ДАЙДЖЕСТ: |
Уциев Абу, яздархо, НР-н культуран Министерствон халкъан кхоллараллин ЦIийнан белхахо
Адамо адаме шен хьежам, шен лаам, шен лазам я шена хилла халахетар, хазахетар довзийтаран гIирс хилла ца Iа мотт. Иза адаман ша схьадаьллачу орамашца йолу зIе а, дахарехь цо шен дуьне схьадоьллу догIа а ду. Я Дала муьлхха а цхьа адамийн тоба, къам хиларан билгало еш, иза кхечу къаьмнех къастош, цунна даха а, кхиа а, шена Iамал ян а делла деза, сийлахь совгIат ду мотт.
Нохчийн нехан даима чIогIа хилла ю ненан маттаца а, дайн кхерчаца а, шаьш бинчу махкаца а, дайн кешнашца а йолу зIе. Сибарехахь йоккхучу хенахь мел нохчий белла, шайн гIийлачу доIанашкахь Деле, гIена-кхоьлах мукъа а, цкъа бIаьрг тоха Нохчийчоь юхагайтар доьхуш.
Меттан мехаллашца цхьаьна, дайша битина гIиллакх-оьздангаллин некъ нийса кхетор, цуьнга заза даккхийтар, къона чкъор шен нохчаллехь кхиор ду эра дара республикин культурин кхерчийн коьрта декхар. ХIунда аьлча, цу башхачу жовхIарех хадахь, делла лара мегар ду къам.
Цхьанна а къайле ма яц, муьлххачу а зиэрийн балех хьалхадоккхуш, эзарнаш шерашкахь вайн халкъ дохарх лардинарг цуьнгара нохчалла хилар. Ткъа ненан мотт – нохчаллин корта я халкъан са ду, ша цахуург вуьйцур вац вай, ледара хуург а, нохчи лара амал а доцуш. Цундела мотт лоруш, цуьнан сий-пусар деш, халкъан иэсехь шена йогIу меттиг нохчийн маттана дIаялар Iалашо йолуш ду, Мехкан Куьйгалхочо Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана хIора тIедогIу 25-гIа апрель нохчийн меттан Де лорийла аьлла, шен Указаца мехкан нахана тIедожор а. Дела реза хуьлда цунна! Ша шен ненан меттан санна, Дала сий а дойла!
Мехкан Куьйгалхочо культуран белхахошна хьалха хIитийна декхарш кхочушдеш, карара шо доладелчахьана (хьалхара кхо бутт) жима а, йоккха а 25 мероприяти йина тхан коллективо. Царех ю: «Бекалахь, Ненан мотт», «Дахаран масалш», «ГIиллакхийн суьйре», «Деган мерзаш». ХIинца а чекхъялаза дIахьош ю «Нохчийн хелхар», кхиерш.
Республикин пачхьалкхан а, муниципальни а культуран кхерчашкахь ламаст хилла дIахIоьттина ду вайна юкъахь баьхна, шайл тIаьхьа даха иллеш, эшарш, я кхийолу материальни йоцу мехаллаш юьтуш дIабаханчу нехан сийнна, кхоллараллин суьйренаш яр а. Царех яра, Нохчийн Республикин халкъан артисташ Димаев Iумар, Шаипов СаIид дагалоцуш, оха вовшахтоьхнарш а. Нохчийн гIиллакхан сийлахь деза жовхIарш дара цига баьхкинчу нахера кегийрхоша схьаэцнарш. Хаийта билгалдоккху, республикин культура кхиарна юкъа хазна йиллинчу наха бина болх схьагулбеш, дIаязбеш, халкъан кхоллараллин ЦIийнехь тхаьш церан архив вовшахтухуш хилар а…Алийша, къоман амал дуй Эсамбаев Махьмуд, Димаев Iумар, Джамалханов Зайнди, Эдисултанов ШитIа, Магомедов Султан, кхийолу лараме цIерш йицъян. Нохчийн маттахь, нохчийн дашца, нохчийн халхарца, нохчийн мукъамца бен, Iалашдалур дарий цара кхоьллина халкъан башхачу жовхIарийн хьал? Тахана культуран белхахоша нохчийн маттахь дIахьош ю еригге шайн белхан кхеташонаш (оьрсий а, кхидолу къаьмнаш а деха ши район юкъараяьккхича), семинараш, дискуссеш, исбаьхьаллин выставкаш а. Кхоллараллин тобанашца вовшахтоьхна болх а бу нохчийн маттахь кхетош. Тахана санна дагадогIу, кегий долуш дедас Юсупа сих-сиха тхайна хазийна дешнаш: «Оьрсийн а, муьлхха кхиболу а мотт Iамабе, даха атта хир ду шуна. Амма шай мотт, цхьана а маттал эша ма бе, нахана осал хетар ду шу».
