Вог1у со самукъадаьлла сай делла, Вог1у со дуьненан мерза хьаша хилла, Ойла сан хьо йолчохь хьийза, сан са хьийза, Хьан ц1арца массо а х1ума ас безамца лору.
Хьоьжу со, хьан декъе яхан те сан езар, Хьоьжу со, сан б1аьргаш х1уьтту лоьцуш куц хьан, Зезагийн курс кховдийна, леррина хьаьжина, Хаттар ду хьоьга сан – реза юй аьлла, Эхь хеташ б1аьргаш лечкъош, беснеш ц1е йелла, Хир ю хьо, хаьа суна г1иллакхе яьлла.