Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Тамашийна олхазар - халкъан туьйра


Просмотров: 12 724Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Вехаш-1аш хилла цхьа воккха стаг. Ша санна къена ц1ийнанана а хилла цуьнан. Тайна, бертахь дехаш хилла и шиъ. Воккхачу стага денна гихь хьуьнхара а дечиг а кхоьхьуш, ткъа йоккхачу стага лулахошна и д1а а духкуш, цунах шайна юург латтош хилла цара.

Цкъа цхьана дийнахь, белш т1е биллина дечиган мор а бохьуш, хьуьнхара ц1а вог1уш, новкъахь 1уьллуш карийра воккхачу стагана, ког а бойна, олхазаран жима ц1ен к1орни. Цуьнах къа а хетта, схьаэцна чета а йиллина ц1а еана цо и.

 

Доккхачу шина стага г1айг1абар бахьана долуш, к1орни кестта тоелла, кхуьъ-кхуьуш хьалакхиъна, хаза олхазар хилла цунах, жимчу дег1ахь а долуш. Цкъа цхьана дийнахь, г1айг1ане а волуш, чувеанчу воккхачу стага шен х1усамнене аьлла:- Дера, зуда, дег1ера ницкъ д1а а ма баьлла, могуш а ма вац со. Ломан асехь йолчу хьуьнхахь ду ах ц1ей, ах можий а долу 1ежаш. Царех цхьа-ши 1аж белхьара, уыи биъча, талур вара со, дег1е ницкъ а бог1ур бара. Амма, и 1ежаш хилийта, вайн ницкъ кхочур бац.

-Х1аъ, кхочур бац вайн ницкъ, - доккха са даьккхина йоккхачу стага. Цара дуьйцург хезаш, гена доццуш, уьйт1ахь буьртигаш лехьош лелаш хилла жима ц1ен олхазар.

Шолг1ачу дийнахь х1оаш схьаэца яханчу йоккхачу стагана бена чохь 1уьллуш ши 1аж гина. Цецъяьлла йоккхастаг цу Муллакхах. Ши 1аж бохьуш чу а еана, уьш х1етахь дуьйна хьалхачул а ч1ог1а дезаделира доккхачу шина стагана ц1ен олхазар.

 

Хез-хезаш д1ахезна и Муллакх хьалха юххерчу а, т1аккха генарчу а ярташкарчу нахана. Схьаэха бевлла нах, ц1ен олхазар дохка шайна бохуш, дехарш деш. Амма доккхачу шина стага духкуш ца хилла шайна дукхадезаделла олхазар. "Паьххьара а д1ахезна и махкана т1евиллина волчу цхьана воккхачу элана. Цо воккхастаг волчу шен оьзданаш бахийтина, нуьцкъашха схьа а даккхий, олхазар схьа а да, нагахь воккхачу стага дуьхьало еш меттиг хилахь, когах буржалш а тохий, валлалц чохь валлор майрачуьнга д1агайтина.

-Ва, воккхастаг, вайн ц1ечуолхазаро х1оийн меттана, ахь бийцинчехтера а болуш, ши 1аж ма бина. Х1ан, х1орш ду хьуна уьш, хьажал хьайна кхаьрга, - аьлла, майрачуьнга д1абелла цо ши 1аж.

Цецваьлла воккхастаг. 1ежаш буйна а доьхкина, г1адвахана велавелла иза.

- Вайн олхазар, адамашна санна, х1ума хууш хиллачух тера ду Муллакх. Тамашийна дика олхазар ду иза.

Воккхачу стага 1ежаш диъна. Оцу сохьта дег1е ницкъ беана, массо а лазарех товелла д1ах1оьттина и.

йоьллина, олхазар а эцна, чувахана иза. Олхазар д1а а делла, элан оьзданаш д1а а бахийтина, кхо мае т1орказ чу а йиллина, т1ехула дог1а тоьхна воккхачу стага.

Шен оьзданаша деана олхазар къаьеттинчу ц1а чу д1ахецна зло. Денна ваха а воьдуш, ша хьожуш хилла иза ц1ечу олхазаро тамашийна 1ежаш дина-цадина, амма денна биена чохь, шишша xloa бен, кхин х1ума хуьлуш ца хилла. Къанвелла, букар вирзина, г1ожан накъосталлица бен вола а ца луш волчу элана лууш хилла и тамашийна 1ежаш а диъна, юха волуш, набахти чу а волла аьлла. Шега оьзданаша и къамел дича, ца х1оьттина воккхастаг дуьхьало ян. Mlorla г1айг1ане а воьжна, олхазар схьадан дагахь божли чу вахана и. Меллаша воккхачу стагана ша т1е а деана, адамийн маттахь дистхилла олхазар. Оцу Муллакхо вуно ч1ог1а цецваьккхина, воха а воьхна лаьттачу воккхачу стаге цо аьлла:

- Пайг1а ма елахь, сан хьоме да. Дукха зама ялале, могуш-маьрша а долуш, со юха ц1а кхочур ду хьуна. Сан т1омах яккхий кхо мае, дог1а а тохий, хьайн т1орказ чу д1айилла, адаме куьг ма тохийта царах.

 

И дешнаш олхазарера шена хезча, ч1ог1а г1ад а вахана, т1омах яьккхина кхо мае кисана а къонвала а, массо а лазарех товала а, т1аккха адамашкахь 1азап латто а. Кхин олхазаро 1ежаш дийриг а ца хилла,урехьаькхнаиденадийна, кхехка а дина, диъна зло. Цунна моьттуш хилла, цу олхазаран жижиг диъча, ша къон а лур ву, лазарех туо а лур ву. Амма олхазар диъна кхо-диъ де далале, веста а вистина, зла велла. Кхануо, хан-зама яьлча, цомгаш хилла воккхачу стеган х1усамнана. Дагадеъна кхарна ц1ен олхазар. Цунах а, злах а хилларг хезна а, хууш а хилла царна. Х1етте а, олхазаран безамана цуьнан месашка мукъане а хьожур ша аьлла, т1орказ чуьра схьа а эцна, кхо мае буйна йоьллина воккхачу стага. Цу хенахь ц1аьххьана кхуьнан буйнара цхьа мае

 

ц1енкъа охьайоьжна. Оцу минотехь, и мае йолччохь, деллачуьра юхаденделла, д1ах1оьттина кхарна дукхадезаш хилла долу, кхеран ц1ен олхазар. Сов ч1ог1а хазахетта, б1аьргех хиш девлла доккхачу шина стагана. Аьлла цаьрга олхазаро адамийн маттахь:

- Са ма гатде аш, сан хьоменаш, ас кхана дийр ду дарбане 1ежаш; уьш диъча, йоккхастаг, лазарех то а елла, хьалаг1оттур ю. ШолМачу дийнахь, олхазаро бина ши 1аж а биъна, лазарх тоелла, къонъелла, дег1е ницкъ беана, меттара хьалаг1аьттина йоккхастаг. Х1етахь дуьйна чlorla самукъане даха доладелла доккха ши стаг. Иштта тамашийна а, дика а хилла церан олхазар.

 




checheninfo.ru


Источник: "Стела1ад"- 4.2012г.

Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Апрель 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930 

Здесь могла быть Ваша реклама


Вечные ссылки от ProNewws

checheninfo.ru      checheninfo.ru

checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"