«Шен ненан меттан пусар ца дечо, лорур а бац, сий а дийр дац кхечу къоман меттан», – олура нохчийн меттан Iилманчас, фольклорталлархочо Джамалханов Зайндис.
ТIаккха ледара дIахIоттийна хила амал дарий республикин пачхьалкхан а, муниципальни а культуран кхерчашкахь нохчийн маттаца йолу уьйр, марзо? Цу маттахь схьаоьцуш, цу маттахь дIаязъеш, цу маттахь кхетош бен вовшахтухийла ма дац къоман синмехаллаш: иллеш, эшарш, мукъамаш, туьйранаш, шира дийцарш, кицанаш, аларш, забарш, хIетал-металш…Шайн маьIница, вовшахтохаран башхаллица оьрсаша а, кхечу къаьмнаша а дIаязйинчех къаьсташ ю нохчийн халкъан легендаш, мифаш, новеллаш, преданиш (халкъан хьекъал), кхийолу жанраш а. Цундела, шайца йолу мехаллаш ларъян, нохчийн мотт оьшу уьш дIаязъян а, йийца а, йовзийта а. Шайн чулацаман а, маьIнин а кIоргаллех ца талхош, кхечу матте даха хьовсал нохчийн яхь, юьхь, эхь-бекх, оьздангалла, цхьамогIа кхидолу дешнаш. Дахалур ма дац. Я герггарчу маьIнехь лелаш долчара цаьргахь йолу йовхо а, токхо а, марзо а лур яц. Стохка ду-кх, рогIера киншка зорбане йоккхуш, «Къонахчун дош» – оьрсийн маттахь кхин бегIийла яздан аьтто а ца хилла, «Слово Мужчины» дита сан дезча. Цунах «Мужское слово» ала бохурш а дера бара. Амма, мухха аьлча а, суна оьшу я ас лоьху кхачо хир яцара. И хууш, цунах кхеташ, мотт лоруш, цуьнан сий деш къахьоьгуш бу республикин культуран сферин белхахой.
Я вай герггара чотт тоьхча, лакхахь билгалбинчу барамал алсам хир дара республикин культурин министерствон учрежденеша нохчийн синмехаллаш кхиорна лерина дIаяьхьначу мероприятешкахь дакъалаьцна адам. Цхьанна а къайле яц, карара шо долуш Мехкан Куьйгалхочо Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана культуран сферин белхахошна хьалха керла, кхин а доккхачу жоьпаллин декхарш хIиттийна хилар. Уьш кхочушдаран Iалашонца юкъаяьхна цхьамогIа проекташ а ю тхан. Царех ю – «Къонахийн масалш тIехь кегийрхой кхетош-кхиоре», «Къанойх дагадовлар», «Дахаран масалш», «Юрт, юьртан сурт» цIерш ерш. И проекташ кхочушъеш хIинцале республикин 4 кIоштахь а, 6 юьртахь а дIадаьхьна лоруш болчу къанойн меттигерчу кегийрхошца мехала цхьаьнакхетарш. И болх муха вовшахтоха беза кхетош, культурин белхахошца цу теманашкахула йиъ семинар йина.
...Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Хатуев Iабдулхьамида дIаяздина бакъдерг а довзуьйту шуна. Даймехкан тIом болчу хенахь, доь доцуш вайна хилла вайн къомах йолчу йоккхачу стеган кIант. Америке ваханчуьра цунах хаам бохьуш веъна цхьа къонах. Шаьш цунна хьошалла а лелийна, иза новкъа воккхуш, хаьттина, бах, схьакарийначу кIентан нанас: «Муьлхачу маттахь хилира шун къамел?» «Нохчийн мотт бицбинера цо, ингалсан маттахь, талмажехула», – жоп делла Махьмуда. «ХIан-хIа, – аьлла йоккхачу стага, – сан кIант ца хилла иза. Сан кIанта цкъа а бицбийр бац шен ненан мотт»... Цо кхетадо нохчашлахь ненан меттан сий-лерам мел боккха, мел беза, мел сийлахь хилла. Хазачу, аьхначу, мазал мерзачу нохчийн маттахь и хьал, масалш а далош, кхетор я цуьнца вайн махкахь дIахьош болчу хийцамийн дай хилла дIахIуьтту йолу тIаьхьенаш кхиор ду культурин кхерчийн декхар. Цунна оьшу кечам а, меттан хаарш а ду аьлла а хета культурин кхерчийн белхахошкахь. Мел лаххара а царех 60 процент НПУ-н а, НПИ-н а нохчийн меттан а, литературин а факультетехь дешна бу, йисина 40 процент – культуран коледжехь.
Дайшкара, наношкара хиъна ма ду вайна, дIаяханчу хенахь нохчийн наха шайн кегийрхой кхетош-кхиор мел доккхачу жоьпаллин гIуллакх лийрина. Жимчух стаг хуьлу зама хилар хиъна царна дейтта шарера иза пхийтта шаре воьрзу хан. Я диканиг, оьзданиг вуочух къастош, нахана а, шена а пайдениг схьаоьцуш, стаг хьекъалехь, кхетамехь кхиа вулу хан. Къаьсттина цу заман чохь бохарх а, галбовларх а, талхарх а чIогIа лар бина шайн доьзал.
– Пхийттара ваьлча дас, девашас я ден доттагIчо жимчу стеган юкъ ехкар, иза кхиа воьлла бохург хилла нохчийн, – олура тхан дедас Юсупа (ваьхна 103 шарахь). – Хьал ца хуъчара воккха хиларан билгало лору и: зуда яло а, шена ваьлла ваха охьахаа а, дахарехь цхьа аьтто лаха а, лела аравала а. И нийса дац. Цхьана декхаро сихвина воцчохь (къеначу ден-нанна доьзалийн доьзалш ган лиъна), зуда, гIеметта хIоьттича бен, ца ялийна хьекъал долчу нохчийчо. Лела а, рицкъ лаха а дена, вешина, шайн цIийх болчу нахана я махко лоручу къонахашна тIаьхьахIоьттина вахана, ша воккха а хилла, кхиъна, ког метта хIотталц йолчу хенахь. Жима стаг шен бераллех къаьста хан ю вай юьйцург. Я иза, нах болчу нахах Iемаш, къонахийн гIиллакхаш схьаэцна, къонахийн новкъа хIутту зама. И «юкъ ехкаран гIиллакх» вайна юкъара дIадалар бахьана долуш, мелла алсамбаьлла культурин кхерчийн болх. ХIунда аьлча, Мехкан Куьйгалхочо царна тIедуьллуш ду, шайна гIо оьшучу хенахь дайн-нанойн тергамза бисинчу кегийрхойн доладар а.
