Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ЧЕЧНЯ. Имам Ӏаьлбаг-Хьаьжийн илли


Просмотров: 4 788Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
ЧЕЧНЯ. Имам Ӏаьлбаг-Хьаьжийн илли
Доза дац хьан мехкан, хьоьгарчу ницкъан,
Хьолана вукъвелла, хьере хьо хилла. 
Хӏай паччахь, дитахьа тхан миска рицкъа, 
Ма ӏиттахь тхан коча гӏиллакхаш хийра. 

Латта ахь дӏадаьккхи, маршонах дехи,
Лай хилий кӏелсаца, халкъе ахь боху. 
Дитахьа кхузахь тхо машаре даха,
Цхьанге а, хӏумма а оха ца доьху. 

Гӏаьттинарг шен маршо, шен доьзал ларбан,
Зуламхо кхайкхавой, ахь тӏепаз войу. 
Хьайна мотт хьоькхучу чаьлтанийн арданг,
Тхан цӏийца совгӏат деш, ахь даржехь ойу. 

Тхо цкъа ца гӏиртина нахана новкъа,
Кхечеран маршо а лийрина оха. 
Гӏийлачун, мискачун гӏо дина оха, 
Хӏай паччахь, дитахь тхо машаре даха.

Герз буйнахь кхерсташ йу хьан къиза гӏера,
Йагайеш тхан йарташ, бошмаш а, хьаннаш. 
Къизалло кхерийнчу зударийн, берийн
Маьхьарша ӏадийна тхан лаьмнаш, ӏаннаш. 

Тхан халкъан масанне турпалхо вайна
Даймахкахь тӏехӏотта кошан барз боцуш,
Байна уьш хӏоттийна чуртан тӏулг боцуш,
Халкъан сий лардина, къонахий майра.

Амма тхан бакъо йац, къарделла совца,
Турпалчу тхешан дайн весеташ дохо,
Къийсаман новкъара нацкъара довла,
Мостагӏчун герзана дуьхьал букъ тоха!

Бакъо йац нохчочун - маршонан кӏентан - 
Дуьненахь цхьанна а хьалха горхӏотта,
Ма гӏерта тхо къардан, къарлур дац хьоьга,
Стогаллех ца духуш, тхо лийр ду летта!

 Айдамиран Абузар "Лаьмнашкахь ткъес"



checheninfo.ru



Добавить комментарий

ЭТО НУЖНО ЗНАТЬ:


ЧТО ЧИТАЮТ. BEST:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Календарь новостей

«    Июль 2025    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Добрро пожаловать в ЧР

Смотреть все новости


МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек