Просмотров: 11 719
Зама хьо-м д1айоьду хоьрцуш хьайн денош,
Адамийн кхолламца дазийна уьш,
Ахьама ца оьшу йагаръян хенаш,
Бух боцчу йохаллин ойланаш еш.
Ткъа суна-м ца хета сайн оьмар еха,
Денош а, шераш а ву дагардеш,
Делахь а, со хьоьца барт болуш веха,
Цхьанне а ца гойтуш ч1е1амаш беш.
Цкъа ахьа-м тешийна, 1ехийра кхоччуш,
Суо нуьйрахь ву суна мотта а луш,
Хенаца кхетийра б1аьргаш а бостуш,
Со вуйла сомаха хаза г1ан гуш.
Берг тухуш ловза а лилхира бекъа,
Хьоьгура мелла а гена некъ бан,
Кхолламо велаво, човхаво цкъацкъа,
Хоуьйтуш некъ боций ша хьехнарг бен.
Сайнчулла дуьне а теллира аса,
Маьхкаш а, къаьмнаш а кхиира ган,
Даймехкал хаза мохк кара ца бира,
Ирс дериг хиира буйла шен бен.
Рицкъа а доьг1нарг бен хир доций хиъна,
Кхиъна ву долчуьнан хам-пусар деш,
Йоккху хан юьхь ларъеш яккха г1иртина,
Йиш-ваша, доттаг1ий реза а беш.
Кураллаш еттачийн х1ун хьала даьлла,
Х1ун хьур ду лахьтийчу марчонал сов?
Кхаьънаш а оьцур бац цигахь цьаммо а.
Г1ур а вац цу чуьра даьстина ков.
Дуьне-м ду цхьатерра деза кхоьллина,
Дахарехь оьшуриг дерриг а луш,
Амма вай бахамша вовшех хердина,
Дуй теша чаккхенан ойла вай еш?!
22.10.2020 шо. /Казбек Янсуков/
checheninfo.ru