Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Казбек Янсуков. "Нана, йог1у хьо г1ан хьаста сан" (Байташ).


Просмотров: 9 015Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Казбек Янсуков. "Нана, йог1у хьо г1ан хьаста сан" (Байташ).

ЧЕЧНЯ.  

Догучу седарчех тарделла шераш,
Д1ауьду це йетташ дахарах вайн,
Ца йицло нана ахь хьистина хенаш,
Эсала мара со къийлина хьайн.

Нана, ахь хан йаларх со виц ца вина,
Йелалой йог1у хьо г1ан хьаста сан,
Хир дуй-те сибат а кхин томехь гина…
Аьхна аз лерера ца долу хьан.
Хьо йеъна буьйсано декъала варна,
Сам валан ца лаьа, к1ордадац г1ан,
Г1енаха делахь а воккхавоь гарна…
1уьйрено хадор-те марзонах хьан.

Иттаннаш шераш хан д1айахна генна,
Шо-шаре уьзашша-м т1едебаш ду,
«Жиманиг» - бохуш ахь хьистинарг денна,
Эхартахь хьо гаре сатесна ву.

Оьзданга г1иллакхаш девзара хьуна,
Уьш иэсехь лардина, кхобуш ас ду,
Хьан аларш хьесапо дагардо денна,
Хьехамаш х1инца а некъ гойтуш бу.

Кхолламо-м ца хаьтти: муьлха некъ тайна,
Бес-бесар хийцамаш дуьненахь ги,
Безначех д1акъестар даго ца лайна,
Хан йахйар ца доьху вайн Деле кхин.

«Тоам бо, хастам бо» - даггара аьлла,
Аллах1ан кхиэлана реза со ву,
Кхоьллинчо Шен боккха къинхетам белла,
Фирдовсе хьаналйар синлаам бу.

Хаьштиган шед йетташ, буолар сихдина,
Оьмар йу чекхйала сихйелла сан,
Т1аьхьа ван реза ву-кх дуьне дицдина,
Хилчхьана эхартахь сан йиш хьо ган.

25.07.2023 шо

Источник: Gordaloy.ru (Казбек Янсуков. "Нана, йог1у хьо г1ан хьаста сан" (Байташ).)


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"