Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Борз хилла г1аьтти хьо сий долу Нохчо! . (Видео)


Просмотров: 2 732Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Текст песни и видео:

[media=http://www.youtube.com/watch?v=s_e_TA1RBms]

Нана-Мохк
йовсарша бухкучу дийнахь,
К1иллой шай
къамелах бухучу дийнахь,
Лай хила
реза берш лай хуьлчу дийнахь,
Борз хилла
г1аьтти хьо яхь йолу Нохчо.

Мостаг1чо
вай латта хьоьшучу дийнахь,
Вай наной,
йижарий боьлхучу дийнахь,
Г1азоте
къонахий кхойкхучу дийнахь,
Борз хилла
г1аьтти хьо къонах Нохчо.

Алонехь
г1аланаш ягочу дийнахь,
Ярташках
холамаш дебачу дийнахь,
Къизалло
къоман дог шел динчу дийнахь,
Борз хилла
г1аьтти хьо турпал Нохчо.

Бо-берийн
аьзнаша кхойкхучу дийнахь,
Балано вай лаьмнаш
кхоьлинчу дийнахь,
Тезетехь
Нана-Мохк боьлхучу дийнахь,
Борз хилла
г1аьтти хьо сий долу Нохчо!

Къемат де
хоьттича хьо винчу махкахь,
Чов хилла
1овжамо багийча кийра,
Буьрсачу
къийсамехь чаг1алташ ата,
Борз хилла
г1аьтти хьо сий долу Нохчо!

Хьайн сил а
даздина дихкина г1азот,
Хьайн сил а
язйина Даймехкан маршо,
Мангало тес
санна мостаг1ий эгош,
Борз хилла лийти
хьо сий долу Нохчо!

Йовсарийн
арданга керчийна ц1ийлахь,
Х1аллакйеш,
отуш и ягийна ц1ергахь,
Турпала
къонахий хьакъ болчу махкан,
Гола-м ца
вирзи хьо сий долу Нохчо!

Баркалла
мерза мотт 1аморна бийца,
1ожаллех
вежарий ахь 1алаш барна,
Баркалла
къоман сий лардарна ц1ийца,
Баркалла тхуна
хьо кхиийначаьрна!

Источник: moygrozny.ru


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"