ДАЙДЖЕСТ: |
Массо а къаьмнийн бу йаздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан охIланаш, са цIена нах а. Церан ницкъ кхочу дахаран зиэделлачух доьзначух шайн хьекъалечу, кхетамечу, исбаьхьчу Дашца шайн къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта а, дуьненахь а шайн дика, хаза гIиллакхаш, ламасташ дIадовзийта а. Цара шаьш бинчу кхоллараллин белхашца, къахьегарца, хьанал хиларца шайна бакъо йоккху муьлххачу а хьолехь халкъе бакъдерг ала. Церан даше ла а дугIу дуьненахь барт-марзо, маслаIат, машар хила луучу адамаша. Уьш бахьанехь цIий, бIаьрхиш кIезиг Iена. Ишттачарах цхьаъ вара I933 шарахь Нажин-Юьртан кIоштарчу Мескитахь вина, къона хан шен халкъаца цхьаьна халонашкахь ГIум-Азин арахь (ГIиргIазойн махкахь) текхна волу Айдамиран Iабдулхьаькиман кIант Абузар.
Генарчу махкахь I3 шо а даьккхина, нохчийн къам Даймахка йухадирзича, шен дай баьхначу йуьртарчу школехь хьехархо а, йеххачу хенахь директор а болх беш ша волуш, Абузара шен коьрта декхар лорура эхь-ийман, эхь-бехк долуш, къоме, махке безам болуш, вовшашца а, кхечу къаьмнашца а уьйр-марзо йолуш къона чкъор кхетош-кхиор. Оцу декъехь тIехдика ларош болх барна, Нохч-ГIалгIайн республикин сийлахь хьехархо, СССР-н, РФ-н дешаран серлонан отличник цIерш йелира Абузарна. Школехь ша кхиамца бечу балхаца цхьаьна къахьоьгура цо нохчийн истори толлуш, исбаьхьаллин произведенеш йазйеш а. Къаьсттина историн темина.
А.Айдамировга кхаьчнарг, кхаж а баьлла, кхаьчна таж, дарж а дацара, ткъа къоман кхолламах бакъдерг: «Маршонан кIентий», «Йеха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Лаьмнийн некъашкахула», «Кхолламан цхьа де», «Калугера йийсар», «Вайн амалш», «Нохчийн историн хронологи» – статьйашкахь, дийцаршкахь, повесташкахь, романашкахь халкъан дахарх бакъдерг йаздарна, дуьненахь йоккхучу хенахь дIасатаIа йиш йоцу ша-шена тIелаьцна жоьпалла дара. Халкъо шена делла и къонахчун сийлахь-деза дарж, кураллин, воккхаверан а хьаса шеца боцуш, корта айббина дIакхехьа хьекъал, кхетам, собар а дара цуьнгахь. Цундела оьхура тайп-тайпана говзаллаш, корматаллаш, хьекъалш, кхетамаш, амалш йолу адамаш цунах дагадовла, цуьнга шайн, халкъан, мехкан а лазамаш бийца, бийцаре бан, балхо а, цуьнан кхетамах, хьекъалх дуьзначу Даше, кIеда-мерзачу матте ладогIа а. Цо шен сица нохчийн къоман хазахетар, халахетар а ловш, хьанал къахьегарна, «ас-со» бахар, тхьамда, хьаькам хила гIертар цуьнан цIийца цахиларна, дахарехь бакъо, нийсо а йезаш хиларна, хьанал-цIена халкъан дуьхьа хьегначу къинна даггара баркалла аларца Абузар I989 шарахь СССР-н Лакхарчу Советан депутат хаьржира халкъо. Нохчийн литература, истори, культура, дийнна къоман синкхетам кхиорехь йукъадиллина беркате доккха дакъа тидаме а эцна, Абузарна йелира «Нохч-ГIалгIайн Халкъан йаздархо» цIе.
Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан Iилманан кхиэташон декъашхоша йелира цунна «Университетан сийлахь профессор»; НР-н Iилманан Академин кхиэташонан декъашхоша – академик; НР-н Дешаран, Iилманан министерствон коллегино – «НР-н халкъан хьехархо»; Культурин министерствон коллегино – «Нохч-ГIалгIайн республикин культурин сийлахь гIуллакххо» цIераш. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультет, Москвара литературин лаккхара курсаш чекхйаьхначу Абузара, иттаннаш шерашкахь ша йаздархойн Союзан правленин декъашхо волуш, дуккха а гIо дира литературехь хьалхара гIулчаш йаха буьйлабеллачу къоначу прозаикашна, поэташна а, церан корматалла, похIма кхиош, книгаш арайахийтарехь а. Йаздархоша шайн гуламехь (2004 шо, «Гумс» газетан редакцехь) НР-н йаздархойн Правленин куьйгалхо хаьржира Абузар, цуьнан кхетаман, собаран, къомана мел дина дика гIуллакхаш тидаме а эцна.
