| ДАЙДЖЕСТ: |

Лараме махкахой!
Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
Шен мотт боцург къам дац, олуш ду вайн. Ткъа и мотт бан а болуш, иза ца лелош дерг ах къам бен дац.
Д1адаханчу б1ешеран чаккхенехь вайн къомана хилла халонаш, лайна т1емаш бахьана долуш цу ах къам олучу хьоле девллачуьра вай хьалхадахаран 1алашонца, вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана къоман меттан х1ара Деза де делла вайна совг1атна. Кху дийне, кху доккхачу дийне вайн къам кхачоран дуьхьа шен дахар д1аделира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Дала г1азот къобалдойла цуьнан.
Тахана вайн махкахь х1ора шарахь а лаккхарчу т1ег1анехь даздеш ду Нохчийн меттан де. Х1ара де иштта даздан хьакъ а дара. Х1иццалц мотт а, къомалла а дицдина, шайн берашка а нохчийн мотт ца буьйцуьйтуш леллачу нехан т1аьхьенаш цу тиллачу некъах хьалхаяхарал совнаха, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо доккха г1уллакх дина вайн мотт кхин а тобарна, кхин а иза ч1аг1барна, адамашна юкъахь иза кхин а баржорна т1ехь. Цунна б1аьрла тоьшалла ду денна кху махкахь маттаца доьзна деш долу г1уллакхаш. .
Тахана вайн махкахь нохчийн маттахь арадовлуш газеташ, журналаш ду, х1иццалц шега язлуш виъ б1е, пхи б1е стаг бен ца хиллачу "Даймохк" газетан, масала, дешархо тахана кхо эзар сов ву. Дала аьтто бойла вайн цу т1ехь! Суна лаьа юха а кху Нохчийн метан денца шу дерриш а даггара декъала дан! Дала т1аьхье беркате йойла вайн! Барт цхьаъ болуш, ирсе дехийла вай!
Ларамца, Министр Жамалдаев Шаид
![]() |
РОСТОВ. В Ростовской области с 1 мая введут особый противопожарный режим
С. ОСЕТИЯ. Тихий взрыв во Владикавказе: на АЗС рванул газ, но обошлось без огня и жертв
АСТРАХАНЬ. В Астраханской области продлили режим ЭОС для отлова и усыпления бездомных собак
4 апреля в 19.00 спектакль Московского Армянского Театра «ГОЛОС ЧЕЛОВЕЧЕСКИЙ»
ЧЕЧНЯ. Хамзат Нашхоевский: горец, который стал легендой имамата
«АвтоВАЗ» вывел на трассу монстра: начались продажи новой Lada Vesta Sport с мотором 147 л.с.
СТАВРОПОЛЬЕ. Сына героя в рабство: на Ставрополье братья заставляли работать за еду 22-летнего парня
ЧЕЧНЯ. Школьники России могут стать звездами науки и выиграть бонусы для поступления в РУДН