Просмотров: 1 787
Текст песни и видео:
[media=http://www.youtube.com/watch?v=VGE505-X2C0]
Юха а гира
суна хьо готтара тийна,
Юха а б1аьрг
т1е б1аьрг а х1оттийна,
Кхин гур яц
моьттийна хьо сайна гина,
Хьоьга со ца
1ебаш ма хьоьжу тийна.
Хьо
гучуйаларца са маьлха долу,
Мел гинарг
дага дог1у, мел лайнарг дицло,
Кхоьлина
лаьттина б1аьрг серла болу,
К1ай хаза
т1е йолу, и г1айг1а йицло.
Сирлачу цу
батте со хьоьжуш санна,
Веха со хьежала
садетташ хьоьга,
Дарбане
синтем луш лаьцначу дагна,
Хьан
б1аьргаш баттал а эсала догу.
Мел йоккху
хан ас хьоьца йоккхуш,
1ийр вар-кха
валлалц а со хьоьга хьоьжуш,
Хьуна т1е
боьлна б1аьрг т1ера ца боккхуш,
Дуьненан
маь1на хьан б1аьргаш чохь лоьхуш.
checheninfo.ru