Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Г1оьрдалара 1исханан Мозин к1ант Чаьнта.


Просмотров: 2 429Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Г1оьрдалара 1исханан Мозин к1ант Чаьнта.

1исханан кхо к1ант хилла: Алчаг1ар, Дуьзи, Моза. Г1оьрдалахь уьш баьхна 1ежиган некъенан йуккъехь Халимов Халид ваьхначу керташкахь. Алчаг1ар Г1оьрдалахь 25 шарахь йуьртан да лаьттина алара баккхийчара. Йуьрте дика хьожуш, доьналла долуш, х1айтъаьлла стаг хилла иза. Буьйсанна т1аьхьо ара а волий, волалуш хилла иза йуьртахула само йеш. Цхьанхьа доьлхуш бер хезча, корах шедан кхаж а тухий, цо олу бахара: «Х1ей, самадовла! Бер доьлху шун!». Алчаг1аран т1аьхье х1инца Гуьмса-Г1алахь йехаш йу – Атангериевг1ар.

Дуьзи шен доьзалца, йурт йуза йолайелча, кхиболу йуьртахой санна, Г1ордалойн Хьаьшта-Махка кхелхина вахна. Сибрех диггалц цигахь баьхна уьш. Х1инца цуьнан т1аьхье Нойбоьрахь йехаш йу – Межидовг1ар, Закриевг1ар, Шахидовг1ар.

Мозин к1ентий хилла Чаьнта а, Мит1а а, Саь1ид а (Со1дулла). 1867 шарахь динчу д1айаздар (перепись) т1ехь 638 аг1он т1ехь 8-чу лоьмарца базбина бу церан доьзал:

  • Муза Исаханов  -  45 шо, жена Балсиат  -  40 шо.
  • Сыновья: Мита  -  15 шо, Саъду  -  13 шо.
  • Дочери: Кархан  - 12 шо, Дашихан  - 5 шо.
Цу хенахь Мит1ин 15 шо ду, Саь1идан – 13, ткъа Чаьнта тептар т1ехь вазвина вац. Х1етахь иза доьшуш ц1ахь ца хилла хила тарло, йа иза цавазваран кхин бахьана хила а тарло. Делахь а Чаьнтин Г1оьрдаларчу Ведант1ера кешнашкара чурта т1ера йозанашца а, маьждиг т1ехь цуьнан ц1арах болчу т1улга т1ехь а, иштта баккхийчеран Муцаев Чхьачин а, Шеиев Ша1манан а хаамашца а билгал ду – Чаьнта Мозин к1ант хилар.

Ведант1ерчу кешнашкахь цуьнан чурт Аюбов Зайнулларна нийсса дуьхьал кешнийн кертана дукха гена а доцуш (иттех г1улч) лаьтташ ду. Чурта т1е 1аьрбийн маттахь йаздина иштта дешнаш ду: Х1ара кошан билгало йу к1орггера 1елимстеган, бода къахкош нур лучу седанан санна, жах1лаллин бода шен 1илманца д1аойъуш хиллачу Мозин к1ентан Чаьнтин.

 
Иштта вай лакхахь ма-хьаххора, Чаьнтин ц1арах т1улг бу Г1оьрдаларчу ширачу рузбанан маьждиган момсар т1ехь малхбалехьа, 3-4 г1улч хиллал лаьттара хьала б1аьрг тоьхча гуш. Цу т1улга т1ехь а билгал ду Мозин к1ант Чаьнта 1елимстаг хилла хилар.

Чаьнта баккхийчара хьехавора шайн къамелашкахь. Аренца дешна цо. Иза дешна а ваьлла ц1а вог1учу хенахь Хоьшкалдарчу авлийаъо цунна т1аьхьа а хьаьжна аьлла бахара: «Цхьана Делан дуьхьа Нохчмахкара накхармоза ма дургул эцна а боьду-кх хьо!».

Вайн махкахь дика вевзаш волчу 1елимстага Рег1ат1арчу Асвад-Хьаьжас масех шо хьалха Гуьмсерчу доккхачу маьждигехь рузбанехь сайна баккхийчара вуьйцуш хезна Чаьнта шен хьехамехь хьахийча дег1е зуз деара суна, шен йуьртахочух дика дош олуш хезча хьанна а дог1ур долу. Шелара Сух1айб-Молла а, Ачаршкара Баьчча-Молла а, Г1оьрдалара Чаьнта а шайн заманахь уггаре а к1оргера 1илма долуш, баккхий 1еламнах хилла Нохчмахкахь, бохуш дуьйцура цо. Уьш аренца г1умкийн хьуьжаршкахь дешна хилар, цара вовшашка говзачу 1аьрбийн маттахь байташца йаздина кехаташ а даладора Асвад-Хьаьжас шен хьехамехь. Х1инцалерчу кегийчу нехан вайн махкахь 1илма г1ийла хилла бохучу харц кхетамна шен махкахь лелларг довзарца а, шегарчу к1орггерчу 1илманца а нийса жоп дара Асвад-Хьаьжас ладоьг1учеран кхиэле дуьллург.

Гонахарчу йарташкахь шар1ан цхьа хьукма къовсаме даьлча, Чаьнта санна болчу баккхийчу 1еламнахе кховдадора, бохуш дуьйцура баккхийчара. Иштта шайна хааре терра, цхьацца хилларш, йина кхиэлаш а йуьйцура цара.

Чаьнта дуьненчу ваьлла шо билггала хаьаш дац, д1акхалхар 1879 шарахь хилла цуьнан. Баккхийчара, ша шена до1а а дина, Деле д1авирзина хилла Чаьнта, бохуш дуьйцура. Шен т1аьхье ца йисна Чаьнтин, амма вешин Саь1идан т1аьхье х1инца а йолуш йу: Адамовг1ар >--  1ела – Сиражди – Вокка – Адам-Хьаьжа – Саь1ид (Чаьнтин ваша) – Моза – 1исхан.

Вайн Нохчийчоьнан исторехь бусулба дин даржорехь, иза кхиорехь йоккха лар йитна Сух1айб-Моллас а, Баьчча-Моллас а, Чаьнтас а, церан мог1арера 1елимнаха а. Уьш баьхна зама чолхе зама хилла, дуккха а шерашкахь шайн ц1ийнах а, ц1арах а бовлий 1илма 1амош хан йоккхуш хилла цара. Йуха шайн йарташкахь хьуьжарш а йохкий, беркате т1аьхьенаш кхиош хилла. Вайн махка дин дохьуш баьхкинчу авлийаъийн а, лакхахь вай хьахийначу баккхийчу 1елимнехан а беркат х1инца а вайна йукъахь лелаш ду. Ткъа вайн декхар уьш биц ца бар, церан бан ма-беззара лерам бар, т1аьхьенашна церан сирла некъ хазбарца бовзийтар ду. Дала динехь а, 1илманехь а, г1иллакхехь а совдоккхийла нохчийн къам!

Шемилбек Мазаев (01.06.2023) Гордали-Юрт

Источник: Gordaloy.ru (Г1оьрдалара 1исханан Мозин к1ант Чаьнта.)


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"