Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Турпала к1ант


Просмотров: 12 162Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

Бер а доцуш зудий, майрий хилла боху 1аш.

Церан беран мета еана, эцна кхела бекъа хилла боху, зуд хилла боху.

Зуьдо к1езий деш цахилла боху, кхело бекъа еш цахилла боху, зудчо Бер деш цахилла боху.

Ишттачу г1айг1анца къанлуш 1ачу зудчунна г1ан дайна боху буьйсанна охьайижча.

  

Боккхачу новкъа а яьлла хьо хьалайоьдуш цхьана беша 1аж карор бу хьуна, и 1аж схьа а эцна, схьа а беъна, цуьнах ахьа хьайни, оцу кхеланий. Оцу зуьданий бекъа а бекъна, нийсса кхо ах а йина, ахьа и 1аж баабахь, ахь турпал к1ант вийра ву, кхело турпал бекъа йийра ю, зуьдо турпал к1еза а дийра ду аьлла г1ан дайкха шена аьлла шен ц1ийнадега дийцина цу зудчо.

 

Дала диканна туьдийла хьан г1ан – аьлла ц1ийнадас, хьайга аьллачу новкъа д1аг1олахь, Дала мукъалахь и 1аж каро а мега хьуна.

Т1аккха и зуда цу новкъа яха а яхна и 1аж а бахьаш схьеъна боху.

Хаза ламаз дина и ламаз карахь а долуш, 1аж кхо дакъа а дина бекъна боху.

Т1аккха дукха хан ялале цо турпал к1ант вина, кхело турпал бекъа йина, зуьдо турпал к1еза а дина боху.

Иштта уьш 1аш, к1ентан ворх1 шо кхаьчна. К1ант хьужаре деша д1авелла.

Цхьана дийнахь оцу зудчунна бекъа езаелла, цуьнан дог-пахе безам бахна боху.

 

- Стаг, со оцу бекъин дог-паха дезаделла ю, и ца диъча мегар йолуш яц, и бекъа ен еза ахь – аьлла боху.

 

- Делахь, зуда, оцу кхаанна са цхьана кхоьллина ду, оцу цхьана 1ожах кхоьллина а ду, бекъа йича цу вайн кантах х1ун хир ду техьа – аьлла ц1ийнадас.

 

- Х1инца и к1ант лахь а, цу бекъин дог-паха цадиъча мегар йолуш яц-кха со – аьлла зудчо.

 

Хьуьжаре ваханчохь к1ант сацаве аьлла моллица барт а бина, бекъа йен сацам бина кхара.

 

1уьйранна к1ант хьужаре д1аваха араваьлча бекъа терсина к1анте олуш:

 

- Хьо ц1ахь воцуш селхана со йен къамел дина хьуна цара, хьо хьуьжаре д1аваххалц 1аш бу хьуна уьш.

 

Со божличуьра арайоккхуш цкъа терсар ю хьуна, охьатухуш шозлаг1а терсар ю хьуна, логах урс хьокхуш кхозлаг1а терсар ю хьуна, хьо Суна т1е цакхиахь, со йиначу кхочур ву хьо.

 

Делкъана бераш арадовлуш, к1ант ара ца валийтина боху к1ант.

 

- Аравалийтахьа со, са а ма ду арахь г1улкх – аьлла к1анта.

 

- Волуьйтур вац, валийта йиш яц – аьлла моллас.

 

Бекъа терсина боху. Аравалийта ша элира боху к1анта.

 

Цавалийтира боху моллано.

 

Шоллаг1а а терсина боху бекъа. К1ант юха а ара ца валийтина моллано.

 

Кхозлаг1а бекъа терсина боху.

 

- Хьоьх долу эхь-бехк Дала лоьрийла – аьлла – х1ара т1ара хьан бетах цатоьхча ца волу – аьлла, ласттийна тара тоьхна мола т1ек1ел а ваьккхина хьаьдда вахна ц1акхаьчна к1ант. Ц1ахь, говра д1айихкина охьатоьхна, бисмилла-оллох1уакбар доьшуш 1аш к1ентан да хилла.

 

Ша т1екхоччушехь т1ара тоьхна шен да кхоьссина д1а а вахи1тина к1анта аьлла:

 

- Хьуний, молланий ца тоьхча цавели-кха ша х1ара т1ара.

 

Бекъа хьалаг1еттина, хьо т1е цакхаьчнехь юьш яра-кха ша кхара аьлла.

 

Шоллаг1чу дийнахь шен хьуьжаре д1авахна к1ант. Зудчо ойла йина, х1ара к1ант д1овш тесна валийта веза ша, цу бекъин дог-пах цайиъча мегар йолуш яц ша аьлла. Зудчо д1авш тесна ч1епалгаш дина к1ант цавале. К1езанний, бекъанний хиъна иза, цара к1анте д1адийцина, т1аккха аьлла:

 

- Хьайна хьалха йиллина х1ума ма яалахь, ма дукха йиъна алий, хьайца чудеъначу цицигана д1а а тассий аравалалахь.

