Просмотров: 1 669
Текст песни и видео:
[media=http://www.youtube.com/watch?v=B_abmhg0AIg]
Хьо гина,
вевзина зама ма карла юьйлукха хьо,
Хьо ца гуш
д1а уьду денош, дагчуьра ца волу хьо,
Хазачу
б1аьргаш чу хьоьжуш, безамца марзонаш оьцуш,
Миноташ йиц
йина ца лела.
Бетта са
даьржина буьйса, гуш стиглахь марханаш яц,
Цу стиглахь
седарчий лепа, кху лаьттахь вайшиъ бен дац,
Хазачу хьан
куьце хьоьжуш, хьо винчу хьан ненех хьоьгуш,
Йиси со хьан
б1ара хьоьжуш.
Буьйсано
ойланаш хуьйцу аларах бакъ дина яц,
Цу дийно
хийцина ойла цец яьлла со евзаш яц,
Хьуна со ца
евза, хьуна, мила ю ца хьаьа, хьуна,
Доьху хьоьга
сан мах ма хедабе.
Со-м кхийти,
воккхавеш хьайха мехкарша хьистина ву,
Цхьаннена ца
лоьруш лерам хам боцуш 1ехийна ву,
Х1етте а хьо
дуьхьал туьйсу, хьан б1аьргийн хазалла лоьху,
Хьо везаш,
дог эца хьажахьа.
Источник: moygrozny.ru
checheninfo.ru