Хеда Хамзатова – Ирс ду.кха . (Эстрада. Видео.). Серия: "Лучшие клипы чеченской эстрады".
Текст песни и видео:
[media=http://www.youtube.com/watch?v=tSZvHpSoYfg]
Ирс ду-кха хьомечу
Даймехкан лаьттахь,
Хьан ваха
йиш елахь диканца маьрша,
Вист хила
некъ белахь хьайн ненан маттахь,
Я кийрахь
дог дацахь к1ора санна 1аьржа.
Ирс дукха
лахвалар юххе шен нанна,
Эшамаш биц
бина цуьнга ладоьг1на,
Я хаза
хетийтар муьлхачу цхьанна,
Кхоьлинчу
б1аьргаш чу серло а тоьхна.
Ирс ду хьан
тешаме доттаг1а волчохь,
Сада1а хьо
хиънехь белш белшах тоьхна,
Ден милла во
эшна хоьттича холча,
Д1ахьада
ницкъ белахь ца хьаьвзаш воьхна.
Ирс ду-кха
безамо 1ийжабар кийра,
Сих-сиха
мерзачу набарха вогуш,
Я бай т1ехь
зезагаш, я стигал сийна,
Седарчий
хьан хержа йиш елахь богуш.
Ирс ду-кха
къастадар вон, дика вовшех,
Дуьненна
хьийзарехь кура ца волуш,
Гора я1 дахар
вай доца ду доца,
Д1адоьду
сихаллехь вай вовшех дохуш.
checheninfo.ru