Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Шарпудин Исмаилов. Иштта хьуьнар духу хьуна . (Видео)


Просмотров: 995Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Текст песни и видео:

[media=http://www.youtube.com/watch?v=DI2EpLVtUPk]

Ма йолахьа
хаза суьйре 1аьржа бода хьайца бохьуш,
Бода боьлла
чу дирзича хьаьгна дой ца го тхуна,
Ма йолахьа
хаза 1уьйре, малх схьакхеташ серла йолуш,
Серло яьлла
ара девлча мерза уьйраш ца го тхуна.

Ма кхетахьа
х1ай дашо малх серла бали кху дуьненчу,
Серла баьлла
хьо схьакхетча эзар ойла ахь тхан йойу,
Ма ялахьа
хаза б1аьсте толой, хазлой кху дуьненчу,
Хьо хазйелла
еана кхаьччи тхан дегнашка хьо ца лало.

Ма толойша
х1ай аренаш сийна духар шайна духий,
Шу сенъйелла
д1ах1иттича б1аьргех долу хи ца соцу,
Ма уг1лахьа
х1ай ора борз сел г1ийлачу цу узамца,
Г1ийла аз хьан
лере деача хьай доттаг1ий карла буьйлу.

Ма тебахьа
х1ай ц1оькъа лом хьо къанделча цу ирзона,
Иштта аьтто
буху хьуна т1аьхье йоцчу къонахчунна,
Ма г1ертахьа
сурхал леча хьо къанделча моха йилла,
Иштта
хьуьнар духу хьуна доьзал боцчу дикчу к1ента.

Ма г1ертахьа
х1ай сира сай хьо къанбелча цу г1елашна,
Иштта аьтто
буху хьуна шен во1 воцчу воккхачу стеган,
Ма г1ертахьа
сира кхокха хьо т1ам бойча стигал бала,
Иштта хьунар
духу хьуна ваша воцчу цхьалхачуьнна.

Источник: moygrozny.ru


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"