| ДАЙДЖЕСТ: |
Цхьана дийнахь веара Муслим:
- Деллахь, Ваха, Элиста ваханера со, хьоьгара юхалург ахча а даьккхина. Цигахь вокзалехь цхьа нохчийн зударий нисбелира суна, т1амах бевдда баьхкина. Уьш Волгограде д1абаха г1ерташ бара, ткъа билетана ахча ца тоьура церан. И хьоьгара даьккхинчу ахчанах царнна билеташ а эцна уьш новкъа бехира аса. Йоккха юьхьк1амо хили суна оцу ахьа деллачу ахчанах. Мелла ахча декхар вара со хьуна?
Лулахо
Г1алмакхойн махкахь 1аш волчу Вахин лулахо яра цхьа йоккстаг. Цхьана дийнахь б1аьстенан юьххьехь оцу йоккхачу стеган х1инцца кхиина дог1уш долу цхьа котаман к1орни деънера Вахин кертарчу ц1азамашна юккъе. Вахас д1акъахко тоьхначу г1ажах, ца товчу а кхетта, далар хилира к1орнин. И к1орни а эцна вахара Ваха лулахо йолчу и цунна гайта. Йоккха стага корта а ластийна шен къахетар гайтира, амма кхин дов ца хьендира. Цул т1аьхьа дикка хан яьллера. Шен Элистара баккхийра к1ентий, йо1арий, берийн бераш а даьхкина хазахетта йоллура лулахо йоккха стаг. Юург, мерг а оьшур ю-кха цунна - аьлла, керта а вахана тоьллучех схьалаьцна борг1ал а эцна вахара ваха лулахочун уьйт1а. Йоккха стаг ца кхеташ лаьттара, борг1але а хьоьжуш. Х1ара аса б1аьстана юьххьехь хьан дийна к1орни ду... цуьнан метта, - кхетон г1оьртира Ваха. Йоккха зуда кхийтира эххар а, дицделла ца хиллера цунна шен к1орни. - Аса бусалба 1едалехь урс хьакха мегар дуй х1окхунна аьлла, пурба а даьккхина, оьзда урс а хьакхина д1аелира Вахас борг1ал. Кхин х1умма а хьайна эшахь, эр ду ахьа, лулахо, - аьлла.
![]() |
ЕС наращивает военные контракты с Израилем на фоне гуманитарной катастрофы в Газе
Рост доходов россиян в 2027 году замедлится до скромных 2–4%
ЧЕЧНЯ. Студенты ЧечГУ погрузились в историю героической обороны Грозного
Израиль готовит официальную резолюцию о признании Геноцида армян
СМИ: Иран готовит крупнейшую похоронную церемонию в своей истории
ДАГЕСТАН. «150 тысяч гранта и 10% надбавки: какие ещё сюрпризы приготовил Дагестан для учителей»
Пезешкиан сообщил о разблокировании $6 млрд иранских средств