Сахьийзаш, сагатлуш са дала ма доллу, Сил дукха хьо везаш со хьоьха ма ели, Хьоьха ца ялалуш, сайн нахах ма ели, Соьга ладог1ахьа сан деган везар.
Сагатдеш, сахьийзош т1е те1а бала, Де, буйса мел дели т1е г1ерта г1айг1а,
1уьйрешка хьегайеш соьх йина ва ойла, Ма лолахь кхи суна ва хаза суьйре.
Дош достург ва дуьйцуш, мотт марг1ал лебеш, Ва хьайна ша везахь тешахь шеха бохуш, Тешнабехк би суна со шеха тешначо, Соьга ладог1ийша сан нийса нийсарой.
Ца везаш ца хьирчи со хьоьха дукха, Толамца ца кхайкхи и нехан меттанаш, Яланза ца йолу со хьоьха х1инца, Йиц ца йара доьху ас заманан йохаллехь.
Схьа дала ма доллу кийрара мерза са, Схьа эккха ма доллу кийрара дилха дог, Цу декъал хиларо кхи езар лехна мо боху, И сан даго ма ца лов.
И сан даго муха ловр ду, Сан даге и ла ма ца ло, Дагна дукха дезна к1орни, Шен езарца д1ахоттийча.