Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ЧЕЧНЯ. Цуьнан ц1ена нигат дара нохчийн меттан марзо вайга кхачор


Просмотров: 1 939Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
ЧЕЧНЯ. Цуьнан ц1ена нигат дара нохчийн меттан марзо вайга кхачор

ЧЕЧНЯ.  Шайн ненан маттаца йолчу йукъаметтигашка хьаьжжина вайн мехкан адамаш тайп-тайпанчу тобанашка доькъуш хилча, пох1ме хьехархо, 1илманча, йаздархо Махмаев Жамалди царах уггар тоьллачу, сий-ларамечу тобанан хьалхарчу мог1аре вилла вог1ура. Оцу бакъдолчунна тоьшалла дийр долуш нах 1аламат дукха хир бу аьлла а хета, кху йозанан къамелехь иза гайта вай а хьовсур ду.

Ишколашна нохчийн меттан, литературин 1аматаш йазйеш, хьехархо-1илманча вара ала мегар ду иза. Махмаев автор, шолг1а автор, х1отторхо волуш, вайн махкахь, Санкт-Петербургехь зорбатоьхна хьехархоша, дешархоша шуьйра пайдаоьцучу иттех киншкина; муьран изданешкахь арайийлина методикин статьяш, ткъа иштта литературин критикин, библиографин белхаш.


Берашна лерина йолуш, чулацаме исбаьхьаллин дукха говзарш йазйина цо. Жамалдис вайн берашна а, баккхийчарна а довзийтина ша кхоьллина долу нохчийн дуккха туьйранаш, карладаьхна берийн шира ловзарш, абат хазйаран, марзйаран 1алашонца кхоьллина самукъане байташ. Иштта иза говза поэт санна а вевза вайна.


Амма маь1не, пайде, чулацаме дош йаздарал совнаха, Махмаев Жамалдис кхочушдина кху Лаьттахь уггар дезачех долу г1уллакх-декхар – иза ХЬЕХАРХО вара, шен хьаналчу къинхьегамца боккхачу сий-лараме кхаьчна волу. Бердк1еларчу ишколан дешархошна иттаннаш шерашкахь цо хьехна муьлххачу адамна деза, мехала хила декхар долу 1илма – ненан мотт, литература, къоман г1иллакхаш.


Уьш дерриг хьеха вуно ондда бух болуш меттиг йу Бердк1ел. Вайга кхочучу хаамашца, Нохчийчуьра схьабевллачу эвлайаэх (Дала къайле ц1инйойла церан) йалх кху йуьртара хилла: шайх Шемал, Абубакар-Хьаьжа, Мохьмад-Хьаьжа, Жема, Бетергири-Хьаьжа, Х1уока.


Кху йуьртара бу вайн къоман бакъболу интеллигентех шаьш болу Солтахановг1ар. Педагогикин 1илманийн кандидата Солтаханов Хьусейнан Эльбека шен дахаран дукхахдолу дакъа д1аделла нохчийн йоза талларан, хьехаран г1уллакхашна, цо йазбина 60 1илманан болх, 8 1амат, 12 методикин г1о-1амат, 6 дешаран программа. Эльбека х1оттийначу уггар йеха оьмар хиллачу абатца 40 шарахь гергга дешна вайн мехкан дешархоша. Физикин-математикин доктор, Нохчийн Республикин 1илманийн Академин декъашхо-корреспондент хилла волу Эльбекан ваша Ширвани – Россехь а, дуьненанахь а вовзаре кхаьчна сий-лараме 1илманча вара. Эльбекан к1ант Ибрах1им – дешаран хьаьрмахь къахьоьгуш ву, педагогикин 1илманийн кандидат а ву иза.


Советски Союзан Турпалхо, дуьненахь а г1араваьлла иччархо, Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1амехь 349 мостаг1 х1аллаквина волчу Идрисов Абухьаьжех а, г1араваьллачу нохчийн поэтах Дикаев Мохьмадах а бакъонца дозалла дан йиш йу церан йуьртахойн.


