| ДАЙДЖЕСТ: |
Кху деношкахь 80 шо кхаьчна Нохчийчохь дика вевзаш волчу журналистан, яздархочуьн, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан, культурин хьакъволчу белхахочун Магомаев Салавдин. Вайн дерриг а нохчийн къам генарчу Казахстанехь долуш, Нохчийн маттахь долу газета арадала доладелча дуьххьара балха веанчу Магомаев Салавдис 60 шарахь болх бина Нохчийн маттахь долчу газетехь.
Салавди тахана пенсехь ву, амма шен дерриг дахар а хилла лаьттинчу «Даймохк» газетаца долу гергарло дIа ца тосуш, цу атта боцчу балхахь къахьоьгучу журналисташна тахана а масалла хилла веха иза.
Хууш ма-хиллара, оьрсийн маттахь чул а шозза хала йолчу нохчийн йозанан журналистикехь къарвалар а доцуш, къахьегна волу Салавди, тахана баккъал а вайн къоначу журналисташна масалла дан а ду!
Иза дерриг тидаме а эцна, тIедогIуш долчу Нохчийн меттан денна лерина, кху беттан 29-чу дийнахь Магомаев Салавдин 80 шо а, цо Нохчийн газетана дIаделла 60 шо а билгалдаккхар Нохчийн журналистикина чIогIа оьшуш хилар тидаме а эцна, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, Нохчийн Республикин Яздархойн союзо, Нохчийн Республикин «ДАЙМОХК» газето а цунна лерина вовшахкхетар дIахьур ду Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови залехь 11 сахьт даьлча.
Цу даздаре ван луучунна неIарш йиллина хир ю!
Шамсудинов Бувайсар
![]() |
В МИД России Армению обвинили в «попытках переходить на шантаж»
Володин: У уехавших из РФ осужденных заблокируют имущество и ограничат водительские права
РОСТОВ. В Ростовской области зафиксирован резкий рост продаж успокоительных
КАЛМЫКИЯ. Число гостей фестиваля лотосов в Калмыкии за год выросло более чем вдвое
АЗЕРБАЙДЖАН. Азербайджан и Турция упростят таможенные процедуры в рамках Среднего коридора
АЗЕРБАЙДЖАН. Пашинян рассказал послам арабских стран о Зангезурском коридоре
АЗЕРБАЙДЖАН. Баку и Ташкент обсудили перспективы развития отношений
АЗЕРБАЙДЖАН. Конференция прикаспийских стран пройдет в сентябре в Иране