Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Махьмийн ловзар. Группа Нохчо (видео)


Просмотров: 1 349Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Вокально-танцевальный ансамбль «Нохчо» - Махьмийн ловзар

Текст песни и видео:

[media=http://www.youtube.com/watch?v=HBzTbdL8cVw]

Цу хазачу
суьйренца, цхьана хазачу б1аьстенца,
Цхьа ч1ог1а
кечвелла, со ара ма велира,
Ц1ен ненан
хууш дац со стенга вахана,
Со кхайкхина
ма вара цу Махьмийн ловзарга.

Со вахана
д1акхечира цу Махьмийн ловзарга,
Ассалам
1алейкум – Ва 1алейкум Ассалам!
Кегийр нах
г1евтира – хьо маьрша вог1ийла!
Хьаша ву
аьлла со охьа ма хаийра.

Маьхкаршка
б1аьрг тоха со кхиина валлалца,
Нийсархой
г1евтира, хьаша ахь ладог1а,
Соьга схьакховдира
дуьххьара хелхар бал,
Д1ай-схьай
хилина со юккъе ма велира.

Х1ара дуьне ва
дерриг сай ду моттара,
Цхьа ч1ог1а
хаза хетта самукъа делира сан,
Т1аккха ас
б1аьрг туьйхира мехкарийн тобане,
Массарел
хаза йара Тумиша боху йо1.

Йо1 езар
т1ехь даьлла ц1ен нана йицйелла,
Ас йо1е
хаттар дира: «Хьо соьга ва йог1ий?»,
Йо1а дош
делира: «Йог1у» -ша ва аьлла,
И ч1ог1а
хаза хетта со хелха ма велира.

Соьца хелха
яьккхира сан хьомсара Тумиша,
Хелхар бал
баьккхина, ловзаран го тесса,
Юххе т1е а
хилина Тумишас элира:
«Тховсехь
д1а йигахь, ца йигахь хьо стаг вац!»

Сел хазачу
суьйренца сайн дош кхочуш дан,
Тумиша ас
йигира со вехачу х1усаме,
Ц1ен нанас
хаттар дира: «Хьо зуда мила ю?»,
Кхера велла
ас хьаша ю элира.

Т1е нускал
далийна, оьг1аз йахана,
Бераш дитина
ц1ен нана д1а яхара,
Цунна
т1аьххье Тумиша дукха сиха д1а яха,
Т1аккха со
висира со цхьаъ берашца.

Сан хьомсара
доттаг1ий масалша ду шуьна,
Шу ч1ог1а
ларлолаш иштачу ловзарехь,
Варелаш,
варелаш, дукха ч1ог1а ларлолаш,
Со санна
дуьсур ду, т1аккха т1аьхьа хир ду.


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"