Царна йуккъехь хьокъала йоллу меттиг д1алоцуш волчу, мацах ша йуьхьарлаьцначу некъана хьанала, тешаме хилла, меттан г1уллакхашна ваьцначу Махмаев Жамалдис кхочушдина мехала г1уллакхаш дийца, гайта хьовсур ду вай, вешан ницкъ кхочучу барамехь.


Биографин аг1онаш


Махмаев Жамалдин вина 1939-чу шеран бекарг (март) беттан 14-чу дийнахь Грозненски к1оштарчу Бердк1елахь. Шен пхи шо а кхачале «халкъан мостаг1» вина цунах 1944-чу шеран чилланан баттахь. Махмаевг1еран доьзал нисбелира Казахстанерчу Джамбулан областан Амангельды ц1е йолчу йуьрта. Кхазахийн маттахь ишкол чекхйаьккхина цо. Шен хьалхара байташ (к1ентан кхойтта шо дара оцу хенахь) оццу маттахь йазйина Жамалдис.


Даймахка вухавирзича болх бина: меттигерчу колхозехь, «Заветы Ильича» ц1е лелош хиллачу к1оштан газетехь, йуьхьанцарчу классийн хьехархо, «Ленинан некъ» (х1инца – «Даймохк») газетан культурин декъан доладархо волуш а. Ткъа шовзткъа шо сов заманахь шайн йуьртарчу ишколехь нохчийн меттан, литературин хьехархо вара иза.


Йуьхьанца — хьехархойн курсаш, цул т1аьхьа — Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институт чекхйаьккхинера цо. Хьехархойн а хьехархо ларалуш вара иза.


Махмаев Жамалдина дина цхьадолу совг1аташ, кхайкхийна ц1ераш йалор йу вай: «Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1амехь толам баьккхина 20 шо кхачарна» (1965-г1а шо), «Къинхьегаман ветеран» (1985-г1а шо), «СССР-н йаздархойн Бартан 70 шо кхачарна» (2005-г1а шо) мидалш, «Знак почета» орден (1981-г1а шо), «Хьехархо-методист» (1983-г1а шо), «Нохч-Г1алг1айчоьнан хьакъволу хьехархо» (1985-г1а шо), «РСФСР-н халкъан дешаран отличник» (1989-г1а шо), «Россин Федерацин йукъарчу дешаран сий-лараме белхахо» (2002-г1а шо)…


РФ-н йаздархойн Бартан декъашхо вара иза 1992-чу шарахь дуьйна.


Махмаев – поэт, берийн а, баккхийчийн а йаздархо


Вевзаш волчу йаздархочо аьлла: «Берашна — баккхийчарна санна, кхин дика а йазйан йеза». Ж. Махмаевс берашна йазйина говзарш баккхийчара а хазахеташ йоьшур йолуш, говзачу, йеша, кхета аттачу, самукъанечу маттахь йазйина йу. Цаьрца го, автор вайн мотт безаш, бевзаш, цуьнан аьхналла, масла1аталла, таронаш, хьал массаьрга д1акхачо лууш ваьхна хилар.

Жамалдин говзарийн теманаша иштта чулоцу — «зезаго полланах х1ара т1евехна», «мостаг1чо хийлазза ц1арах йагийна, хьаналчу куьйгаша йухаденйина» вина йурт, шегахула хийлазза кхуо «Деле кхайкхина ненан мотт», «буса вижа ца вуьту, хаддаза набарха воху» хеназа беллачийн, ларйоцуш байначийн кхолламех доглазар, «синтем 1ехош» долу 1алам, хьомениг «гаро токхвина, даггара цуьнга дийца ца х1уттуш», и гича «керлачу, ц1еначу ойлано дог карзахдаьхна» безам, берийн «ирсечу дахаран, 1уьйренийн цхьа илли ларалучу, берийн аз хуьлий, сатийсамаш г1итточу» дуьххьарлерчу горгалих и.д1.кх.


