Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Муха даздора вай наха Керла шо?


Просмотров: 304Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Хьалха заманахь вайнаха керла шо даз-деш хилла малх ц1а кхаьчначу хенахь (22— 25 декабрехь). Керлачу шарах нажай, январь баттах нажи гонухойн бутт олуш хилла.

 

Керпа шо т1е а кхачале, xlopa доьзалехь кечамаш бора дезчу денна — ц1айна; бепигаш доттуш, локъамаш еш маларш кечдеш.Керла шо т1екхочуш кхерчара ц1е хуьйцура. Ножах дечиг доккхура. Ц1ара т1е дийнна ханнаш дохкуш хилла. Хе нан чаккхе арахь юьсуш хиппа. И йогуш не1арап чоьхьаяьллачу гуллуш хилла сакъе-ра нах: «Хьенехеран хен чоьхьабаьлла!» — бохуш. Цара х1ума юура, ц1ара т1ехула д1а-са а кхийсалуш.

 

Керла шо т!екхочуш жухургаш юьйлалуш хипла лепа, x1opa керта а    х1уттуш,    эшарш, а лоькхуш, юьртахошна    диканиг    доьхуш, доьзалш а, даьхни а алсамдалийта бохуш. Х1усамнаноша жухургашна х1оаш а, дама а, локъамаш  а, кхин долу совг1аташ а  лора.

  

Дезчу дийнахь ловзарш деш а, говраш хохкуш а, яккхий ц1ераш летош а хилла, Царна гонаха кегий нах а, баккхийнаш а хел ха буьйлуш хилла. Арахь лайх г1ап а йой, юха иза кегийрхоша, лайн межиргаш дет таш, йохош хилла. И йохийнчохь ножан юьхк х1оттош хилла, т1ехь дакъаделла генаш а долуш, царна т1e 1ежаш а, кхораш а, чкъургаш а, к1ен кенаш а ухкуш. Юьхка т1е кхо ч1урам х1оттош хиппа лата а бой. Т1аккха Г1ура - Нане а, Г1ура - Даде а вонах лардар доьхуш хилла, Оцу буса массо а шуьне хуура, пхьор даа, дузош хилла шайн даьхни а. Бе-раш лийчадеш а  шаьш луьйчуш а хилла: Керла шо т1еоьцуш сица а, дег1аца а ц1ена хипа везара массо а.Керлачу шеран хьалхарчу дийнахь 1уьй-ранца хьалаг1евттича, вовшашка хьошалг1а а оьхуш,  дика дешнаш бохура, яах1ума а юуш. 1уьйранна ж1аьлех я борг1алах б1аьрг кхетар дика лерина, х1усамехь бер-кат хирг хипаран билгало хеташ. 

Керлачу шарахь дуьххьара ц1а чу веанарг «беркате стаг», я «товш стаг» лорура. Цо цхьацца совг1аташ дахьара, дукха хьолахь, жижиг я марзаллаш, кеда чохь ма лар а. Цо кхерча т1е а воьдий, ц1е марса йоккхуш хилла. Т1аккха иза шуьне хаош хил­ла, чомехь мел болу кхача хьалха а 6уьл-лий. 


Кхаа дийнахь дахлора Керлачу шеран ц1ай




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"