| ДАЙДЖЕСТ: |
Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю,
КIайчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо гIаргIулеш новкъа йохур ю.
Ас хьан
бIаьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьртан
йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг цIийх
Iеначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне
къинтIера сайна доккхур ду.
Ас хьан
бIарлагIех гIала юттур ю,
Хилларш,
лайнадерш сица луьттур ду,
Iаьно
къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъ
дахарна дуьхьал хIуьттур ву.
Хаза хилла
хьо кхин а хазлур ю,
Цхьалла
лайна со къинойх цIанлур ву,
Вайшиъ
декъалдан, лаьттан Iаьнарлахь
КIайчу говро
шен туьйра дохьур ду.
Дашо
гIаргIулеш цIехьа йоьрзур ю,
Цара гIабали
хьуна йохьур ю,
БIаьсте
йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан
чIабанех сайн ирс дуцур ду.
Дешнаш –
Апти Бисултанов,
Д1аолу –
Хусейн Бетельгериев
![]() |
Новый курорт Казахстана будет соответствовать мировому уровню
КБР. Высота комфорта: на Эльбрусе откроется новый отель Cosmos для альпинистов
Ташкент получит $300 млн от Нового банка развития БРИКС на низкоуглеродную энергетику
СТАВРОПОЛЬЕ. «Ставропольэнерго» заменило более 18 тысяч изоляторов на ЛЭП края