Абузаран романаш, повесташ иттаннаш эзарнаш тираж а йолуш арайийлина нохчийн, гIалгIайн, оьрсийн, украинцийн, туркойн, Iарбийн меттанашкахь. Оцу къаьмнийн йешархоша лаккхара мах хадийна церан, уьш нохчийн къоман дахаран селханенах дог лозуш, карзахечу таханенна орцахвуьйлуш, кханенга дегайовхонца хьоьжуш, Абузара йазйина дела. А.Айдамировн произведенийн турпалхой халкъана йуккъера бу. Халкъан шех цхьа а хьега йиш йоцу декъаза кхоллам бара историн бакъдолчун бух тIехь цо гайтинарг, шен сих чекхдаьккхина, йешархочун тидаме, кхиэле диллинарг. ЦIеначу даггара йаздинчун халкъо цIеначу даггара лаккхара мах а хадийна, цкъа а цхьа а ца ваьккхинчу сий-лараман лакхене а ваьккхина, Абузаран цIарца цхьаьна халкъо олура: «къонах-йаздархо», «халкъан тешаме кIант», «мехкан къонах».
Нохчийн къоман историн галморзахе некъаш, хилла бохамаш, бина тешнабехкаш бевзачу Абузара I99I-чуй, цул тIаьхьарчуй шерашкахь шен статьяшкахь, интервьйушкахь олура, йаздора: «ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана тIехIиттинчу бохамаша дуккха а ойланаш йойту нахе. Оцу бохамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш лоьху. Бехкедо оьрсийн паччахьийн, коммунистийн а Iедалш. ХIаъ, хIокху тIаьххьарчу кхаа бIешарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза а, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шена байта шегара дуккха а бахьанаш, гIалаташ дийлийтина нохчийн къомо, оцу бохамех лардала хьекъал, кхетам а цатоарна. Керлачу бохамех, шен гIалатех нохчийн къам лардалийта Iалашо йолуш йазйинера ас сайн исторически произведенеш…» Хьекъал, кхетам а болчу Абузара халкъ керлачу бохамех кIелхьарадаккха бинчу хьехаме ла ца дуьйгIира…
Ша дуьйцучуьнга ладогIар кIезиго дуйла хуучу Абузара 2003-чу шарахь (I994-чу шарахь «Даймохк» газетан агIонашкахь зорбатоьхнарг) коьртте хIара дешнаш а йаздина: «Нохчийн къоман ХХI-чу бIешарахь тIейогIучу тIахьенна», «Вайн амалш» – книга арайаьккхира, нийсачу, нахана, махкана пайдечу новкъавала луучо шен къилба лара мегар долу. Иштта бакъдерг хIинццалц цхьаммо а ца йаздина халкъан цхьана декъан амалех. Со «Даймохк» газетан коьрта редактор волуш, сих-сиха редакце вогIура Абузар. Оха дийцаре дора вайн махкахь хIоьттинчу йукъараллин-политически хьолаца доьзна тайп-тайпана хаттарш.
Абузар санначара хIоьттинчу карзахечу хьолах, халкъан историх а бакъдерг ала дезаш зама йара иза. Тхойшиннан дехха къамел хиллачул тIаьхьа, Iедална а, цуьнан тIеIаткъамца карзахдаьллачу халкъан цхьана декъан леламашна, амалшна критика йеш, уьш йемалйеш ша йазйина статья йеара Абузара редакце. «ХIара статья зорбане йаккха ваьхьар вуй хьо?» – аьлла, вела а къежна, соьга йелира цо шен статья. И статья а, цул тIаьхьа йеана статьяш а «Даймохк» газетан агIонаш тIехь арайевлира. И статьяш вовшахтоьхна, арахийцира «Вайн амалш» цIе йолу книга (2003 шо). Цунна редактура йеш, Абузарх дагаволура со. Дукха хIума ца хуьйцуш, цуьнан статьяш ма-йарра йукъайахара оцу книгина. Цо тидамза ца дуьтура нохчийн къоман кхолламах доьзна цхьа а хIума, статья ца йазйеш, интервьюхь ца хьахош, шен кхетамца, шен хьежамех чекхдоккхий, мах ца хадош…
Абузара шен къамелехь аьлла а, цо йаздина а ду хIара дешнаш: «…вайх хIораммо а дицдан ца деза адамийн а, къоман а бартбийриг нийсо хилар. И нийсойар Дала тIедиллина вайна. Оцу тIехь халкъана масал гайта декхар ду уггар хьалха пачхьалкхан куьйгалхойн, динадайн, шаьш цIена бусалбанаш ду бохуш лелачу нехан а. Уьш дог-ойла, куьйгаш цIена долуш хилахь, йа цхьана дашца аьлча – уьш ийманехь хилахь, къоман барт хир бу, адамашна йукъахь нийсо хир йу, махкахь машар, беркат а хир ду».