Поэтан лирикин турпалхо цуьрриг кура вац, ца дог1у дозаллаш дечех муххале а вац:


Берашна дешнаш кегор бен,

Со-м кхин поэт а вацара…

Ткъа кураллица х1ара латта хьоьшучуьнга (кхоччуш 1ехавеллачуьнга) цо олу:

Хьуьнан хара санна

Хьо шорта хиларх,

Нуьйран х1оъ санна

Со гулахь хиларх –

Т1аьххьарчу зилехь

Цхьаъ ма ду вай!

Амма цхьа башхо йу

Вай вовшех къастош,

Хин ши берд санна,

Вай херехь латтош:

Хьо соьман лай ву,

Со – Делан лай!


Самукъанечу, чулацамечу, хьехамех-маь1нех буьзначу маттахь Махмаевс берашна йазйина говзарш вайн берийн дахаран шатайпа куьзга хилла д1ах1иттина дукха хан йу. Иза коьрта бахьана ду, масала, цу йукъара шуьйра йевзаш йолу Маликат ц1е йолу турпалхо, цуьнан васт бераша дика т1еэцаран.


Таханлера бераш а (Маликатах лаьцна дийцарш кхоьллина дуккха хан йаьллехь а) кхетар ду церан чулацамах, шайн дайша, наноша, диканах дегайовхо латтош, лайначун, хьегначун цхьажимма ойлайеш хилчхьана.


«Со – Соскин Солса ву» ц1е йолчу киншкано йукъалоцурш – наьрт-аьрстхойх долу нохчийн дийцарш ду.


Шен дахаран т1аьхьарчу шерашкахь йаздархочо вайн дешархошна керла хазахетарш дира: Махмаевс шен хоржах кхо киншка зорбане йаьккхира. Церан ц1ераш йу: «Аьттан бер», «Нохчийн берийн ловзарш», «Некъан абат».


Берашна лерина дуккха стихаш йу хьалхарчунна т1ехь, царах цхьаъ, «Когалиг» ц1е йерг, шена композитора Даудов Рамзана мукъам баьккхина а йолуш.


Туьканара эцна берийн тайниг-говр бен гина йоцу Зульфия-г1алахо ч1ог1а цецйаьлла, аьхка ша йуьрта йеача, цигахь йежаш дийна говр гича. Шега, говрах ларлолахь аьлча, йо1а олу:


- Массо а со 1ехо г1ерташ,

Шу ма тамашийна ду!

Ала х1ета: и говр йелахь,

Цуьнан чкъургаш мичахь йу?

Берийн тидам т1е г1ур болуш, х1етал-металийн бухехь йазйина дика байташ кхин а йу киншки т1ехь, «Чанйуург» (Пылесос), «Тамашийна куьзга» и.д1.кх. ц1ераш йолуш. Оьрсийн маттахь вайн берашна, баккхийчарна шуьйра девзаш долу «Г1езаш» ловзар поэто нохчийн матте даьккхина говза:


- Г1езаш, г1езаш!

- Къа-къа-къаъ!

- Мацйеллий шу?

- Х1аъ-х1аъ-х1аъ!

- Делахь, сихха йуьйла ц1а!

- Тхо ца йаьхьа, кхоьруш 1а.

- Алал, стенах кхоьру шу?

- Д1огахь тебаш цхьогал ду.

Можа б1аьргаш к1агийна,

Йехий цергаш ирйина –

Иза вуно буьрса го.

Цо йаарна кхоьру тхо!

- Цхьогал дитий, тебаш 1ан,

Т1ема йовлий, йуьйла схьа!


Кегийчу дешархоша шайн самукъадаларца йух-йуха а йоьшур йолуш, лерина кечйина издани йу иза.


Ненан матте бовха безам кхуллуш, бераш ойлайарехь, дуьне довзарехь кхиош, г1иллакх-оьздангаллехь уьш совбаха г1о деш мехала г1ирс лерина берийн ловзарш. Зама хийцайеллехь а, Ж. Махмаевн «Нохчийн берийн ловзарш» гуларо вайн берашна беркате т1е1аткъам бийр бу аьлла тешна ду вай. Вайн мотт, истори ларйарна йукъа диллина дакъа а лара мегар ду иза.


