Просмотров: 4 835
Насуханов Мурад Абдулмуслимович. Г1ордало. 1982 года рождения. Гудермесский район с. Н-Нойбера.
МАХКАХ ДОХУШ БЕРИЙН ХЕТТАРШ. 1Вайга мохь хьа бетта?
Арахь герз хьа детта?
Вай дадех мила лета?
Нана д1а хьажахьа.
Массарелла ша онда,
Майра волу вай Дада,
Цара чеха веш онда,
И х1унда тоьтту д1а?
2Вай чеха х1унда до?
Вайна дов х1унда до?
Вай д1а х1унда х1итта до?
Дада ахьа алахь?
Кху шийлачу 1уьранна,
Чехош ара вай даьхна,
Юьрта йисте далина,
Вай х1унда гулдина?
3Вай мича дуьгуш ду?
Вай х1унда дуьгуш ду?
Вай ма гена дуьгуш ду?
Дада, ахьа алахьа ...
Кхо де-буьйса д1а дели,
Варх1 де-буьйса д1а дели,
Вайна некъ ма бах бели,
Вай д1а х1унда ца кхечи?
4Дада тхо ма меци ду,
Дада тхо ма шеллуш ду,
Дада тхо цамогуш ду,
Дада орцух валахьа,
Дадас букъ тохара,
Юьхь т1е куьг хьоькхура,
Г1ийла Нана йоьлхура,
Да амал дацара.
5Нана ма елхахьа,
Дада схьа верзахьа,
Тхо меци дац шуна,
Тхо шеллуш дац шуна,
Вай ц1а дуьгура ма ду,
Вай х1усмехь дохлур ду,
Вай бепиг лохура ду,
Вай кога х1уьттура ду.
6Со вина де кхечира,
Со г1ан набарш 1ехира,
Со ц1ахь вазвеш ма гора,
Со Дадас хьоьстуш гора,
Белхарш сама ваьккхира,
Ирча кхаа баьккхира ,
Салти чу баьхкира ,
Дада наь1ре ваьккхира.
7Дада сама валахьа ,
Дада б1аьрг беллахьа,
Дада хьо вист хилахьа,
Дада тхоьх ма къастахьа,
Кийрахь тхай бала къуьйлуш,
Къайлах тхай Нана йоьлхуш,
Доьду тхо дог доьлхуш,
Г1ийла тхай Даде хьоьжуш.
8Г1ийла наь1 йиллира,
Маьлхан серло кхитира,
Тхайна йилли моьттура,
Дада чу карчира.
Нанас мохь хьоькхура,
АЛЛАХ1-ДЕЛЕ кхойкхура,
Тхо шен мара къуьйлура,
Шена собар доьхура.
9Кхи цкъаа гур воцуш,
Т1е х1итта барз боцуш,
Лела тхо дадех дуьсуш,
Г1енах гаре са туьсуш,
Г1енаш наггахь тем бора,
Амма самах ца гора,
Мел хаза дарах да х1ора,
Дада виц ца вора.
Насуханов М. А.Еха буьйса!
1
Маржа-я1 хьо, еха буйьса,
Хьалхара беттан, шийла буьйса,
Сан мерза наб, соьца къовса,
Сан са даа, еа хьо тховса?
2
Лазаро онда, лаьцча д1а сой,
Лаамца аса, са а ма туьйсу,
Цамгаро со, вожийна а гой,
Са хьал цхьаммо,соьца ца къуьйсу.
3
Х1ай шаралла, яхъелла буьйса,
Ахь сан лозучу, даге х1у дуьцу,
Х1ай дарц даьлла,буьрса буьйса,
Ахь мехашца, х1у дарба дуьцу.
4
Да-виса хьа х1ай, еха буьйса,
Мацца цкъа а, ера юкх хьо чекх,
Эшна сан дег1, диси са тийса,
Бохуш мацца, дер дукх хьо текх.
5
Дахарехь сан, дахара денош,
Вехаш соьгара, эгаш къинош,
Деле кхойкху, дохко вуьлуш,
Геч дар доьху, эгаш б1аьра хиш.
Насуханов М. А.
checheninfo.ru