 

К1ант ц1авог1уш зуда дуьхьал а яьлла аьлла:

 

- Нана яла хьан, хьо сайн цхьаъ бен воцу дела хьуна довха ч1епалгаш а дина 1аш ю-кха со.

 

- Дика ду, мама, х1инцца куьйгаш а дилина схьавог1у со.

 

Нана араяьлчи, шен юург цицкана д1а тесна к1анта, цициг оцу сохьта делла. Йисинарг къайла яьккхина.

 

Зудчо ойла йина кхуьнах а цавели-кх х1ара, ас дера деза кхунна сийна ц1е лета догур долу коч-хеча эца аьлла.

 

Ткъу бекъо юха а д1адийцина иза к1анте, шена т1е цавог1уш чу а ма г1олахь аьлла, чу вахча коч-хечий т1е а ма духалахь, хи т1е а вахна, лийча а лийчина духур ду алий и шиъ хичу а тасий д1ададахийта, т1аккха кхечу туькнара ишттанаш эций уьш т1к а духий схьавола , аьлла хьехна бекъо.

 

К1ант ц1авеъча нана дуьхьала яьлла:

 

- Ас хьуна коч-хечий эцна, т1едухал хьайгахьа муха хета хьажа – аьлла.

 

Бекъо ма-аллара хи т1е вахна к1ант, коч-хечий хичу кхоьссина, уьш сийна ц1е летта дага а догуш хино д1адаьхьна. Т1аккха туькана а вахна, вукхарех терра кхин коч-хечий а эцна уьш т1е а дуьйхина ц1а вахна.

 

- Ваннах, х1ара вала а вела, сунна дог-паха гура дац, стаг, х1инца кхин къамел цадойтуш, моллега к1ант саца а вайтина и бекъа кхана ен еза вай – аьлла зудчо шеен майрачуьнга.

 

Бекъо д1ааьлла к1анте:

 

- Х1инца юха а со ен барт бина 1аш бу хьуна уьш, хьо хьуьжарехь саца вайтина моллега.

 

- Цу хьуьжаре а г1ура вац кхин со – аьлла к1анта – адам схьагулдан деза.

 

Нах схьа гулбина, пхьоьг1анехь аьлла цо:

 

- Бер доцуш 1ийна да-нана дара сан, Бера меттана х1ара зуд, х1ара кхела а яра кхеран лелош, иштта г1ан а гина, цу г1енаца дас г1о аьлла яхна 1аж а биъна, цу бахьанца дуьненачу даьлла а дара шаьш кхо са – к1еза дийча ша лийра волуш, бекъа йийча а ша лийра волуш, со вийча уьш лийра долуш.

 

Х1окху бекъанан дог-паха дагаеъна, иза яаархьама, сан нанас цкъа д1овш тесна юург а кечйи суна, шозлаг1а сийна ц1е леташ йолу коч-хеча ийци, юха молланега со хьуьжарехь саца а вайтина бекъа ен гирти х1орш, и цаейта т1ара туьйхи ша цкъа дена, шозлаг1а моллина иштта бехкала а ваха. Со д1аваха волу, со махках вала волу, сан кхин кхузахь 1ойла дац. Схьало сан, турпал к1еза, схьало сан турпал бекъа – аьлла, т1е а кхайкхина, шеен бекъан т1е а ваьлла, 1одикайойла сан йижарий, вежарий, 1одикайойла сан мехкан дай аьлла к1ант д1авахара.

 

Маситта дийнахь некъ бина к1анта. Лелаш исс корта болчу Хожин махка кхаьчна иза. К1анта аьлла шен бекъегий, к1езегий:

 

- Со к1адвелла, со охьавижа волу, нагахь сана вайна т1е х1ума йог1уш хилахь, суна ког тохий со самаваккхалаш, шаьшиъ ма латалаш.

 

Х1орш махка баьхкина тоса а Белла исс корта болу Хожа хилла дог1уш багах суьйнаш а туьйсуш. Кхело ког тоьхна самаваьккхина к1ант. К1анта аьлла:

 

- Цхьа сунна т1е ма кховдалаш со к1ел цависахь, со к1ел висахь т1аккха г1о дийра ду аша.

