Просмотров: 1 075
2005-чу шарахь дара вайн махкахь дика вевзачу журналистах Заурбеков Мас1удан «Шейх Али Митаев: патриот, миротворец, политик, гений - эталон чести и справедливости» ц1е йолу книга арайаьлча. Доккха хазахетар дохьуш йеа-ра и книга. Совегийн (1едало къинхегамча х1аллаквинчу нохчийн къоман тоьллачу к1ентех цхьаъ волчу Митаев 1елийн къаь-хьачу кхолламах йара иза. Цундела мах боцу беркат хилла д1ах1оьтира нохчнйн къоман литера1урин хьаьрмахь. И книга йеша ирс хиллачара ц1еначу даггара баркалла элира авторна. Бакьду, шен кьамелехь Заурбеков Мас1уда х1орана билгалдоккхура «Шейх Али Митаев...» книга йазйеш шена доккха накъосталла деш, дика г1ортop хилла журналист Темирханов 1адлан лаьттина хилар. Цхьана а кепара цунах тамаш бойла-м дацара Тимирханов 1адлан ван а вара, Г1о-накьосталла оьшучохь, хьанна а ор-цахвала кийча. Делахь а, Iадлан оьзда cтаг вара, кьинош доцуш ц1ена сгаг вара. 1974-чу шарахь дуьйна уллера вевзаш вара суна 1адлан, ишта цуьнан доьзал а. 1990-ч у шарахь дуьйна «Даймохкехь» воллушехь, «Исламан з1аьнаршкахь» сан заместителан болх бира цо. «Шейх Али Митаев...» книга йазйарехь доккха вешийла дира цо сунна. Ца кхоьрруш ала ду сан 1адлана накъосталла деш ца хиллехь, нштта кхиаме болх хнр бацара оцу книгех», - алий, xlopaззa билгал-доккху шен дагалецамашкахь Заурбеков Мас1уда.
Баккьал а воккха къинхьегамхо вара Тимирханов 1адлан. Шен дерриге дахар нохчнйн къоман журналистика кхиорна д1аделла ву иза. Klopгepa ненан мот хууш, цуьнан хазаллех дозалла деш вара вайн турпалхо. 1адланна ч1ог1а дика хаьа-ра оьрсийн мотт а, амма, дукха хьолахь, цо йазйеш йолу статьяш, зарисовкаш, очеркаш нохчнйн маггахь хуьлура, уьш коьртачу декьана вайн махкарчу къин-хьегамхойх лаьцна а хуьлура. Цуьнан ч!ог1а самукьадолура нохчнйн кьомах волу стаг кхиамийн лакхене кхаьчча. Дуьненан муьлххачу маь11ехь хиллехь а, вайн кьомах волчу сгагана цхьа бохам баларх дерг хиъча, дог 1аьвжара шен сица, ц1ийца вуызина нохчи волчу Темирханов 1адланан. Ишта йахь йолуш стаг вара вайн таханлера турпалхо.
Мел халахеташ делахь а, билггал ша вина де, бутт, шо шена хууш дацара Тимирханов 1адланна. Паспорта т1ехь д1айаздииа 1942-гIa шо дара. Иза данне а дац журналистана шен схьаваларан ора-мех дерг ца хаьара бохург. Нохчмахкахь вина, шен тайна-тукхам долуш, оьзда стаг вара вайн турпалхо. Делахь а, дуь-нен чу валар ХХ-чу б1ешеран буьрсачу 40-чу шерийн йуьххьехь хиллера цуьнан. 1адланан деда - Тимирха советийн 1едал т1едог1уш хиллачу т1емашкахь жигара дакъалаьцна, Деникинан эскарна дуь-хьал, дарделла лом санна, летта ву. Нажи-Йуьртан к1оштарчу Хаьшти-Йуьртара кешнаш Деникинан эскарна дуьхьал хиллачу луьрачу т1емашкахь эгначу турпалчу б1аьхошна т1ера д1адолийиа. Массарел хьалха цига д1авоьллииарг 1адланан деда Тимирха ву. Советийн Ц1ечу эскаро финашца 1939-чу шеран ла-хьанан бетган 30-чу днйнахь д1аболийна 1940-чу шеран бекарг беттан 12-чу дийне кхаччалц бинчу т1амехь дакьалоцуш хилла 1адланан да Тимирсолта. 1адланна ича гина вац. 1941 -чу шеран асаран бат-1ахь Брест - г1опехь иза воьжна хилар бен к1антана цунах хууш кхин xlyмаа дацара 1адлан дег1аца волуш йисина 1ийна йу цуьнан нана - Кхокха. Когавахана к1ант, шарвелла валале. нохчнйн деррнге а хал-кьана санна кхарна а т1екхаьчна 1944-чу шеран чиллин беттан 23-г1а де. Сталинан хьадалчаша йамартлонца даймахках даьккхинчу нохчийн халкьан декъазчу декъехь хилла Кхокха, цуьнан к1ант 1адлан. Бакьду, бохамийн дорце шаьш ца хьошуьйтуш, йахь д1а ца луш, Делан ди-канах д0г ца дуьллуш дай баьхначу лаьт-ча т1е ц1адерза хьуьнар, доьналла хилла ненехь, к1антехь.
