Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Г1оьрдалара Ма1азан Хьусайн (Молла)


Просмотров: 2 937Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Г1оьрдалара Ма1азан Хьусайн (Молла)
 
Ширачу заманахь дуьйна, нохчийн йарташкахь хилла йуьртана т1едеана дика-вон луьстуш, шайн г1уллакх-болх битина а, бахархойн хьашташна, кхачамбацаршна д1ах1иттина цхьа нах-х1айттархой. Уьш хьакъ бу шайн хьокъехь дош ала. Вайн таханалера къамел хир ду Ножин-Юьртан к1оштахь Г1оьрдалахь ваьхначу Ма1азан Хьусайнах лаьцна. Хьусайн суна, кхиболчу йуьртарчу кегийрхошна санна, сой дукха жима волуш вевзина. Цуьнца болчу лерамна "Молла" олий, ц1е йоккхура цуьнан баккхийчара а, кегийчара а. Советан 1едал долуш а, доьхначул т1аьхьа а йуьртахь дика-вон дерзош хьалхаваьлла вара иза даима а. Маьждигаш делла маршо йаьллачу муьрехь цо ондда къахьийгира, шена йуххе йуьртахой а баьхна, Советан 1едало склад а йина латтийна долу йуьртан шира маьждиг жама1ат-рузба д1ах1отто ваьшта далош. Ала деза, оцу дикачу балха т1ехь цуьнан Дала аьтто а бира.

Ахб1е шо гергга зама д1айахнера маьждиг т1ехь г1уллакх дан йуьртахойн бакъо йоцуш, цундела дан дезарш дуккха а дара. Кхин белхаш д1абололе хьалха маьждиг ц1андан дезара кхокхарчийн кхеллех, кхийолчу нехех. Йуьртахоша дакъа а лоцуш, и болх а чекхбелира. (Тхо х1етахь школехь доьшуш дара, наггахь мокъа хан нисйелча, тхо а дуьгура хьехархоша цу балха т1ехь дакъалаца).

Самукъане хан йара иза. Иттаннаш шерашкахь динна маршо йоцуш баьхна нах, ц1еххьана и маршо йелла а йелла, цуьнах баккхийбеш, кхоэ хилла беха хан! Массо а вара к1езиг лаьцна а оцу дикачу белхашна т1ехь дакъалаца даггара лаам болуш, шен ницкъе, тароне хьаьжжина.

Маьждиг ц1андина даьллачул т1аьхьа коьрта белхаш д1аболийра. Арахьара чхо керла т1ейуттуш ч1аг1йира, момсар, кхин а айъа а ойъуш, карлайаьккхира. Маьждиган а, момсаран а тхевнаш айъира, хийцийра. Чуьра лаьттара а, тховх хьала тоьхна долу а аннаш карладехира, пенаршна кир-сир дира. Доцца аьлча, хила ма деззара, чохь жама1ат-рузба кхочушдан таро йолуш, д1ах1оттийра маьждиг. Иза, цкъа делахь, йуьртара бахархой барт болуш хилар а дара, шолг1а делахь, хьалхаваьлларг шех нах тешаш, ша арабаьккхина некъ х1ун некъ бу а хууш, иза вовшахтоха а, д1абахьа а хьуьнар долуш стаг хилар а дара.

Бакъдерг аьлча, кху йуьртарчу бахархойн бакъо а йацара Дала йеллачу цу маршонехь ишттаниг ца деш 1ан. Уггаре а хьалха Аллах1ан ц1а дара иза, т1аккха, Цу Аллах1ан дин даржош, д1акхайкхош баьхначу йуьртарчу дикачу нехан, 1еламнехан (Асандар, Асанча, Арскхай, 1аьрби-Хьаьжа, Кама, Ийдал, Чаьнта, Уди-Молла, Джебир-Хьаьжа, Яса1, Заьмца, Ше1а, Мусаьннип, Илес, Оьздамар, Ислам, 1аба, Нехчахан, 1умар-Хьаьжа, Муршиди, 1абдулмежидан Мухьаммад, Сайд, Исламгери, 1абдул-1аьзим, Цуьцмиг) хьурмат дар а дара иза, церан хьехамаш наха схьаэцар, дукхахьолахь, кху маьждиган минбарера хилла дела.

Т1екхечира массара а шега сатийсина долу де. Иза дара 1991-чу шеран 1аьнан  йуьххьехь. 1944-чу шарахь нохчийн къам махках даьккхичхьана ч1аьг1на долу Делан ц1а схьадоьллу де дара иза. Х1ара маьждиг дуьххьара доьг1нера 19-чу б1ешарахь ламанан чхернех чхо а, пенаш а дуттуш, ондда. Цул т1аьхьа цхьа зама йаьлча, йуьртахоша Дег1астанара Хасовн-Йуьртара стерчийн ворданашца йеттина кибарчиг а кхоьхьуш, гонаха иза а йуьллуьйтуш, кечдинера, шайн аьттоне, тароне а ца хьоьжуш, Делан динцв шайн йолу марзо гучуйоккхуш.

Кху беркатечу гуламе баьхкинера дуккха а хьеший, гонахарчу йарташкара а, арент1ера а. Алссам дика 1амалаш гулйелира цу дийнахь: рузба кхочушдар, саг1а даккхар, зикарш дар, бусалба наха вовшашка салам-маршалла хаттар, луларчу йарташца гергарло ч1аг1далар, арент1ехь бехаш болчу г1ордалоша шайн жимачу Даймахках ирс эцар, иштта д1а кхин а.

Кху маьждигехь а, йуьртахь а имамалла леладар къаноша т1едиллира Ма1азан Хьусайнна. Т1едиллира цуьнгахь и дукъ д1алело хьекъал а, кхетам а, хьуьнар а дуй шайна хаьа дела. Ткъа цо иза, к1ад а ца луш, везавер а доцуш, йуьртан барт а ларбеш, беркате д1а а кхийхьира.

Моллин кхин а йара говзаллаш. Ша вехачу кертахь йина пхьалг1а йара цуьнан. Цу чохь цо бора эчигах тайп-тайпана дахарехь адамашна оьшу г1ирсаш, говрашна ленаш а дой, уьш д1а а тухура.

Уггаре а коьрта цуьнан говзалла йара т1арийкъатан белхан, зикаран ох1ла хилар. Дела хьехор доло а хаьара цунна, дерзо а хаьара. пайхамарех, авлийаэх, динах лаьцна асаре назманаш олура. Иза йукъахь волу зикар цхьа шатайпана шовкъе хуьлура. Баккхийчара олура: "Д1аолуш лаьтташ назма йоккху Моллас", - олий. Моллин гергарлонаш дара гонахарчу йарташкахь: Куьрчалахь, Ц1оьнтарахь, Бенахь, Энганахь, кхин дехьахь а. Цигара мурдаш Г1оьрдала схьа а бог1ура, кхузарнаш цига д1а а боьлхура мовладе, саг1ане.

Йуьртарчу муридашца дехьахь-сехьахь зикарехь нисдалар хилла вайн а, Молла хьалха а волуш. Ц1оьнтарахь цхьа хьаша, гергара стаг вара цуьнан, 1абдул-1алви ц1е йолуш. Х1ара санна назма дика олуш вара иза а. Цаьршимма цхьаьнакхетча олуш хилла цхьа назма х1инца а вайн дагалецамашкахь йу. Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дикачу накъостех Абубакарх, 1умарах, 1усманах, 1елех (Дела реза хуьлда царна), вайн махка дин дохьуш баьхкинчу баккхийчу авлийаэх лаьцна йара иза.

Шиммах цхьамма йолайора назма, мукъамехь: Абубакар ма хилла.
Вукхо цуьнан хазачу амалх, г1иллакхех лоций дехха дагардора.

Иштта, х1ораннан ц1е а йоккхуш, цуьнах лоций дийца а дуьйцуш, д1айоьдура шина говзанчин назма. Ма ч1ог1а беркате т1е1аткъам а бора-кх ишттачу назманаша х1етахь тхан кхуьуш бог1учу кегийчу кхетамашна! Ма йоккха йал йаьккхина а бахана-кх уьш Далла дуьхьал! Ма эрна дуьсур дац-кх Делан дин довзийтаран, хаздаран дуьхьа лелийнарг!

Йукъ-кара арент1е дахар а нислора тхан йуьртан автобус т1ехь цхьаьна. Цкъа, цхьана дийнахь,  Даьрг1а кхайкхина ду аьлла, цига дахара тхо. Тхо кхайкхинарш хьанала къахьоьгуш, накхарш лелош нах хиллера. Цигахь дуьххьара гина суна йаккхий фляганаш, чохь йуьззина моз а долуш. Хьаша-да ч1ог1а лоьруш нах а хиллера уьш. Цигара девлча, вай х1инца Гуьмсе даха дезаш ду, аьлла, г1ордало Кимаев Нурид-Хьаьжа волчу зикаре дахара тхо. Цигахь вевзира вайн махкахь а г1араваьлла хаза назманаш олуш волу Шелара Юнус. Нурид-Хьаьжин хьаша хиллера иза. Иштта дика нах бовзар а нислора дикачу нахаца араваьлча.