Шаьш карладахарца тахана а пайде хила хьакъ долуш хета и ловзарш. «Гала-г1ожмех ловзар», «Х1оз керчор», «Даьндарг хьийзор», «Г1улгех ловзар», «Лечкъаргех ловзар», «Йийсархой», «Х1азарш кхиссар», «Б1ов йаккхар», «Лаьнганах ловзар» и. д1.кх. ц1ераш йу церан.


«Нохчийн берийн ловзарийн» дешхьалхенехь Махмаевс ша йаздо:


«Ловза хаьий шуна?

- Ма тамашийна хаттар а ду! – цецдовла тарло бераш (цхьаболу баккхийнаш а). – Ловза ца хууш мила хир ву?


Х1аъ, ловза массарна а хаьа. Амма х1ора ловзаран а шен бакъонаш, шен х1оттийна-нисйина цхьа кеп хуьлий, хаьий шуна? Бен-башха а доцуш ловзаро дагна хьаам ца бохьу, хазахетар ца ло – дуьххьалд1а к1адво.


Кхидолчу къаьмнийн санна, нохчийн берийн а ду тайп-тайпана ловзарш, геннара, дайшкара дуьйна схьадог1уш…»


Шахьарахь йа йуьртахь д1асалеларехь берашна хаа вуно ч1ог1а оьшуш йолу некъан бакъонаш кхета аттачу маттахь йазйина Махмаев Жамалдис ша кечйинчу «Некъан абата» т1ехь. Статистико бечу хаамаша, некъан бохамашкаш вайн берашна хуьлу зенаш к1езиг ма дац.


Вайн статьян Махмаевх-йаздархочух долу дакъа дерзош, (т1ейог1учу хенан йаздархочун талламхошна а сов хир дац, эша тарло-кх аьлла) цуьнан говзарш йукъайаханчу киншкийн ц1ераш йало лаьа хронологин къепехь: «Маликат» (1969-г1а шо), «Маликат школехь» (1970-г1а шо), «Маликат» (1970-г1а шо; оьрсийн маттахь. Нохч-Г1алг1айн литературин исторехь дуьххьара боккхачу бараман тиражехь – 50 000 экземпляр – арайаьлла), «Маликат в школе» (1972-г1а шо; оьрсийн маттахь. Изза, оццу шарахь – г1алг1айн маттахь), «Со – Соскин Солса ву» (1975-г1а шо, дийцарийн гулар), «Самукъане абат» (1980-г1а шо), «Мамин сурт» (1981-г1а шо), «Сан кегий доттаг1ий» (1986-г1а шо), «Самукъане абат» т1ейуьзна (1992-г1а шо).


Оьрсийн маттахь, «Родничок» (1976-1980-г1а шераш, берийн киншкийн сери), «Антология чечено-ингушской поэзии» (1981-г1а шо), «Добрый дождик» (1980-г1а шо), «Песенка в горах» (1984-г1а шо) ц1ераш йолчу гуларшкахь а арайийлина йаздархочун говзарш. 2007-чу шарахь зорбане девллачу «Нохчийн туьйранашна» йуккъехь ду Махмаевс ша даьхнарш (577-669-г1ий аг1онаш). 2008-чу шарахь зорбане йаьлла кхо киншка вай лакхахь хьахийна. Нохчийн литературина, фольклорана йукъа мехала дакъа диллина Махмаев Жамалдис.


Ж. Махмаев – хьехархо, меттан 1илманча


1аьмарко шайн лаьтта т1е атоман бомбанаш тоьхначу меттиге (суьрте) хьажа веанчу Японин императора х1ун олу те бохуш, ладоьг1уш хилла, бах, гонахарнаш. Цхьаболчарна ца моьттург аьлла цо: «Вай деша деза».


Кху т1аьхьарчу эхаб1ешеран муьрехь шайн мотт дика 1аморан бухехь дисина 1илманаш 1амийна, кхиийна цара, 1илманан-техникан баккхийчу кхиамашка кхаьчна и къам. Ойлайойтуш х1ума ду: оцу пачхьалкхан латта Россинчул 45-зза к1езиг ду, ткъа бахархойн терахь – 130 миллионна герга долуш.