Йуккъерчу школехь дешар хийрачу махкахь д1адолнйна Тимирханов 1адлана Амма и чекхдаккхар, Делан къинхетамца, Нохчийчохь хилла, 1957-чу шарахь вайна дай баьхначу лаьгта т1е ц1адерза некъамаршо йалар бахьанехь Нажи-Йуьртан к1оштарчу Сесанахь йолчу школа-интернатехь итт класс чекхйаьккхнна Тимирханов 1адлана. Т1аккха балха вахана иза. Тайп-тайпана бу школа чекхйаьккхина ваьллачу вайн турпалхочо бина белхаш. Амма школехь доьшуш дуьйна цуьнан ойланаш литературех а, йозанан балхах а хьерчаш йара. Бераллехь дуьйна ч1ог1а книгаш йешар марзделла вара 1адлан. Цо уьш дуккха а йешнера. Къаьстина оьрсийн иогган М. Лермонтован говзарш йоьшу самукьадолура 1адланан. Ткьа Кавказах йолу цуьнан байташ дукха-хйерш дагахь хаьара вайн турпалхочун-на. Ца 1ебаш йоьшура цо нохчнйн кьоман йаздархойн говзарш а. Дозалла дора Ма-макаев Мохьмадан а, Мамакаев 1аьрбин а башхачу кхоллараллех. Арсанов Саь1ид-Бейн «Маца девза доттаг1алла» роман дукхайезара цунна.
Оцу говзарша бинчу т1е1аткьамо валийра Тимирханов 1адлан Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойи ннститутан филологии факультете деша. Бакьду, дешар, балхана йукьара ца волуш, чекхдаккха дезаш хилира. Нийса хир дацара болх, дешар цхьаьна д1акхехьа атта дара аьлча. Амма бераллехь дуьйна бохамийн дорцехула чекхвийла 1еманчу 1адлана боккхачу кхиамца чекхбаьккхира лаккхарчу де-шаран кхерч. Филолаган корматалла карайерзоро аьтто бира вайн турпалхо-чун Нажи-Йуьртан к1оштахь арадолу-чу «Маяк коммунизма» газете балха x1отта. Бакьволчу нохчичун амало а, синьондалло a г1o дира I. Тимирхановна эшамийн а, бохамийн а дорцехула доь-наллица чекхвуьйлуш, йуьхьарлаьцначу 1алашоне кхача. И 1алашо бераллехь дуьйна цо мерза сатийсина журналистика йара. Х1инца шегахь долу хаарш, 1илма, хьуьнар журналисткина д1адала кийча вара иза. ХХ-чу б1ешеран 70-чу шераш-кахь оцу газетехь д1аболийна 1адлана къоман журналистикехь шен хьаналчу къинхьегаман некь. Мог1арерчу кор-респондентан даржера д1аволавелла, газетан редакторан дарже кхаччалц, кхоллараллехь б1аьрлачу кхиамийн г1улчаш йохуш схьавеана иза. Газетан редактор хиллера аьлла, цхьа де а ца йаздеш чекхдалийтнна дац цо. Чулацам шуьйра, маь1на к1орга, йеша атта хуьлура Тимирханов 1адлана йазйина статьяш. Шатайнанчу башхаллица къаьста хат1 долуш хуьлура цуьнан йозанаш. Цундела газетдешархоша хазахетарца т1елоцура уьш. Журналнстан керлачу статьяшка сатесна хуьлура газетдешархой. Оьрсийн маттахь а, нохчийн маттахь а цхьабосса дика йаздора цо.
