Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Гам хьакхар. (трепанация)


Просмотров: 5 590Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Вайнехан, а хилла, луларчу халкъашна юккъехь a rlapa-бевла дарбанаш лелош нах. Хууш долчу бахьанашца церан говзалла вайга схьа ца

Гам  хьакхар. (трепанация)

кхаьчнехь а, цара лелийнарг ма хуьллу таллар а, хуучеран ц1ераш яхар а вайна т1ехь ду. Ишттачу лоьрех— М1айстойи Чорех а, Моьсагах а—лаьцна суна дийцира ч1аьнтичо Мохьмадан 1абдул- Керима а, м1айсточо Джапаран Джабраила а, и шиъ ший а Итон-Кхаьллахь вехаш а ву.

 

Джабраила дийцарехь Моьсаг цуьнан кхоалг1а да ву, цо операцеш еш хилла чоьжа па, коьртана (гам хьакхар), иштта легашка х1иттина екха xloaш д1айохуш а хилла цо чоьхьа аг1ора. Ткъа цу тайпа уьш д1аяхар дукха хан йоцуш бен ца 1амийна вайн медицино.Джабраилица 1аш цуьнан нана а ю, лакхахь вийцинчу Чорас кортах гам хьокху операци йина. Иза и жима йолуш, вай ц1ера дахале хилла.

Ткъа 1абдул-Керима дийцарехь, цуьнан да Мохьмад, Чорас и тайпа операцеш еш цуьнан г1оьнча хилла лелла ву. Цундела цо иштта дуьйцу шена дегара хезнарг:—Чорас мел йиначу операцех цхьана стеган бен валар ца хилла, ткъа иза а жима воллушехь дуьйна коьртаца дика ларт1ехь а воцуш хилла.

—Цу хенахъ корта кагбелча я цунна чов хилча,- дуьйцу 1абдул-Керима —корта дla a боший дуткъа ч1епалг а дойи а дуьллуш хилла, цигахь да rap дукхах долу дела. Иштта хууш хилла айп муьлхачу меттехь ду. Ткъа вай буьйцу чу лоьраша, шайгара леррина лелош урс а, гам а (кхузахь гам бохург ирачу 1айгах терра лоьран г1ирс бу) ц1ергахь дагадеш, унах ц1андеш хилла.
Юха уьрсаца коьрта т1ера чкъор схьахадош хилла цара, к1ужалш хъаьвзина меттиг ч1ог1а лар a еш уьш 1ожаллина кхераме йолу дела (хетарехь, нервийн шеддаш ду уьш).


Чкъор схьахадийначул т1аьхьа цу т1ехь горгамца туьха берам а буьллий, иза д1асадохуьйтуш хилла цара. Ткъа и д1асадахча, шена т1ехь жим-жима гам а хьокхуш, туьта, юткъаеш, схъа а йоьллий, йоха ца ян цунна т1ера пар (пленка) лар а еш, ц1анбеш хилла цара хье. Чов д1айоьхкучу хенахь цу т1e палха, я туьха кхетаза дума буьллуш хилла,и сихха ерзийта.


Ткъа туьта кагьелла я гам хьокхуш даь1ахк д1аяьлча, юткьа, ян a йой, ц1еста йома латош хилла, ц1естачу ч1агаршца д1а а ч1аг1ъеш.

 Ишта ц1еста йома латийна шена т1ехь кхо ч1уг йолуш туьта гира суна со жима волуш Маьлхан йистерчу маьл хан кешнашкара бог1учу туристашкахь, — бохуш чекхдоккху 1абдул- Керима шена цу хьокъехь хууш дерг.




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"