Просмотров: 1 445
[media=http://www.youtube.com/watch?v=ur8_4Ysls90]
Даймохк –
хьо сан некъан седа, хьо сан ойланийн куралла,
Даймохк –
маьлхан сирла, беттан нур лаьмнийн тийна хьан лекхалла,
Вай
къонахийн яхь ю хьо, мехкарийн г1иллакх, хазалла ю хьо,
Вай къоман
дозалла ду хьо, наной бузу дог ду хьо.
Даймохк, Даймохк,
Нана-Даймохк,
Цхьаъ бен
боцу хьоме Даймохк.
Даймохк –
вайн мостаг1ийн хьаг1 ю хьо, лулахошна хьагал ма бу хьо,
Даймохк –
берийн ирсе кхане хьо, вайн нехан бух а, са а ма ду хьо,
Ялсмане
дакъа хьо, эвлияийн са ду хьо, дезчу до1е жоп ду хьо,
Делера
совг1ат ду хьо.
Даймохк –
майра аьлла дош ду хьо, сийлахь долчу къоман б1ов ю хьо,
Даймохк –
нохчийн меттан аз ду хьо, сан дай баьхна латта ду хьо,
Вайн
къонахийн яхь ю хьо, мехкарийн г1иллакх, хазалла ю хьо,
Вай къоман
дозалла ду хьо, наной бузу дог ду хьо.
Источник: moygrozny.ru
checheninfo.ru