Текст песни и видео:
[media=http://www.youtube.com/watch?v=7Viyw_Q0NTA]
Ца кхета,
мел ч1ог1а г1ертарх со кхетац,
Дуьнено
1ехийна лелачу нахах,
Мел идарх
кхочур яй юха ши метар,
Ткъа велча
стаган оьший те бахам?
Ца кхета,
оццул леш долу и адам,
Хирйолчу цу
1ожаллех х1унда ца теша,
1ожалло
лоцур ву мел ч1ог1а вадарх,
Валор ву
тийначу цу кешнийн беша.
Ца кхета,
дуьненахь сел дуьсар долчу,
Харц-бакъо
ца къаьстош х1унда лела?
Дера дуйтехь
эхартахь вайна и холчу,
Адамаш, шайн
дегнаш къинойх ц1анделаш.
Ца кхета,
маж йитар кхи т1е ца лоцуш,
Кегирхойх
тарбелла лелачу къанойх,
Я ду техьа
нохчийн къам 1адаташ доцуш,
Орамаш
дакъалахь хир яц вайн кхане.
Мукъам –
Абдукаримов И.
Дешнаш –
Саиев I.
checheninfo.ru