 

Ч1ог1а лета и шиъ. И шиъ леташ цаьршимма д1аетташ йолчу 1аьнаро дохк х1оттийна вовшен ган а цагуш, цаьршимма д1абетташ болчу когаша г1одаюккъалц лаьттах вахийтина и шиъ. Т1аккха шаьшиъ лаьтта ваха воьлчи к1анта тур хьоькхуш кортош даха долийна Хожин. Барх1 божийча, иссалг1а битахьара шена аьллаХожас, ша йинчу г1алийн да вийра вара хьо аьлла. Ткъа паччахь вина чухиъна Хилла иза цу г1алина. Кхина ла цадуг1уш иссалг1а корта тоьхна схьа а баьккхина, шеен таьлсаш (сумка через плечо)

 

Чу а тесна, барх1 кортий, 1уьллуш долу Хожий дита а дитина д1авахна и цу г1алийчу, Хожа 1ийначу мете.

 

Цигах Хилла Хожас яцош йо1, цуьнана г1улкхаш деш, цунна юург еш г1арбиш (служанка) , генара вог1уш к1ант гинчу йо1а мохь бетта болийна:

 

- Дела доьхьа ма ваг1ахьара хьо кхуза, исс корта болу Хожа т1екхачахь цо вуьйра ву хьо.

 

Кху махка адам дан даьхьаш дацара, кху махка цхьа Адам долуьйтуш дацара – аьлла.

 

К1анта аьлла:

 

- Исс корта болу Хожа кхин кху наь1арга дог1ур дац. Цо кхин хьо хьийзора а яц. Барх1 цигахь бу хьуна, цхьаъ х1ара а бу хьуна –гарс аьлла корта охьакхоьссина – и новкъара д1адаьлла хьуна!

 

Т1аккха к1анта хаьттина ц1аяха лаьий хьуна аьлла. Шена юьрта яха эхь хетар ду аьлла йо1а.

 

Йиша хила лаьий хьуна – нанас вина ваша хир ву ша аьлла.

 

Девеший шича хила лаьий хьуна - шича хир ву хьуна аьлла.

 

Нанас вина ваша хила, хьо шен нанас вина а цахилча, де веши шича хила, хьо шеен девешина вина а цахилча ша муха эра ду. Шена къур1ано, жайно ма-баххара хьан х1усамнана хила лаьа аьлла йо1а.

 

Эццигахь мах а бина зудий, майрий хилла цаьршинах.

 

Деррига а адам исс корта болу Хожа д1адаьлла бохуш оьхуш хилла цига, цу Хожас махках даьхна долу адамаш хилла уьш.

 

Цхьа зуда еъна ладог1а к1ант Хожех муха тоьлла, к1анта цадийцина, иштта лата кхоьллина ву-кха ша аьлла 1ийна. Иза д1аяхча чохь аьлла цо, шеен г1одаюккъахь цхьа шаьлта ю аьлла, иза д1аяьккхича ша турпал хир вац аьлла, ша вела ву аьлла, ткъа важа араяьлла зуда г1ам хилла, иза цициг хилла чу а еъна. Маьнги к1ел ладуьйг1уш 1аш хилла, цунна хезна к1анта дуьйцург.

 

К1анта аьлла нагахь сана ша ара ца валахь, тохий не1 схьа а еллий чудуьйла, шен г1одаюккъехь шаьлта юй хьажа. Дей, буьсий д1адаьлла иза ара ца волуш. Не1 йохийна чоьхьаяьлла бекъа, д1асакарчийна 1ант, ца хилла доьхкий, шаьлтий. Араиккхина деда доьдучу к1езина кула т1ехьа лечкъина 1аш долу г1ам гина. Т1екхетта схьа а лаьцна, ша вовшах доккхур ду хьо, схьадийца мича даьхьна шаьлтий, доьхкий аьлла.Ша к1езо билггал дуьйра дуй хиъча, даьхьна х1орда чу кхоьссина ша аьлла г1омо. Т1аккха аьлла , Хожин исс корта баьккхинчу цо, кхузахь адам даха а дуьтур дац аьлла иза валийта д1адаьхьна ша аьлла.

 

Х1орд бекъа Белла, цу чохь 1уьллуш гина доьхкий, шаьлтий. Бекъега г1ам д1а а лацийтина, к1еза х1орда чу иккхина шаьлтий, доьхкий схьа деъна.Т1аккха чу а даьхьна уьш к1антана т1е охьадиллина, цуьнан зудче г1одаюккъе д1а а дехкийтина, к1ант аравалийтина.

 

Г1ам д1а а х1оттийна аьлла, хьокхо даьхьнера хьан шаьлтий, доьхкий. Турпал к1езой, турпал бекъас д1асаозийна ши дакъа дина боху оцу г1омах.

 

И берриге а Бахам шайна а болуш, и зуда а йолуш, оцу дех-ненах д1а а къаьстина, цу геначу махкахь ваха хиъна боху и к1ант.

 

Дика мел дерг вайна хуьйла, вон мел дерг гена а долийла.

 

Шаипов Саида д1аяздина Магомадова Нурбикера йина йолчу 1917ш. Урус-мартана яхархо.




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"