Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Тамара Дадашева, Марем Ташаева. Дийцахьа доттаг1а


Просмотров: 2 908Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Тамара Дадашева и Марем Ташаева в дуэте исполняют новую песню «Дийцахьа доттаг1а»

Текст песни и видео:

[media=http://www.youtube.com/watch?v=V9Wxlej2-5A]

Доттаг1а,
хьан дахар муха ду те дийца,
Некъаца,
балхаца лара йой алахьа,
Баркалла,
дика ю, вайн Далла хастам бу,
Дийцахьа
доттаг1а, хьан г1уллакхаш муха ду.

Хьуна ма
ха1ара, замано зуьйш ду вай,
Къоналла дош
алале гена йели вайх,
Амма вай
къар ца ло, халонаш хьоьшу яй,
Дуьхьал дарц
детташехь когаш т1ехь лаьтта вай.

Дог, хьекъал
вовшашца тарделла ехи хьо,
Цаьрна шинне
лууш дерг кхочуш дан ницкъ буй хаа,
Вай, и ма
хетталахь, и доккха х1ума ду,
Сан дег1ехь
берриг т1ом цара шиммо латтош бу.

Хьажахьа,
даго ша жима ду бохица ша,
Хазаниг,
мерзаниг самукъа доьхица ша,
Ша качде
боху цо, безам ло боху цо,
Вай дела
деннаша бохург де боху цо.

Вайн хьекхал
лекхахь ду, цундела кура ду,
Амма хьекъал
хьуна т1ехьалона хаа ду,
Дерриг дег1
лелочу деган хам ахь ца бахь,
Даго ша
сецначохь хьо шелдеш сацор ду.

Ткъа хьекъал
хьекъало чехош ца юьту со,
Хьайн шерийн
ойла яй чу ерза боху цо,
Дог дилла
боху цо, эшарех, безамах,
Корех чу
хьоьжучу дашочу з1аьнарех.

Хьекъал хьан
лакхалла, сан дагех кхетахьа,
Оццул дехар
дича соьга ла дохахьа,
Шу шиъ
бертахь хилчи дег1 парг1ат хир дара,
Дуьненан
марзонах аса чам оьцур бара.


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Февраль 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 1234
567891011
12131415161718
19202122232425
26272829 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"