1984-чу шарахь. кхайкхнна, «Ле-нинан некь» газете схьавалийра вайн турпалхо. Дукха хьолахь керлачу белха-хочуьнца хуьлуш ма-хиллара мог1арерчу корреспондентан дарже ца х1оттийра иза балха. Цунах промышленостан отдел тешийра. Совегийн заманахь уггаре а чолхечарах цхьаъ йара промышленостан отдел. Цу хенахь вайн махкахь дукха заводаш, фабрикат йара. Цигара массан-хьара хьал шен семачу гергонехь латтон декхарийлахь вара республикин газетан промышленостан отделан куьйгалхо. Цхьана а кепара шеко йац Тимирханов 1адлан шен белхан декхаршца т1ех дика ларош хилла хиларан. К1оштийн куьй-галхошца, бахамийн хьаькамашца йукъа-меттигаш шера, лараман гурашкахь йара цуьнан. Шо-шаре далале, вайн махкахь мел йолчу заводехула, фабрикехула чек-хвала ларавора пох1ме журналист. XIopa преднриятех чулацаме стагьяш йазйора цо. Хастон везарг хаставора, балха т1ехь т1аламазалла гойтуш, ледара хьаькам велахь, цуьнга бехк баккха доьналла хуьлура 1адланехь. Амма цкъа а стаг сийсазвеш, иза йуьхь1аьржа х1иттош 1едал дацара вайн турпалхочун. Къамел дар а, иштта йоза а к1еда-мерза дара цуьнан. Цундела массарна дош-дезар хетара Тимирханов Iадлан, цуьнца доттаг1алла леладора. ХХ-чу б!ешеран 80-чу шерийн чаккхенехь «Ленинан некь» газетан тоь-лчачу журналистех цхьаь вара ича
Нохчийчохь сингаттамаш дебош даьхкира вайна ХХ-чу б1ешеран 90-г1а шераш Ч1ог1а хала лайра (Тимирхановс и бохаме хийцамаш. Дерриге а адамаш дукхадезаш, нохчийн кьомах хилчахьана муьлхха а шен йиша-ваша хетачу вайн турпалхочунна xaла дара вайн махкахой вовшаца эвхьаза бовлар, цара даржаш кьийсар, нохчичо нохчичунна т1е герз дерзийна гар. Пох1мечу журналисте ца лалора и. Ша болх бечу шина газе-тийн «Даймохк», «Исламан з1аьнарш» aг1онаш т1ехь Тимирханов 1адлана зор-бане йохура шен статьяш. Уьш хуьлура машаре. масла1ате, собаре, адамалле, кьинхетаме кхойкхуш. Цуьнга а, и санна болчу журнаиисташка а ладуг1уш цхьа а вацара цу чолхечу муьрехь. Адамийн кхетам хьаьшнера питана г1евттиичу малхбузерчу политологаша. Царна г1ом оьшуш хиллера, декьаза нохчнйн халкь кхин цкъа а ц1ийла карчо. Цу т1ехь церан дика каделира.
Иттех шарахь Нохчийчохь буьрса кхирстнначу т1еман ц1ергахь а болх беш вара 1адлан. XXI-чу б1ешеран йуьххьехь дуьйна «Исдаман з1аьнарш» газетан редакцехь болх беш вара иза. Амма цхьана а м1аьргонна «Даймохк» газетаца долу гергарло д1ахадийна-м дацара цо. Даима санна газетдешархойн дегнех хьакхалуш, сннк1оргене кхочуш хуьлура цо йазбина xlopa мог1а. Цунна кьегина тоьшалла ду 2005-чу шарахь д1айаьхьначу «Дашо пелаг» конкурсан лауреат Тимирханов 1адлаи хилла хилар Ишта-м цуьнан хьанал къинхьегам ти-даме эцна, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана машен луш совг1ат дира вайн турналхочунна. Муьлххачу совг1атана хьакь вара I.Тимирханов Пох1ме журналист, нохчнйн къоман йахь йолу к!ант вара иза. Йоккха, сирла йу нохчийн къоман журналистикехь цо йитина лар. Цундела «Даймохк» газетан журналистийн эсехь деха 1адланан оьзда амат. 2012-чу шеран товбецан беттан 12-чу днйнахь дуьйна вайца воцуш ву Тимирханов 1адлан.
Газиева Аза
checheninfo.ru