Текст песни и видео:
[media=http://www.youtube.com/watch?v=-XHEUxF4cZM]
Ахьам соьга
элира йицлур яц цкъа а,
Сан дагца
ехар ю мел веха со,
Ас цуьнца
дийхира сайх хетар къа а,
Дахарехь вай
цхьана кхеташ ца го.
Ойланца
даима веха хьо соьца,
Мичахь ю сан
хаза къоналлин хан,
Йоккхайеш
иттачу некъашца соьцу,
Хала бен
къасталац йиларна чан.
Буьйсанна
седарчий хьистинчу б1аьргийн,
Лилинчу
шераша дайи те нур,
Амма дог
деттало безамах хьаьгна,
Х1инца а вайца
бу къоналлийн мур.
Ахьам соьга
элира доцуш цхьа доза,
Даггара езаш
ву даима хьо,
Бераллехь
ницкъ бацара къайленаш йовза,
Тахана хьан
ши б1аьрг кхоьлийна го.
checheninfo.ru