Цхьана хенахь Г1оьрдалахь баьхна болчу, х1инца Дег1астанахь Аксай олучу йуьртахь бехаш болчу Юнусг1еран х1усамехь а хилира тхо. Цигахь зикарш а дина ц1а дог1уш, Къеди-Йуьртахь бехаш болчу г1ордалойн Дубаев Саламуг1еран х1усамашка а кхечира, Саламу Хьаьжин-Ц1ера ц1а веъна аьлла, хьаж къобул а деш. Хьал-де хаьттинчул т1аьхьа, тхо ц1а дахка тохаделча, ч1аг1о а йина совцийра тхо, йуучух а кхетна бен г1ур дац шу, аьлла.  Ламазан хан а йара герга. Цхьаболчара ламазаш карла а дохуш, бисинчара г1еххьа тем а беш, к1езиг хан д1айахара. Йуха массара а цхьаьна ламаз дира. Ткъа цу хенахь Саламуг1еран кертарчу кегийрхоша, сихха уьстаг1на урс а хьаькхна, йуучунна г1айг1а бира. Ламазаш д1адерзийначул т1аьхьа дукха хан йалале хьешашна йуург хьалха йилла йолийра. Иштта Саламу-Хьаьжас шаьш Хьаьжин-Ц1ахь долуш шайна гинарш, шаьш лелийнарш а дуьйцуш дика хьошалла дира тхуна. Саг1ех а кхетна, дукха хье а ца луш цаьрца 1одика а йина, лома хьала Г1оьрдала боьду некъ йуьхьарлецира оха, беркатана новкъаца салот а дуьллуш.

Ораме хьаьжжина хуьлу дитта т1ера стом а. Молла Хьусайнаг1еран дай вайн махкахь дин даржош баьхкинчу авлийаъашца гергарлонаш долуш хилла бу. Хьусайнан воьалг1а да Бугин Эзарха Сесанарчу Воккхачу-Хьаьжина (Дала даржехь лакхавоккхийла иза) йуххехь накъосталла лелош хилла ву. Цул т1аьхьа Имам Шемалан заманахь хиллачу т1емашкахь а жигара дакъа лаьцна цо. Шайн дайшкахь дуьйна авлийаъашца гергарлонаш а долуш, вайн махкахь леллачу исторически хиламашна йукъахь дакъа а долуш нах хилла уьш.

Церан т1аьхьенах вара Молла Хьусайн а. Мурийдийн тобанна герга г1ерташ болу нах, цаьрца цхьа г1еххьа ледарло йелахь а, д1а ца къехкабора цо. "Х1умма а дац, дуьтур ду", - олий, хаза хьехар а дой, йукъаозабора. Х1еттахь дин 1амо буьйлабеллачу кегийрхошца а цхьа шатайпана йукъаметтиг йара цуьнан. Царна тохкий ц1ераш а хуьлура "Жима корта", "Лекханиг", "Талкхамбай", иштта кхийерш а. Цаьргахь цхьа цатовш дерг шена хааделча, масаллина цхьа шена эвхьаза верг а валош, хаза кхетабора.

Иштта, д1алаца хьекъал долчунна, шегахь хьаг1-гамо йоцчунна т1аьхьаваха некъ а буьтуш, т1аьхьабуьсучарна шех лаьцна сирла ойланаш а йуьтуш д1авахара Молла. Адамийн амалш бес-бесара йу, массо а реза ван хала ду, амма адамашна хаа-м деза шен дег1ана хуьлу ницкъ, хало, цатам тоса а ца болуьйтуш, шайн г1уллакхашна д1ах1оьттина лаьттина хиллачу адаман сирла ц1е зен ца йайъа.
 
Оздамиров (Мазаев) Ш.А. 16.11.2022 шо. Источник: Гордалой.ру


checheninfo.ru



Добавить комментарий

ЭТО НУЖНО ЗНАТЬ:


ЧТО ЧИТАЮТ. BEST:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Декабрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 1
2345678
9101112131415
16171819202122
23242526272829
3031 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"