Просмотров: 1 590
ЧЕЧНЯ. Г1оьрдалахь ваьхначу Хусихажиев Саламун (Дала гечдойла цунна) ден да хилла Хьуьсихьаьжа. Советан 1едал т1едог1уш бинчу т1амехь кхелхина иза. Ша дуьххьара ваха хууш, хьокха тухуш, - алара баккхийчара, - до1а дина хилла цо. "Я Аллах1, Хьаьжин ц1а б1аьрга а гайта Ахь, г1азотехь валар а ло Ахь", - шена аьлла.
Цу заманахь х1инцачул а хала хилла Хьаьжин ц1а ваха: г1аш я говрахь боьлхуш хилла, некъ а тешаме ца хилла. Амма Хьуьсихьаьжин ницкъ кхаьчна (Делан пурбанца) цига ваха.
Цул т1аьхьа вай лакхахь хьахийна т1ом баьлла. Цу т1амехь, кхиболу шен юьртахой санна, дакъа лаца вахана Хьуьсихьаьжа. Цигахь кхалхар а нисделла цуьнан.
И т1ом Аьхкинчу-Борзехула хьала, Хьашта-Махкахула хьала хилла бу. Цу т1амехь дуккха а г1ордалой кхелхина. Царна юкъахь ву Хьуьсихьаьжа а, вайна хетарехь, Дала шен до1ина жоп делла хилла волу. Дала шайн даржехь совбохийла уьш, Дала вайна шапа1атан дай бойла царех. Амийн.
Оздамиров Ш.А. (09.06.22 шо).Источник: Гордалой.ру
checheninfo.ru