| ДАЙДЖЕСТ: |
(Узбекийн туьйра)
Боккъал хилла ду я дац, Дийца хууш стаг а вац, Амма хилла, боху, вехаш Таллархо – малонча, гІенах Талла лела Іемина, Берриг болх и лерина.
Иштта цхьана дийнахь, халла Меттахваьлла, вахна талла. Лела-аш, гина цунна цхьа, Чохь хин лелаш – елла бад.
Къахка ца ян, меллаша Герга вахна, тебна Іийна, Боккъал хилла ду я дац, Дийца хууш стаг а вац, Боккъал хилла ду я дац, Боккъал хилла ду я дац, Дийца хууш стаг а вац, Амма хилла, боху, вехаш Таллархо – малонча, гІенах Талла лела Іемина, Берриг болх и лерина.
Иштта цхьана дийнахь, халла Меттахваьлла, вахна талла. Лела-аш, гина цунна цхьа Чохь хин тIадам боцу Iам, Iам чохь лелаш – елла бад. Къахка ца ян, меллаша Герга вахна, тебна Іийна, Шен лаг доцу топ хьажийна,
ХІоъ ца тухуш, бад йожийна, Доьхкарх дІа и оьллина, КхидІа толлуш хилла цо, Экха лоьхуш цхьа доккхуо. Лелаш, цунна яй карийна – Бух а боцуш, тамашийна. ХІума яа дог а хилла, Сихха дечиг цо гулдина! Тило хиъча тІаккха бад, Аьлла, боху, бедо: «Вакъ!»
Вакъ а аьлла, хІоа дина. И юьстах а диллина, ЦІе латийна, Бад кхехкийна, Вуззалц хІума йиъча цо, Диънарг хилла дийнна гІогІ. Йиснарг тесна гали чу,
Белшах тесна тоьпан гІуркх, ДІаваха и тохавелча, ХІоа юккъех декъаделла, Цу чуьра схьаяьлла гІаз Йолаелла, техкаш раз. | ГІадвахана таллархо, Сихха тохавелла, цо, Бецех нуьйр а юьйцина, ГІезан букъа тІехь юьйлина. Коьртах йолла гІерташ дуьрста Охьабоьжна кІен ши буьртиг. Таьлсаш дуьзна цу шиннах, Уьш гІезан ги дихкина, Гали цу тІе диллина, Ша тІехула тІехиъна,
Цо шен цІехьа юм йина. Таьлсаш хилла жимма доьхна, Цхьа кІен буьртиг охьабоьжна. Лехна цо и, сарралц лехна, Сарахь лехна, буса лехна.
ТІаккха хьаладаьлла кІа, Таьллаш санна, лекха цхьа. Тилавелла цу юккъехь, Догдиллича карон некъ, Стиглара чубоьжна херх.
Цкъа а бина воццушехь, ДІахІоьттина, цо болх бина – Кхаа буса, кхаа дийнахь, Ткъа цул тІаьхьа – кхаа шарахь,
Дерриге кІа хьаькхна валлалц. Хьаькхна, эрина и ваьлча, ЦІехьа некъ а мукъабаьлла. КІа цІа даьхьна хьалха цкъа, Таьллаш санна долчу чах, Юрт гулйина, цІенош дина, Ловзар дина, той хІоттийна.
Дилла, дохка меттиг йоцуш, Дукха долу и кІа охьуш, Дама духкуш базарахь, Яьккхина цо зама цхьа. Ахча цо гулдина шорта, Йоцуш цхьа а барам-чот а. И галеш чу дерзийна, ТІедоьттина гІезана, ЦІехьа йорт цо ерзийна.
Той диина ваьлча ша, Хьер а йина, ахьа кІа. ГІезан церг а яьккхина, Цунах хьеран тІулг бина.
ГІаз цкъа халла меттахъяьлла, Мохь базбелла, гал а яьлла, Йоьжна тІаккха, даьлла са, Галеш даржош лаьтта дІа. Ахча ги а тоьхна шена. |
![]() |
ГРУЗИЯ. Баку и Тбилиси обсудили партнерство в области военного образования
ЧЕЧНЯ. Единство в многообразии: в ЧГУ обсудили пути укрепления гражданского согласия в России
ГРУЗИЯ. Евросоюз потребовал у Грузии ввести антироссийские санкции
ГРУЗИЯ. Ереван вступает в ЕС. Отношения России и Армении. ОДКБ отчислит Армению? Итоги выборов в США
ГРУЗИЯ. Астана хочет поставить по "Баку-Тбилиси-Джейхан" 1,7 млн т нефти
ИНГУШЕТИЯ. Легковушка с детьми врезалась в опору ЛЭП в Сунже: четверо пострадавших
ЧЕЧНЯ. В Чеченской Республике действуют около 1,6 тысячи мечетей
АБХАЗИЯ. Россия и Абхазия готовятся к пику сезона экспорта мандаринов