Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Зуламхочо ойла ца йо, ша бехк боцчу нахана бечу балех


Просмотров: 1 196Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Экстремизм, терроризм – дукхе дукха даккхий зуламаш ду уьш, кху т1аьхьарчу заманахь къасттина. Дала адамо шена т1е куьг кховдор магош дац. Иза иштта хилар билгалдина а ду: «Шен дег1 дийна волу стаг, жоьжаг1атахь хир ву»,- аьлла. Террористо дуьненан рицкъанах 1ехалой, ваха а воьдий цхьа х1ума эккхуьйту. Цунах дуккха нахана зулам долу.


Вайна тахана коьрта оьшуш дерг х1ун ду? Дера ду вайн варх1е дайшкара схьадеъна г1иллакх, г1уллакх, оьздангалла. Хьовсал шу, вайна юккъехь а нисло воккханиг д1а а тоьттуш, некъ хедош болу кегийрхой. Мел эхь ду иза! Хила йиш йолуш х1ума ма дац иза. Машенаш хоьхку сов чехка: йочане елахь, т1е хатташ бетташ, йовха зама хилча, т1е ченаш етташ. Некъашца т1ам т1ехь санна, леш адамаш ду вайн.


Хьалха хиллачу куьйгалхоша вайга баьхнарг х1ун дара? Дин толур ду, хаза дехар ду, маьрша хир ду, Делан калам хьала а ойур ду…. Ткъа х1ун хилира цунах? Дин ца тоделира, адамийн аьттонаш буьйхира, шина т1амехь ерриге а Нохчийчоь аьтта охьа а йиллира. Х1инца уьш, Делан къинхетамца, д1адевлла. Хьехархоша дика мел дерг хьоьхуш ду. 1елимнаха а, шайна Дала беллачу ницкъаца, хьехамашкахь г1иллакх, оьздангалла, Дала хьарам дина долу х1умнаш довзуьйту. Везачу Дала вайн лелочу г1уллакхан т1аьхье беркате йойла, ийманехь нисдалар а, г1иллакх-г1уллакх довзар а лойла!

Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан А-Хь. Кадыровн Указаца нийса а дог1уш, 2002-чу шарахь дуьйна 6-чу сентябрехь билгалдоккхуш ду къоман цхьааллин а, цхьабарт хиларан а де. Цуьнан 1алашо ю къаьмнаш ца къестош, вовшашка ларам кхиор, маьршачу дахарна, къинхьегамна уьш вовшахтохар. Нохчийн Республикан къам шен орамашка кхийдаш, вайнехан тоьлла г1иллакхаш дендеш ду: хьаша-да т1еэцар, доттаг1алла, вовшашна г1о-накъосталла дар. Тахана нохчийн къомана шен кхане РФ-н къаьмнашца цхьаьна бен ца го, и ч1аг1дина референдумо, Конституции т1еэцаро, Президент а, Нохчийн Республикан Парламент а харжаро. Маьршачу дахарна дуьхьал болчу ницкъийн кхин аьтто хир бац халкъ керлачу политикан авантюраш юккъе ийза, экстремисташка ша 1ехадайта. Цхьабарт болуш, вошаллин накъосталла деш, пачхьалкхан а, юкъараллин а ницкъаш цхьаьна а тоьхна, хьанал къахьегаро бен кхачор дац вай коьртачу 1алашоне – республика кхоччуш юхаденъяре.


Къаьмнийн юкъаметтигаш тоярна а, ч1аг1ъярна а т1ехьажийна федералан а, республикан а т1ег1анашкахь цхьамог1а г1уллакхаш ду деш. Уьш кхочушдаро Нохчийн Республикехь дехаш долчу къаьмнийн юкъаметтигаш тоярехь доккха маь1на леладо.


Терроризм, экстремизм – иза ц1ий ду, вер-ваккхар ду, нанойн белхар ду. Къасттина новкъа дерг террористаша а, экстремисташа а шайн зуламна юкъа кегийрхой ийзар ду. Сан дехар ду массо а дай-наношка шайн бераш оцу зуламах лардар.


Суна луур дара, вайн махкара массо а къаьмнаш ирсе, бертахь дехийла. Иштта суна луур дара, терроризм, экстремизм боху дешнаш а, цара деш долу зуламаш а вайн дахарера д1адовлийла!


Зуламхочо ойла ца йо, ша бехк боцчу нахана бечу балех. Шена дика болх хилчхьана, кхидолчух цуьнан дог ца лозу. Делан оьг1азло хилла адамаш ду уьш. Дала лардойла вай царах.





С. Атабаев.


chechnyatoday.com


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Март 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"