Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Абубакарова Петlамат. Бакъболчу бартан зIийдигаш


Просмотров: 8 934Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

 Абубакарова Петlамат
  
Кхоллараллийн декъехь къахьоьгучарна доккха совг1ат ду х1ара карара 2015 шо, вайн пачхьалкхо Литературни шо аьлла д1акхайкхина хилар. И кхайкхам беркате хиларе дог дохуш къахьоьгучарех, шен къоламца машаре з1енаш лоьхуш, массо къаьмнийн барт хиларе сатуьйсучарех цхьаъ ву вайн махкахь а, арахь а дика вевзаш волу поэт Ахматукаев Адам. Ахматукаевн кхолларалла х1инцалерачу заманна мохь бу, цуьнан лирикин турпалхо даим лехамехь а, къовсамехь а ву дахаран чолхе киртигаш х1уьттучу муьрехь. Адам ша байташ язйина ца 1аш, даима саготта хилла ву къаьмнийн литературин хила дезачу гергарлонна. Цундела цуо дуккха а къахьоьгу гочдаран проблема яста г1ерташ а, ша оьрсийн маттера вайн матте х1инцалерачу поэтийн байташ яхарца а. Адаман байташ а ю дукхахаерш оьрсийн матте гочйина.

Къахьегаре терра бен хуьлуш дац дечу г1уллакхийн жам1 а. Цундела эрна ца хилла интернетхула Адама оьрсийн поэт-гочдархо Юрий Николаевич Щербаковца тасаделла гергарлонан т1аьхье.
Астраханехь 19-20 майхь д1аехьна литературни форум «Каспи-доттаг1аллийн х1орд» кхочушъярехь доккха дакъа лаьцначех волучу Россин поэто Щербаковс ондда болх бина дуккхачу а поэтийн говзарш оьрсийн матте йохуш.


Царна юкъахь тоьллачех а, символически маь1на долучарех а ю Адам Ахматукаевн «Латтийтийша дитт» ц1е йолу байт. Ларамаза дац цу байтан ц1арах антологи оьрсийн поэто х1оттаяр а. Ткъа иза Адаман кхиам хилла ца 1а, иза ерриге а Нохчийн къоман литературо дуьненан юкъарчу къаьмнашка тесна г1улч ю, вайн къам, мел хало лан езнехь, шен синмехалашца лакхарчу т1ег1ан т1ехь хилар гойтуш йолу. Адаман стихашца цхьаьна «Латтийтийша дитт» гуларна юкъа яхана нохчийн къоман шен карзахе, дог ц1еначу сица нуьре лар поэзехь юьтуш хеназа кхелхинчу Юсупов Ибрах1иман байташ а.


Иштта гуларна юкъе яхана ткъех маттера 55 авторан байт. Бакъболчу бартан з1ийдигаш го вайна цу антологехь.
2014 шарахь, сентябрь баттахь Астраханехь Россин, Азербайджанан, Казахстанан,Туркменистан, Иранан вовшех дазаран г1уллакхан хьокъехь хиллачу саммитехь, Казахстанан куьйгалхочо Назарбаевс далийна хьалха заманахьлера кица иштта маь1на долуш дара: «Х1ордаша латтанаш доькъу, амма къаьмнаш цхьаьна туху».


Шеко йоцуш, саммитан беркате т1аьхье а ю Астраханехь вовшехтоьхна Литературни форум а, цу форуман коьрта 1алашо – литературин барт – къаьмнийн бартехь гар а, и барт юкъарчу ницкъаца кхио безаш хилар а. Лакхахь хьахийна ойла кхочушъярехь доккха дакъа ду тахана кхоллараллин адамо лоцушдерг. Ткъа вайн нохчийн къомана боккха юьхьк1ам бу тахана яздархойн союзан ц1арах нохчийн литература йовзуьйтуьш Ахматукаевс мехалчу форумехь дакъа лацар.
Нохчийн къоман коллараллийн нехан ц1арах поэтана даггара баркалла ала лууш вошехтоьхна ас х1ара сайн йоза. Дала т1аьхье беркате йойла!

 


Источник:: журнал "Нана"




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"