Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Хьонке дахана бераш (Нохчийн халкъан туьйра)


Просмотров: 1 646Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

(Нохчийн халкъан туьйра)

 

Цхьа бераш хилла хьуьнаха хьонке дахана, дукха хьонка а карийна, иза боккхуш 1аш, х1орш хьебелла, хьуьнах бода боьлла. Хьуьнах берзалой а хилла уг1уш.

 

Бераш лахахьа а дитина, воккхоха волу к1ант лекхачу попана т1е ваьлла, чуваха цхьа а ц1ено, я меттиг карайой хьажа.

 

Д1ёай-схьай хьаьжча цунна цхьа ц1ийна лаппаг1а гина. Цу ц1ийна не1арга баьхкина
х1орш.

 

Не1 схьа а йиллина доккха ешап дуьхьала даьлла кхаьрна, яккхий к1омсарш а йолуш, кегийна еха месаш а йолуш, этт1а х1умнаш а йолуш т1еюьйхина.

 

- Чудуьйла Бабин бераш – аьлла, чудигна цо уьш.

 

Т1аккха кохьар хьовзийна ахьар а даьккхина, алу т1етесна мижаргаш а деттина, беттина газана когаш-корта а баийна д1адийшина цо бераш. Ткъа ша пешачу яккхий гоьргаш а ехкина, йоккха ц1е а латийна, пеша хьалхахьа охьабиллина боккха т1улг, цу т1е доккха урс хьоькхуш ирдеш хилла.

 

Берашка схьа а дирзина ешапо аьлла:

 

- Вижнарг мила ву, вижазниг мила ву?

 

Воккхаха волчу к1анта аьлла:

 

- Вижнарг, вижвзниг со дера ву.

 

- Хьо х1унда цавуьжу? – хаьттина ешапо.

 

- Тхан нанас хьаста хьостьий, ара а дохий, ц1енна го тоссуьйтура тхоьга, т1аккхий Бен наб цакхетара тхуна.

 

Ешапо ара а даьхна, юха чу а дахкийна.

 

Юха охьахиъна ешап урс ирдан. Т1аккха хаьттина:

 

- Вижнарг мила ву, вижазниг мила ву?

 

- Вижнарг со ву, вижазниг дера ву со – аьлла воккхахволчу к1анта.

 

Ешапо хаьттина:

 

- Хьо х1унда цавуьжу? – аьлла.

 

- Тхан нанас буьйсанна цацаначохь хи а дохьий. Хи маладора суна, т1аккхий бен наб цакхета суна. – аьлла к1анта.

 

Ешап цаца а эцна хит1е дахна. Хи оьцуш схьакхачале 1ений чекх а долий юха доьдуш, иштта ъх1ара леллашехь буьйса д1аяьлла.

 

Сахилча, ешап ц1адале, к1ант шеен йижарий, вежарий эцна ц1авахна. К1адделла делкъахан хуьлучу хенахь ешап ц1адеъна бах, дилхина, дилхина дела бах.

 

Г1улдий – булдий цаьрна, кай – бож вайна.

  

 

Йийцинарг Шаипов Саид. Х1иди-к1отар. Вина 1934 ш.

(Сказки записала Терлоева Р)




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"