| ДАЙДЖЕСТ: |
Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга,
Россин Турпалхочуьнга
Кадыров Рамзане
Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!
Ас Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон берриге а белхахойн а, сайн а цIарах даггара декъал во Хьо ГIурбан Iийдаца, бусалбанийн дезачу денца!
Хьан а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, (Везачу Дала цуьнан ГIазот къобал дойла), Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а беркатаца хIокху дезачу дийно вовшахтуху кху махкахь мел волу бусалба стаг, зуда диканиг дан лаарехь, вайн ийман чIагIдо, вовшашца къинхетаме хила Iамадо. ГIурбан деношкахь бусалбанаша алсамдоккху Далла Iамал-Iибадат дар, вовшашна гIо-накъосталла дар, вовшийн гIайгIа бар, терго яр.
Хьан накъосталлица Нохчийн Республикерчу эзарнаш бусалбачу наха ГIурбан Iийдан Де даздо Сийлахьчу Маккахь. Цара Везачу Деле вайн Даймохк боьху, доIанаш до вай маьрша, бертахь дахийтар, хIора доьзалехь ийман, беркат гуттар а латтийтар доьхуш. И дерриг а Хьан комаьршалло, Хьан иймано, Хьан кху махках, кху махкарчу хIора а вахархочух дог лазаро деш ду! Дела реза хуьлда Хьуна!
ХIокху дезачу, сийлахьчу дийнахь ас юха а даггара декъал во Хьо ГIурбан дезачу денца! АллахI Дала къобалдойла Хьан ГIурба! Тахана санна, кхин а бIеннаш шерашкахь кху нохчийн къомана диканаш дан а, хIора шарахь ГIурба ден а могаш, маьрша хуьйлуьйла Хьо а, хьан гергарнаш а.
Ларамца,
Нохчийн Республикин
къоман политикин,
арахьарчу зIенийн,
зорбанан, хаамийн министр
ВахIидан Джамбулат
![]() |
АРМЕНИЯ. Ход либерализации визового режима обсудили Армения и ЕС
КРАСНОДАР. Просроченная задолженность по ипотеке на Кубани выросла почти наполовину
АРМЕНИЯ. Москва и Ереван ведут активный диалог в сфере экологии – посол
1910.2.10. "Русское слово" Зелимхан ушел из Асиновского ущелья. Ингуши поднялись против Зелим-хана
ГРУЗИЯ. Абонементы на канатки горнолыжных курортов можно будет купить только онлайн в Грузии
ГРУЗИЯ. Руководителя Специальной пенитенциарной службы сменили в Грузии
АЗЕРБАЙДЖАН. Автомобилестроение Азербайджана: почему растет выпуск коммерческого транспорта?