ЧЕЧНЯ. @old_man_095 пишет:⠀ Старейшему национальному печатному изданию Чеченской Республики - республиканской газете «Даймохк» (Отечество) @daymohk_gazet сегодня исполнилось 97 лет. Газета «Даймохк» - это единственная в мире газета, выходящая полностью на чеченском языке! Газета «Даймохк» - это один из главных хранителей и популяризаторов чеченского языка! Газета «Даймохк» - это гордость чеченского народа! ⠀
Поздравляю с этой внушительной датой всех читателей и всех, кто работал и кто сегодня продолжает трудиться в этой замечательной газете под руководством главного редактора Бувайсара Шамсудинова. ⠀
Оцу бехачу новкъахь нохчийн халкъаца цхьаьна баланаш ловш, цуьнца хазахетарш-халахетарш а, дика-вон а доькъуш, къоман историн, культурин гIортор а хилла, гIиллакх-оьздангаллин гIарол а хилла, таханлерчу дийне схьадеана газет. Редакцин коллективехь тахана болх беш бу нохчийн мотт безаш, цунах доглозуш болу къона журналисташ, газетан тешаме накъостий хилла схьабогIуш бу нохчийн журналистикин ветеранаш. Цара денна къахьоьгу кхузаманхошна нохчийн меттан сийлалла йовзуьйтуш, къоман гIиллакх-оьздангаллех лаьцна яздеш, цIенчу нохчийн маттахь дуьненахь а, махкахь а хуьлуш болчу хиламех дуьйцуш, тIекхуьучу тIаьхьенна ненан мотт марзбеш. Аса даггара декъалйо «Даймохк» газетан редакцин коллектив оцу дезачу денца а, иштта, Нохчийн меттан денца а. Тахана санна нохчийн меттан, нохчийн халкъан дуьхьа къахьега Дала ницкъ, ийман, собар, доьналла лойла шуна! ⠀ ⠀