Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Ш. Оздамиров “Зеламха волчохь”. Байташ


Просмотров: 10 996Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Ш. Оздамиров “Зеламха волчохь”. Байташ
Вайн Даймохк маршонах хьегочу хенахь,
Харцонна дуьхьала лаьттина доттаг1а!
Мел буьрса хиларх и, хиларх ша генахь,
Декъазчу шен новкъа ваьккхина мостаг1а.

Нийсачу хьан тоьпан болатан чаппаг1а
Сан лерехь шок йетташ кхийса ма ло,
Т1аьххьара са д1алуш йерина лаппаг1а
Сан иэсан ч1аг1онехь къийса ма ло!

Ца хилла хьан дахар синтеме, маьрша,
Хьайн дуьхьа ца ваьхна, диэбадеш хьал.
Х1ора а Даймехкан чакхарма, аьрша,
Ницкъ ма-ббу ларбина х1ора а б1ал.

Схьавалар жимачу Харачахь хиларх,
Дуьненан маршонехь йаьккхи хьан ц1е.
Парг1ато къуьйсучийн байракх а хилла,
Лийрбоцчийн экъанна вели хьо т1е.

Мискачийн меттамотт, г1ийлачийн г1овла!
Буоберех къахеташ кхийдийна куьг
Веъна со хьо волчу доггаха къовла,
Зама хьан х1олламехь йаккха цхьацуьрг.

1аьржа дин, бакъ гила, тешаме аг1о
Лаьтта ша идийна некъ багарбеш,
Хер йоккхуш, йохаеш мостаг1чун ч1аг1о
Ц1е йолчу хиламийн декъашхо, теш!

Цкъа х1етахь, буьйсанна, тхан йуьрта вог1уш,
Буоберийн ков-керта нисбелла дин,
Даржийнчу б1араш т1е шен бергаш йохуш,
Беречун лаамца кевне кхевди.

Динара воьссина, уьйт1а мохь тоьхна,
Шегара доьжначух къера хили.
Г1иллакхехь вистхилла, хьоле ладоьг1на,
Зиэ хилларш 1абабеш, даьхни дели.

Зеламха, хьан хьуьнарш хьехор ду хийла,
Тоьллачийн масалш т1ехь кхуьур ду къам.
Хиллехь а дахар хьан сов къаьхьа, г1ийла,
Нохчочун амалехь бу хьо цхьа лам!

Парг1ата вижар йа г1аттар а доцуш,
Дег1аха ца хербеш мажаран мукъ,
Леринчу некъана нацкъар ца волуш,
Къармаза текхий ахь заманан дукъ.

Нийсачу хьан тоьпан болатан чаппаг1а
Сан лерехь шок йетташ кхийса ма ло,
Т1аьххьара са д1алуш йерина лаппаг1а
Сан иэсан ч1аг1онехь къийса ма ло!

07.10.2021 шо.  (Ш.А.Оздамиров)


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

НОВОСТИ. Дайджест

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"