдас шена теттина пайда хир бу моьттуш к1ело нисйиркха 1едална. Буьйсанна и стаг волчохь 1аш волчу хенахь 3еламхас цкъа а, шозза   а  аьлла  Хилла цуьнга ма реза вац-кха со  тховса хьуна, хьо х1инцалц санна, ма  вац. Оцу арахь еш йолу г1овг1анашйийраш муьлш бу те? И ж1аьлеш  х1унда  лета - те ? — аьлла. Амма х1усамдас доцца жоп луш хилла: Цигахь дерг х1умма а дац, парг1ат хила. Карзадхдаьллачу даго, хетарехь, синтем байина хилла Зеламхин. Ц1ачуьра сиха араиккхина иза. НеIарал  ара  воллушехь тхов т1ера чу топ тоьхна  аьтту белш лазийина цуьнан. Амма цу мннотехь Зеламханаялийтинчу тоьпо сиха чуваийтииа  тховт1ерниг. Т1аккха катоьхнна бешарчу г1адмойн такхорана т1евахана иза. Амма кертана гуобаьккхина д1ах1иттийнчу паччахьан салташа т1еетта йолийна кхунна тоьпаш. Буьйса  т1ех  1аьрж а хиларна  ваьлла хир вара Зелам ха царех дукхах йолу шокьалеш шена ца кхеташ. Шен г1евланга г1одмийн ц1ов а биллина, шен вертанан т1ам юьхьа т1е  а  тесна, ша шена еса а доьшуш, са далар нисделла цуьнан. Цу буьйсанна цунна т1ебаха ца баьхьаш, сахиллалц цунна т1е тоьпаш етташ, 1ийна салтий. Шолг1ачу дийнахь тхан х1усаме баьхкира паччахьан эпсарш тхоьга тешалла дайта: шаьш вийнарг Зеламха ву я вац хаархьама. Цара вийначу Зеламхане хьовса со а, сан йоккхах йолу йиша Мединт а, тхан нана Бици а дахара цига. Дукха халкъ дара цигахь д1ах1оьттина 1аш. Цу халкьана юккьехь 1уьллуш тхан Зе¬ламха а вара. Со а, сан йиша а ч1ог1а йилхира, амма тхан ненан б1аьргех хинт1адам а ца белира. Цуьнан дог ч1аг1деллера  3еламханина бина  тешнабехк ла ца луш. Цунна хаьара - цигахь хилла долчу мискачу к Iечу  нохчийн  халкъан дахар Зеламхин дахарца доьзна дуйла, замано иза шен кеппара д1асалуьстур   дуйла,   бакъонан лар йоцуш иза дуьсур доцийла. Ткъа иза иштта  хила  а  хилира.

 

Дикка ладийг1ира оха Энистан дийцаре. Цуьиан дийцаре ладуг1уш тхуна ма-дарра девзира паччахьан 1едало вайн к ъомехь  латтийна 1азап, цу  1едалан  ямартло. XIара дийцар чекхдоккхуш тхуна Энистана доккха баркалла ала лаьа, цуьнан    дахарехь ирс-аьтто хуьлийла лаьа. Иштта   лаамаш  бу Энистан   х1усамна   а,  цуь¬нан доьзал а лоруш бол чу  Харачуьрчу  юккъерчу школан   дешархойн      а, хьехархойн   а.

 

Л.   ГАЙСУЛТАНОВ, Xорачарчу    юккъерчу школан  6-чу    классан  куьйгалхо.

 

СУРТА Т1ЕХЬ: Зелимханан ши йо1 Мединт а, Энист   а.

 

Источник: http://abrek.org  

 




checheninfo.ru


Источник: Колхозан дахар 13.04.90

Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"