Просмотров: 1 611
Тамара Адамова – Тхан хьоме Нохчийчоь . (Эстрада. Видео.). Серия: "Лучшие клипы чеченской эстрады".
Текст песни и видео:
[media=http://www.youtube.com/watch?v=y0Ck23iMlH0]
Нохчийчоь
схьа кхечи вай ирсе зама, Хьан чевнаш меллаша д1айоьрзуш лаьтта,
Б1ешарийн
балано йи-кха 1ама, Къар ца луш юха а денъйелла г1атта!
Тоьар ду
хьан йелхор бо-берах терра, Тоамза хьо ягош, херцайеш, отуш,
Вели к1ант Нохчийчоь
хьуна ма гарра, Бакъонца хьо нисйа харцо д1атоттуш.
Тхан хьоме
Нохчийчоь яхалахь! Хьо езаш эгначу къонахий доьхьа!
Беркате,
машаре яхалахь, барт болуш, ирс долуш яхалахь!
Хьан дика хьега
уьш боьрзур бац юха.
Къонахчо керлачу
дахаран баххаш, Дуттур ду нийсонах, яхьхьах деш пенаш,
Тохкур ду
болатана собарах тхевнаш, Цхьаьнге а хьан маьрша ц1а доха ца дайта!
Къонахчо
комаьрша кховдинчу куьйго, Юха а дебор ду хьан х1усамехь беркат,
Лазорна
кхоьруш хьо боккхучу кого, Хьо яха юьтур ю заз доккхуш парг1ат.
Тхан хьоме
Нохчийчоь лепа хьо! Б1аьстенан ломара к1ай зезаг санна!
Д1айели
стиглара 1аьржа дохк, Юха а хазбели сан Даймохк,
Барт хили
даха вай массо а ханна!
Хьора а хьан
меже лазийна т1амо, Лазийна хьох дог ца лозучу наха,
Амма хьан
турпалчу ондачу даго, Ницкъ бели денъйелла юха а яха.
Шелонан мохо
хьан лоькху и ярташ, Къемат де х1оьттина лаьтта и шахьаш,
Нисъйелла
д1ах1итти лепайеш яххьаш, Кхане а схьакхечи вайна ирс дохьуш.
Тхан хьоме
Нохчийчоь еза хьо! Генахь я гергахь хьо тхуна йиц ца ло,
Цкъа а ма
дезийла къаста хьох, хьай берийн дегнаш ахь дина дох,
Хьога безам
шел ца бан дагца ч1аг1о йо.
checheninfo.ru