Цундела, оцу масалан ойлайича, Махмаев Жамалдис хаьржина дахаран некъ, говзалла уггар мехалчех, бухерчех, т1аьхьало йолчех лара йиш йу. Нохчийн мотт ца теллича, иза к1орггера дика ца 1амийча, вайна кхин меттанаш, 1илманаш 1емар ду, вай когах1иттина, ц1инделла д1ах1уьттур ду бохург бакъ хуьлийла дац. Дайн орамех, г1иллакхех, къам къомах къасточух д1а а хаьдда, лелар ду вай, кхечарах, х1орда чу боьжна хин т1адам санна, д1а а ийна.


Цуьнца доьзна аьлча, Ж. Махмаев онддачух тасавелла вара. Зеделларг долчу хьехархочо (В.А. Янгульбаевца цхьаьна) арахецна 5-7-чу классашна лерина нохчийн меттан 1аматаш, ткъа иштта 8-11-чуй классашкахь нохчийн моттий, литературий хьехаран шеран рузманан хьесапаш (календарные планы), шайца йуххедиллар – диктантийн, изложенийн тексташ – йолуш (2008-г1а шо).


1илманан-методически дуккха статьяш йазйина Жамалдис. Дешархоша шаьш бечу белхийн цхьайолу кепаш, пхоьалг1ачу классехь халкъан барта кхолларалла хьехар, бераш кхетош-кхиорехь нохчийн къоман ловзарийн маь1на, и.д1.кх. йу церан цхьайолу теманаш. Цара г1о до хьехархошна вайн берашна хаарш г1олехь д1акхачорехь, кхиорехь, ойлайан 1аморехь.


Мотт нийса, ц1ена, говза, аьхна бийца кхойкхуш Махмаевс йазйина статьяш пайде, мехала йу къоначу а, ткъа иштта зеделларг долчу а хьехархошна, вайн берриге махкахошна а. Масех шо хьалха зорбане йаьллачу царах цхьаннан ц1е йара, масала, «Нохчий хилий вай, амма собаре» («Даймохк» газет).


Оцу тайпана долу шен йозанаш зорбане делчхьана ша волуш муххале ца хетара сий-ларамечу хьехархочунна. Иза сих-сиха гора хьехархойн говзалла лакхайаккхаран институтерчу курсашка баьхкинчу республикин ишколийн хьехархошна шен чулацаме хьехамаш беш, говзаллин къайленаш комаьрша йовзуьйтуш.


Оцу кепара цо луш хиллачу дарсаша а, Махмаевн жигаралло б1аьрла схьагойтура, иза вайн кханенах дог лозуш, шена хуург мелла а шуьйрачу гонна д1адала йукъ йихкина араваьлла воккха хьехархо хилла хилар. Иштта стаг вайн дерриге халкъан бахам ца хуьлу т1аккха?!


Ж. Махмаев – литературин талламхо, иза йаржорхо


Махмаев Жамалдис нохчийн литературех, йаздархойх йазйинчу статьяшна йуккъехь 1аламат дукха йу мехала ойланаш, тидамаш, дагалецамаш, хетарш. Г1араваьллачу илланчех (цу т1е шен йуьртахо волчу) Дикаев Мохьмадах лаьцна цо йаздйинчун хьокъехь-м шакъаьстина ала дог1ура.


Дуккха долчу декъана, Мамакаев 1аьрбин, Дикаев Мохьмадан кхолламаш цхьаьнабог1уш хиларан билгалонаш хаайелла Жамалдина: «Шиммо а лайна сталинизман къизалла. Шинне а гина шайн башхачу поэзин хадо ма-беззара мах хадийна (дийна волуш). Ший а – вуно к1езиг ваьхна: 1аьрби – 40 шо дузале кхелхина, Мохьмад – 38 шарера воллушехь. Мохьмадна 1аьрби дукхавезара, гуш вевзина вацахь а…»


Цул сов, цу статья т1ера Дикаевн кхолларалех болу таллам Махмаевс бекъна кху дакъошка: «Поэтан дог», «Поэтан безам», «Поэтан нана», «Поэтан бахам».