Ша къона волуш, махкана, халкъана а диканиг дан цакхиарна кхоьруш,
И дешнаш аьллачу нохчийн сийлахь-воккхачу йаздархочо Айдамиров Абузара шен дахаран некъаца хаийтира ша халкъан, мехкан а тешаме кIант хилар. Дуккха а диканиг динарг, халкъана хьанал хилларг тергамза витча, бехха дагахьбаллам буьсу. Делан гIоьнца, Абузаран сийнна вовшахтуьйхира дуккха а суьйренаш, цхьаьнакхетарш. Арайехира нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь цуьнан говзарш. Къаьсттина хазахета суна, 2004-2005 шерашкахь цуьнан произведенийн йалх том арахеца карахдаьлла («Центр гуманитарных исследований» цхьаьнакхетараллин куьйгалхочун Н. Эльсункаевн дIадолорца), царна презентацеш йан ницкъ кхаьчна а, Абузарна хазахетар а деш. ТIаьххьарчу шерашкахь (Нохчийн йаздархойн Союзан правленин председатель волуш) йаздархойн Союзан кхиэташонаш «Гумс» газетан редакцехь дIахьора Абузара.
Абузар редакце вогIу де, хаза кхаъ санна, даккхийдеш, тIеоьцура редакцин белхахоша, цуьнгара керланиг, хьекъалениг, хазаниг а хезар дуйла хаарна. Тхан дехха къамелаш хуьлура литературах, историх, культурах, вайн махкара йукъараллин-политически хьолах, вайн къоман кхолламах. Муьлххачу а йаздархочун керла арайаьлла произведени самукъадаларца тIеоьцура цо. Деган, синан а цIеналла хаалора цуьнан хIор а Дашехь. Шен могашалла дика йоццушехь шен книгийн презентаце веанчу Абузара деган лазамца къамел дира, къам керлачу бохамех лардаран Iалашонца. Иза цуьнан халкъе дина тIаьххьара къамел хиллера (2005 шеран апрель беттан 9-гIа де). Вайна йукъара 2005-чу шеран май беттан 27-чу дийнан Iуьйранна Делан Iожалло дIавигира нохчийн халкъан кIант. ДIавахара Абузар, ша дукхавезачу, шена дукхадезачу халкъе весет а дина: «Динашна а, къаьмнашна а йуккъе дозанаш ца детташ; европейцаш, азиаташ, Малхбале, Малхбузе а бохуш, деш долу къамелаш тидаме ца оьцуш, Дуьненахь даха лаьара суна вайн къам. ХIокху Дуьненахь кхайкхо безарг Машар, ДоттагIалла ду. Уьш долчохь бен зовкхе, ирсе дахар хир дац».
БерхIитта шо ду Абузар вайца воцу, гIиллакхан, оьздангаллин, хьекъалан, кхетаман, доьналлин масал хилла ваьхна волу, халкъан дуьхьа муха ваха веза шен хьанал-цIеначу дахарца гайтина волу къонах вайца воцу. Абузаран цIарах Соьлжа-ГIалахь республикин коьрта библиотека йу, урам бу, Мескитара йуккъера школа йу. Абузаран ков-кертахь схьайиллинчу музейн неIарш гуттар а йиллина йу цуьнан кхолларалла йезаш мел оьхучу адамашна. Абузар вайца воцу шераш алсам мел дуьйлу, цо мел диначу дикачу гIуллакхийн ойла мел йо а чIагIло нохчийн халкъан йаздархочо М. Бексултановс аьлларг: «Зама хала йарий, атта йарий ца бохуш, ша къонах верг даима а къонах хилла чекхваьлла. Ткъа къонах воцчух цхьана а замано къонах ца вина…»
ТIехIиттинчу массо а заманех къонахаллица чекхвелира Абузар, халкъана, махкана а тIетовжа, масал эца, къилба а хилла даха дош, хьехамаш а буьтуш. Цундела цуьнан цIе, цуьнан исбаьхьаллин произведенеш, хьекъалх, кхетамх, собарх дуьзна Дош а дехаш ду нохчийн къоман синкхетам, амал, дог-ойла кхиош, чIагIйеш.
Автор: СУМБУЛАТОВ Дени, йаздархо, публицист, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист
АРМЕНИЯ. Армянский футбольный клуб отказался выходить на матч чемпионата в знак протеста
АРМЕНИЯ. Авиакомпания Armenian Airlines соединит столицы Армении и Грузии
АРМЕНИЯ. В Турции призвали Азербайджан и Армению воспользоваться историческим шансом
АРМЕНИЯ. В столкновении поезда с машиной в Армении виноват водитель – ЮКЖД
АРМЕНИЯ. Карабах частью Азербайджана признал депутат правящей партии Армении
ВОЛГОГРАД. Фанаты Сирии устроили антиамериканский митинг перед матчем в Волгограде
АСТРАХАНЬ. Депутаты Думы Астраханской области поддержали ряд изменений в налоговое законодательство