Нохчийн мотт, цуьнгахула нохчийн гIиллакхаш, шира Iадаташ, нохчийн башха ламасташ ца девзича, ницкъ кхочур бацара, кхиаран новкъа хIуьттуш болчу кегийрхошца, дайн Iедалехь лийрина белхеш, синкъерамаш, ловзарш кечдан а, дIадахьа а. Мел атта хуьлу цхьаболчу кIенташца, мехкаршца бийца мотт каро. Ахь кIеззиг кхетам белча тоьу царна, вайна юкъара дIадовла я ширдала доьлла олучу гIиллакхийн мехаллаш гулъеш, хьуна дика накъостий хилла дIахIитта.
И дика гайтира стохка Аргун-ГIалахь оха вовшахтоьхначу «Нохчийн хелхар» цIе йолчу фестиваль-къовсамо. Мел дукха дара кегийрхоша, шаьш лехна, баккхийчаьргара схьаэцна, цигахь гайтина къоман хелхаран башха гIиллакхаш. Жюрихь Iийначу зеделларг долчу хореографаша Ахмадова Аминас, Ганаева Марема, Джабраилов Султана, кхечара а ша-тайпа хаарийн школа ю бохура и мероприяти. Я дуккха а ду цигахь шайна Iемина диканиг. Шарахь, мел лаххара а, цхьа ши бIе и тайпа мероприяти яр нисло вайн пачхьалкхан а, муниципальни а кхерчийн. Дийцаре деш, кхето оьшу аьлла ца хета: нохчийн мотт болчохь нохчийн гIиллакх хилар. Нохчийн гIиллакх долчохь хир ю нохчийн синмехаллаш а.
Къайле яц, мотт вайга ненера кхочуш хиларх. Нана ма ю вайца, кхечу верасел хьалха, мотт буьйцуш ерг: аганан иллешца, дайн хьуьнарех долчу дийцаршца, бераллин мерзачу туьйранашца цуьнга марзо, ларам кхуллуш. Цундела олу вай цунах ненан мотт.
...Аганан гIожца, ненан шурица, литтинчу маттаца кхочуш ю бере шен дайн орамашца йолу зIе. Ткъа ненан дай, иза ша йолччу къомах бен хуьлийла дац. Ишта ца хилча, азаллехь Дала Шен къаьмнаш кхуллур ма дацара маттаца а, гIиллакхашца а, Iадаташца а вовшех къаьсташ. Тхо тIедиссинчу хIусамдена а дайна, «интернациональни» кхоьллина хир дара вай дерриш а. Хала хеташ делахь а, цунах нийса ца кхеташ нах хIинца а болуш бу вайна юкъахь. Шаьш диканиг до моьттуш, нохчийн маттана эшам а беш, берийн бешахь дуьйна оьрсийн мотт буьллуьйту цара шайн берийн дегнаш чу. Аша хIун леладо хаьттича: «Баха атта хир ду царна дуьненахь», – олий, кхетайо и сонталла. Бахарна цара хIун дийр ду ала ца хаьа. Амма, нохчийн маттах хербеллачу дийнахь дуьйна гIиллакх, оьздангалла бохучу кхетамех хаьдда, уьш шайгахь нохчи кхиаран некъана гена баьхний-м хаьа.
Цхьа лулахо вара сан, махкахь а наха лоруш, шен дика цIе йоккхуьйтуш ваьхна. Шиъ кIант кхиина цуьнан оьрсийн мотт дика хууш. Вайн маттахь халла вогIу-воьду ала я могуш-паргIат хатта бен ца хаьа. Цундела довззане а ца девза нохчийн гIиллакхаш, дайн оьзда ламасташ. Воккханиг чувеъча, хьала а ца гIоттура и шиъ тIаьххьалц. Лелар, Iер-дахар оьрсийнчух тера дара. Ас а, бевза-безарша а Iиттарш еш, бехкаш дохуш, ца витарна делахь а, я шаьшшиъ шайх хуьлучух, лаьттачух кхеттехь а, тахана ламаз-мархина тIе а вирзина, вайн хIумнаш Iамо а воьлла.