Къаьсттина тидам т1ебоьдуш ду, литературин талламхочо Дикаевн цхьана байтан (цунах-м халкъан тоьллачех долу илли хилла тоххарехь) хьокъехь йаздинарг: «Ларамаза дац «Дагна синтем лоьхуш» ц1е йолчу жимачу стихотворенехь:


«Ирсах дог ца дуьллуш, Ас сайн некъ бина» - боху дешнаш кхузза далор. Дагаев Валида иллига йерзийна хилла и стихотворени дика йевза массарна а. Амма дукха хир бац цуьнан 4-г1а байт д1айолалуш йуьхьанца «Казахстанехь» боху дош хиллий хуурш.


Казахстанехь буьрса дарцо хьовзийча,

Ирсах дог ца дуьллуш, хийла некъ бина.

Иза цензуро чекх ца йалийтича, «Казахстанехь» бохург «Пана махкахь» аьлла хийцира поэта. Амма т1аьхьарчу байтера хьалхара мог1а ца хийцира – къевсина, кхузахь цхьа а «криминал» цахиларна иштта битира:


Эзар балех волуш, эзар кхаъ хилла,

Ирсах дог ца дуьллуш, ас сайн некъ бина.


Оцу «Эзар балина» реза-м бацара «цензорш», делахь а, цунна т1аьххье «Эзар кхаъ» баро малбира…»


…Суна аьлла хета, х1ора вайн йуьртарчу нохчийн меттан, литературин хьехархочо, (шайн йуьртара йа уггаре лулахь йолчу йуьртара) цхьана йаздархочун мукъане а, кхолларалла къаьсттина лерина 1амош, толлуш йелахьара, вуно дика хир дара. Ткъа Махмаевс-м чулацаме статьяш йазйина иштта Мамакаев Мохьмадан, Окуев Шимин, Берсанов Хож-Ахьмадан, Сулейманов Ахьмадан, и.д1.кх. кхоллараллех, Туркаевн Хьасанан, Кусаев 1адизан, и.д1. дуккха кхечеран статьяш т1ехь йолчу киншкех лаьцна а.


Йух-йуха хьожуш, ладоьг1уш 1ийна со диска т1ехь гойтучу, масех шо хьалха вайн университетехь (вовшахтохархо – Ахмадов Муса а волуш)


Дикаев Мохьмадна лерина д1айаьхьначу суьйрене, цигахь Махмаевс говза диначу къамеле, гулбеллачаьрга цо хаьттинчу маршалле. Цо гойту, Жамалди бартан къамелана а говза хилла хилар а, Дикаевн кхолларалла йовзийтарехь, йаржорехь Бердк1елахь, цул арахь а цо дина дуккха г1уллакхаш хилар а.


Ж. Махмаев сих-сиха гора — нохчийн меттан денна а, йаздархойн кхоллараллина лерина а д1ахьочу тайп-тайпанчу суьйренашкахь вуно лерина ладуг1уш йа чулацаме къамел деш. Цунах беркат долура Жамалдина шена а, кхин дуккха а сов — цунна гонахачарна а: дешархошна, хьехархошна, бисинчу бахархошна.


Махмаев Жамалдис шен дахарехь кхочушдинарш дукха г1уллакхаш ду, цо эрна д1а ца йахийтина Сибрехахь йаьккхина 13 шо хан а, Нохчийчу беана хиллачу къизачу шина т1еман муьран денош а, шераш а...


Ша вевзинчийн, цунна Дала деллачу башхачу пох1мех ирс-беркат эцначийн иэсехь вехар ву говза хьехархо, йаздархо, ша дика адам долуш ваьхна волу Махмаев Жамалди!


ГАЙТУКАЕВ Асламбек, журналист, йаздархо

Источник: газета "Орга (Аргун)". Апрель 2024 год


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Июль 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
293031 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"