ДАЙДЖЕСТ: |
Нанас иштта олура бохуш дийца долийра нохчийн ненан барх1 к1антах цхьамма, шен ненан къамел,
цо дахарехь шел т1аьхьа шайца даха дитина хьехарш а.
Хьаван итт доьзалхо вара, ши йо1, барх1 к1ант.
Уьш х1ора а, цхьаъ бен воцу доьзалхо санна ша тайпа дукха везара нанна, х1оранне а амалх кхетара, х1оранна а, д1алоцу долчу аг1ор шатайпа дора цо хьехар бохуш дуьйцура к1анта.
Доьзалехь коьртаниг да ву, амма ненан хьехар, къамел, ненан амал, берана б1аьра хьалха сица а, дуьсуш ду, нанна к1еда мерза шатайпа аьхна хьехам-кхетам бала хаьа шен сих схьаваьллачу шен доьзалхочун.
Ша кlелйисина меттахь йолуш шен доьзал шена гонах ц1а гулбелча царна хьалха уьш кегий болуш ма-барра хьехамаш бора нанас, амма хlара т1аьхьарлера хьехам ша д1аяьлча тхуна оьшунберг, тхоьца даимна а хила безашберг бара, оха тхайн т1аьхьарчу т1аьхьенна а, доьзалийн а, кхетаме д1акхачо безаш берг а бара. Варийлаш, хьарам-хьанал къасто хаалаш, к1еда-мерза хилалаш, г1ийлачуьнга хьовсалаш, дагчу куралла сонталла ма йоссийталаш, нахана тешаме а, шайна уллохь тешам болу нах а лахалаш, вовшашна юккъе эвхьазло ма йолийталаш, шу дерриге а цхьана куьйган п1елгаш санна цхьаъ ду шуна, барт боцчу доьзалехь ийман беркат ца лаьтта шуна бохуш дора нанас шен доьзална хьехарш. Ткъа нана тахана йоцуш ю, амма цуьнан доьзална цуьнан хьехар шайн дахарехь х1ора а, денна оьшуш карадо.
К1ентан дог доьлху ненан хьехамаш буьйцуш, ладуг1учун а, б1аьргаш хих бузу.
Хьавана Дала гечдойла!
Х1ора а нохчийн х1усамехь кхуьу йо1 Хьава санна оьзда сийлахь нана хуьлийла, х1ора а нохчийн ненан к1ант шен ненан хьехам суна бовзийтинарг санна яхь йолуш, оьзда дех-ненах схьаваьлла къонах кхуьийла!!!
Виситаева Тумани
АРМЕНИЯ. Авиакомпания Armenian Airlines соединит столицы Армении и Грузии
АРМЕНИЯ. В Турции призвали Азербайджан и Армению воспользоваться историческим шансом
АРМЕНИЯ. В столкновении поезда с машиной в Армении виноват водитель – ЮКЖД
АРМЕНИЯ. Карабах частью Азербайджана признал депутат правящей партии Армении
ВОЛГОГРАД. Фанаты Сирии устроили антиамериканский митинг перед матчем в Волгограде
АСТРАХАНЬ. Депутаты Думы Астраханской области поддержали ряд изменений в налоговое законодательство
АСТРАХАНЬ. 68% бюджета Астраханской области на 2025 год направят на социальную сферу