ДАЙДЖЕСТ: |
Кхечу къаьмнийн векалшна билгалдаьлла ма-хиллара, нохчийн тезетан шен кеп а, куц а ду. Кхузахь гуллуш болу нах шина декъе (кIулле) бекъало: тезетана тIевоьдучу аьтто агIор берш жим-жиманиг кевнан бертехьа, вокх-воккханиг «баьрчехьа». Ирахь лаьттачу кегийчарна тIера охьахевшинчу баккхийчарна тIекхаччалц тезетан дайшца бала бекъа, шайга лацалуш долу гIолаца, вон тIехIоьттинчарна гIортор хила баьхкина бу юьртара а, гонахара тIебаьхкина а нах.
«Самал дала догIу тезетахь, я ца догIу?» - боху тахана. Тезета воьдург – дов, тIом эцна воьдуш ца хиларе а хьаьжна, тIехула тIе, вон деанчуьнца бала бекъа воьдуш хилар билгалдаьккхича, юкъ яьстина ваха дезаш дара, тIаккха салам далар догIуш дац. Амма вайн баккхийнаш, дайша лелийначух херабевлла хиларна тахханалц «АллахIу Акбар» бусалбаллин гайтам ма-хиллара, салам далар верасаша шайн дог эцар лоруш хилча, цаьрга иза дала деза. Амма ца догIучарех, вайн дайша осала леринчарех долу цхьацца хIуманаш, ца лелийча бегIийла хета – вовшашна мара деттадалар. Озабезамаш цигахь ца лелабарх,
гергарлонаш лелон меттигаш дукха ма яй. Хаза доцчух ду: го хедош дIаса лелар, велларг виц а вина дуьненан къамелаш хьалхадахар.
ТIевар, сацар, дIавахар ду шен-шен хила йогIучу кепаца нисйина. Нах сиха боцчу хенахь тезета хIуттуш ца хилла вайн. Малхбуза ламаз динчул тIаьхьа а (Шемилан заманахь вен кхиэл йина стаг цул тIаьхьа вуьйш а ца хилла). Тезетана тIе йогIург йоккха тоба елахь, дагардан ринже лаьллина жа санна, тIегIертар а ца лерина хаза. Вайн дай Iедаташца, велларг кешнашка хьош берш, я тезета богIурш могIане ялх-ялх хIуттуш хилла. Вовшех ца уьйш тоба цхьаьна арайолуш елахь, хIинцца баьхкинчара шайн кеп йоха ца еш, арабовлу. Кхин нах цаьрца арабовла дагахь хилча, царах ца хьерчаш, жимма соцунгIа а хуьлий, царна тIаьхьа хIуьтту.
Тахана ламанца бехачу наха шайн тезеташкахь паччахьана ял дIакхачо кхайкхина баьхкинчу векалшна хIоттош йолу ПРОТОКОЛАН кеп хIоттайо; Iасанашца дуьхьала богIий, шаьш хьалха а бовлий тIебаьхкинарш тезетана тIебуьгу, саца веза меттиг гойту, мичара-муьлш бу хоуьйту. Оццу наха хоуьйту хьан хIун ял еъна. ХIун, муха, мичара ду ца хуучунна и кеп вайн дайшкара ю мотта а ло.
Вайн дайшкара схьаеъна, тезетан кепо гойту – муха, мичхьа тIевахна саца веза, хьаьнга вистхила догIу, араволуш муха вала веза… нагахь санна, тезетан кеп йоьхна-яьржина яцахь, тIевоьдучунна ша лелон дезарг а хаахь.
(с) Саид-Магомед Хасиев
АБХАЗИЯ. Число туристов в Гагрском районе Абхазии выросло на 15%
АБХАЗИЯ. Сколько мандаринов и фейхоа из Абхазии ввезли в Россию?
Ю.ОСЕТИЯ. Саммит G20. Протесты в Грузии и Абхазии. Ядерная война близко?
ВОЛГОГРАД. В области появилась дорога между селами Лозное и Большая Ивановка