Ахь хаьттича, боккха бала бу, жимчохь нохчийн маттах хервина, дас-нанас цаьршинна бинарг. Мотт цахууш хуьлуьйтур вара ша олу жимахволчо, нохчийн мотт биц а бина, муьлхха кхечу къоман мотт цул дика хууш ца хилийта...
Мотт – иза шен хин долчу дахарехь бер дуьне довзаре дуьгучу хьекъалан неI йоьллу догIа ду. Мотт ца хилча культура яц. Ткъа культура, уггаре хьалха, вайн могашалла а, хьекъал а, кхетам а, дахаре болчу хьежам а кхиар т1ехь лаьтта. Культура ца хилча, адамана эшам хуьлу литературехь, экономикехь, шен дахар вовшахтохарца доьзначу массо хIуманна тIехь а кхиа. Я адам хилла даха. Цундела баьхна вайн дайша: «Мотт ца хилча, къам а дац», «Шен къомах хаьддарг буо ду, иза цхьана а кхечу къомана хьашт хилла вац».
Вайна хийла зеделла ма ду, муьлххачу а кхечу къоман гIиллакхах, гIуллакхах, оьздангаллех, дахаран Iадатех тIехула кхетам хила а, кIорггера цу къоман мотт хаар оьшуш хилар. ТIаккха нохчийн мотт кIорггера хууш, даггара безаш, лоруш, цуьнан сий-пусар деш воцчо дайн орамашца йолу зIе ларйийр ю бохург аьттехьа а дац. Иштта бакъ ца хета шен меттан пусар доцчо, шена мел кIорггера хаахь а, нехан мотт лорур бу бохург а.
Нуьцкъах махках баьхна, Iедало шайн хийрачу нехан шийлачу неIсагIе хийша дезийтарх, цхьана а дега сагIане тIекъамаш ца беш, мацаллех, балех, лоллех доьналлица чекхбевллачу нохчийн нахе денна дийцийта дезара кегийрхошна, мел беза, мел лараме, мел сийлахь бу нохчочунна шен хьомсарчу ненан мотт. Бусулба нахана ненан меттан сийлаллех кхетам бала тоьур дара аьлла хета, деккъа хIара цхьа делил. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шен умматах болчу нахана, Делан парзаш кхочушдар санна, деза лаьрра шайн Мотт а, шайн Мохк а, шайн Къам а дезар.
Къуона тIаьхье сийлахь дезачу нохчийн дашца, нохчийн амалехь кхиош, кхетош, чIагIдеш, боллучу а мехкан белхи бина, кIадо, мало йоцуш къахьоьгуш ву тахана вайн Мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Баккъалла а оцу кегийрхойх нах болу нах я нохчийн къонахий кхиорехь го цунна Нохчийчоьнан кхане. Цундела, культуран ду аьлла, йоллучу Россех схьакхайкхийна хилла 2014 шо чекхдаьллехь а, оха дIатесна дац керлачу толамашка керла некъаш дахкар. Я нохчийн меттан довхачу, мерзачу, бартечу, кIорггера маьIна долчу сийлахь-дезачу даше заза доккхуьйтуш, кхин а сов баьхначу ницкъаца къахьоьгуш бу эра дара тахана республикин пачхьалкъан а, муниципальни а культуран кхерчийн белхахой.
Источник:: журнал "Нана"
АСТРАХАНЬ. Депутаты Думы Астраханской области поддержали ряд изменений в налоговое законодательство
АСТРАХАНЬ. 68% бюджета Астраханской области на 2025 год направят на социальную сферу
СЕВАСТОПОЛЬ. Проект севастопольской школы стал победителем Конкурса родительских инициатив
КБР. В КБР обсудили строительство объектов социальной инфраструктуры
СЕВАСТОПОЛЬ. В Севастополе 112-летие Качи ознаменовали созданием Аллеи памяти и славы