ДАЙДЖЕСТ: |
Литературан меттан низамца «пхьоьха» аьлла яздан догIуш дара кхузахь. Амма маьIне диллича, орамашка хьаьжча, лелла некъаш теллича, вай лакхахь ма-яздарра нийса ду. Дуьненчуьра массо а къам чекхдаьлла цхьацца нашан кхиаман тIегIенех. Царех цхьаъ дуьнена Iилмано къасторехь, матриархатах – патриархат къаьстинчу хенахь лелларш ду. Ткъа цхьацца долу дуьненчуьра къаьмнаш цу тIегIанна хIинца а гена довлаза ду. «Мужской союз» олуш къайлаяьккхина тоба хуьлу церан. Бисинчарна цара лелориг, дуьйцург хаа йиш а яц.Цхьа хан-зама яьлча, мелла а амалш малъелча (не в смысле ослабли, а приобрели человечность) юьртана юккъехь, церан бен цу чу ког баккха йиш а йоцуш, доккха цIа (гIишло) хIоттадо божарша, Iилманехь «мужской дом» олу цу цIийнах. Цунах дисинарг ду вай «пхьоьгIа» олург. Кавказерчу массо а бохург санна, къаьмнашна юккъехь лелаш ю иза. Амма гуьржийн, ламаройн, вайн, гIалгIайн бен цIарца цхьаьна йогIуш яц. Цхьа тамашийна хIума а хааделла суна вайн а, гIалгIайн а цхьатера дош нисделча, юккъехь вовшийн барт бича санна, хIуъа дина а цхьатера ца хилийта гIерташ чучхара доккху. Масала, и дош вай хевсураша санна яздеш ду, гIалгIаша – хила ма-деззара. И тайпана масалш далон дуккха а долуш ду.
ПхьоьгIана баха бакъо ерш гIеметта хIиттина, юкъ йихкина, жималлах чекхбевлла, гIаролле бахийта а, хIитто а, пхьа хьарча а, чIир эца а йиш йолу нах бу. Дагалацал вайн зударий (тахана-м митингашкахь церан дош хьалха ду) пхьоьгIанахь дош догIуш бац.
Нагахь санна цхьа хIума юкъадаккха шайна лиъча, воьхий валавой, шайна хетарг довзийта цига векал хьажош хилла цара. Иштта цигахь дош ца догIу кхиазхойн а. Вайн гIад дуткъа далар бахьанехь, кху тIаьхьарчу масийтта бIешерашкахь, юкъяьстина болчу баккхийчеран дош лела доьлла цигахь. Амма хьалха а санна, чIиранна юкъа ца бохуьйтуш битина уьш нохчаша. ПхьоьгIа гIеметта («в возрасте воинов» эр дара оьрсийн маттахь ала дезаш хилча)имам Мансур волчу хенахь 2I шо лелла хиллехь – Шемалан заманахь I5 шаре охьаеана иза. 67 шо – «юкъ йосту хан» аьлла маца юкъадеана хаац. Амма дукхах болчарна моттарехь бусалба динца доьзна ду иза. Мохьаммад-пайхамар, Делера салам-маршалла хиларг, 64 шарахь ваьхна, цуьнан сийнна (нохчаша цунна тIе кхо шо тоьхна).
Цул а хьалха леллачу хенахь – юкъ йосту хан, цхьацца къедаршка ладоьгIча, 63 шо хиллачух тера ду. Бакъду, цул тIьхьа цуьнан герз-м хьовха, шаьлта ехка а йиш ца хилла шатайпана, вай хIинца бежана дуьйчу хенахь лелочух терра, доккха урс лелош хилла шаьлтанан метта. Тахана шаьлта – «кинжал» олуш йолчух чIабдар олуш хилла вайн дайша. Бакъйолу шаьлта ши чхо цхьана агIон тIехь йолуш хилла.
ПхьоьгIана тIевеанчо, тIехволучо салам луш ду. Луш хилла нагахь санна, бухахь берш гIеметта хIиттинарш белахь. Тахана санна куьйгаш кхийдош, вовшийн мар-мара оьхуш ца хилла юьртахой. Нагахь санна, бухахь берш юкъяьстина нах хилча, я уьш вукхарел сов хилча – салам далар аьрхо хIума хеташ хилла, баккхийнаш меттах ца хьебан. Тахана санна шайга салам хIунда ца делла бохуш, жиманиг хьийзош а ца хилла цара. Шаьш кхоош ца деллий хууш хилла цара.
ПхьоьгIана тIевогIург цIов билла марздина, суьйранна керта догIу хьайба санна, хахкалой тIевоьдуш ца хилла. Ша ду мехкан кост дохьуш веъна хилар, ша бахьана долуш къамел юкъах ца далийта, мел лаххара а кхузза соцунгIа хуьлуш хилла тIевеънарг.
ТIаьххьара а ала луург. Цхьацца йолчу ярташкахь, тIеванчунна пхьоьгIанахь стаг ца карийча, юьртана а эхь лоруш хилла. Масала, вай ара дахале Чечанахь сакъоьруш Iаш цхьа нах хилла. Шийла, чаьммаза буьйса хилла арахь ерг. ПхьоьгIа яьсса юьту ца юьту Куршлойн эвлахь, бохург хьахаделла церан къамелана юккъехь. ДIакхаьчча цига бухь стаг хир варий, вацарий бохучунна тIехь и тоба шина декъе екъаелла. Оцу къовсаман цхьа чаккхе лахаран Iалашонца, шина а декъах цхьацца говран бере хьажийна боху цу юьрта.
Шаьш дIакхаьчча, юьртан пхьоьгIане салам кхоьссина тешаш воцчо. «Ва Iалайкум салам, хIара ткъарш а гехь хьо аравалар лаа хуьлийла-м дац», аьлла, салам схьаэцна бухарчарах цхьамма. Салам кхоьссинарг юкъаиккхира бах хаттарна: «ВаллахIи, биллахIи лаа-м муххале дара хIара. Со туьнталг хилар хьалха а даьла, цо вадийна вохьуш вар со-м. Суна массо а дика динарг вар-кха хьо, нагахь, хала дацахь, хьайн цIе йийцахьа. ТIаккха со сихха дIагIур вар-кха!». Бухарчо: «чу а веана»… - боххушехь, шен дин юханехьа хаьхкинера, - бохуш дийцара, цу къонахчуьн цIе а йохуш, чечанхочо. Бухарниг Зама хиллера. Сан дагахь ваьхна стаг ву иза, вай цIадирзанчул тIаьхьо бен кхелхина а воцу.
Иштта леллий, хиллий долчу гIуллакхаша дукха хIума билгалдоккху, хьуна ца моьттучу агIор гIиллакхаш гойту.
(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com
АРМЕНИЯ. Армянский футбольный клуб отказался выходить на матч чемпионата в знак протеста
АРМЕНИЯ. Авиакомпания Armenian Airlines соединит столицы Армении и Грузии
АРМЕНИЯ. В Турции призвали Азербайджан и Армению воспользоваться историческим шансом
АРМЕНИЯ. В столкновении поезда с машиной в Армении виноват водитель – ЮКЖД
АРМЕНИЯ. Карабах частью Азербайджана признал депутат правящей партии Армении
ВОЛГОГРАД. Фанаты Сирии устроили антиамериканский митинг перед матчем в Волгограде
АСТРАХАНЬ. Депутаты Думы Астраханской области поддержали ряд изменений в налоговое законодательство