14-04-2023 Просмотров: 3 243
НОХЧО
Хастам хьуна, Йа Аллах1,
Нохчий къам кхолларна,
Шира иза массерал
Дуьненчохь хиларна.
Хастам хьуна, Йа Аллахl,
Тоьлла мохк баларна,
Дуьнена ЙАЛСМАНЕ -
Кавказан Дегlаста.
Хастам хьуна, Йа Аллахl,
Гlилкхаш тхуна даларна,
Къаьмнашна юккъехь тхо,
Уьш бахьнехь къастарна.
Хастам хьуна, Йа Аллах1,
Тоьлла духар даларна.
Кьоман тхан сий айдеш
Кьегина тхо гайтарна.
Хастам хьуна, Йа Аллах1,
Тоьлла Дин тхуна даларна.
Исламанан герз хилла,
Г1овс цуьнах кхолларна.
Хастам хьуна, Йа Аллах1,
Пайхмар тхуна ваайтарна.
Цуьна когара холхузаш
Тхан кортошка тиларна.
Хастам хьуна, Йа Аллах1,
Йахь тхуна йаларна.
Къонахой йуьхь ца хуьлу,
Оцу суьртехь ца хилча.
Хастам хьуна, Йа Аллах1,
Тхан къиношна са тохарна.
Жоьпе даха ницкъ боллушехь,
Собаре хьо хиларна.
Хастам болу, Йа Аллах1,
Цхьа дехар дайтахьа.
Луьра дебна доьхна г1иллакх
Къам ц1андеш д1а даккхахьа.
Хастам болу, Йа Аллах1,
Къахьа делла х1ара Дуьне,
Нах боцу нах дебарца,
бех до хьан ирзош.
Хастам болу, Йа Аллах1,
Д1а вигча ахь Эхарта,
Оцу тайпан ох1лошца,
Ма делахь тхуна лулалла.
07.02.2023 г. Наша справка: Назма – это одновременно и стихотворный текст на религиозную тему, и вокальное, хоровое исполнение этого текста. По традиции, назмы исполняются после зикра или мавлида.
checheninfo.ru