Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Саь1идбек Дакаев. Исбаьхьаллин дешан бакъволу говзанча вара иза


Просмотров: 7 421Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Саь1идбек Дакаев. Исбаьхьаллин дешан бакъволу говзанча вара иза

ЧЕЧНЯ.  (Нохчиин Республикин халкъан йаздархочун Дакаев Саь!идбекан кхоллараллех иолу ойланаш)

1951-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 9-чу дийнахь хийрачу Казахийн ССР-н Къилбаседа-Казахстанан об ластерчу Соколовски к1оштан Сумное йуьртахь дуьнен чу ваьлла хинволу йаздархо Дакаев Саь1идбек. 1957-чу шарахь кхиболу нохчий санна Даймахка ц1абирзира Маулетг1еран доьзал. Даймахка бечу бехачу новкъахь цунна йуьхь-дуьхьал х1уьттура ша ойланашца сатийсина аренаш. Ца 1ебаш хьоьжура иза башхачу Нохчийчоьнан 1аламе. «Нохчийн маттахь...» ц1е йолчу байта т1ехь Саь1идбека иштта дагалоьцу шен бералла:

Пана махкахь нохчийн маттахь
Хилла сан дуьнен т!е валар.
Голаш йулуш, кога г!атта
ДегIе гIора делла Дала.
Сан, дуьххьара нохчийн маттахь
Иллин мукъам лерехь хезна,
Шовкъе хилла т!ома г1атта,
Деган т1емаш дула дезна...


Даймахка йухавирзича, йуьхьанца Нажи-Юьртан к1оштан Г1оьрдаларчу школе деша вахара Саь1идбек. Ткъа йуккъера школа Устрада-Г1алахь чекхйаьккхира цо. Нийсархоша шайн дагалецамашкахь билгал ма-даккхара, Саь1идбек школехь доьшуш волуш волавелла исбаьхьаллин дашца ша зен. Цо сихонца вовшахтосура кхин вовшахкъасталур доцучу кепехь дешнаш. Саь1идбекан байташ зорбане йийлина Шелан к1оштан «Коммунизман байракх («Зама»), «Ленинан некъ» газетийн, «Орга» альманахан аг1онаш т1ехь а, иштта Нохчийчуьрчу къоначу йаздар хойн йукъарчу гуларшкахь а, «Нохчийн поэзин антологи» т1ехь а. Оцу муьрехь вевзира къоначу поэтана «Орга» аль манахан коьрта редактор хилла волу Мамакаев Мохьмад. Мохьмада, шен кхоллараллин ницкъех тешош, хастаме дешнаш алар бахьана долуш к1аргбелла поэзехь хьалхара г1улчаш йохуш волчу Саь1идбекан ис-баьхьаллин даше болу безам.

Поэта бинчу башхачу белхан жам1 ла ралуш ду цуьнан поэзин гуларш зорбане йовлар: «Дегнийн йоврйоцу ц1е» (1981), «Дог дуьйлина мерзаш» (2005), «Ойла-нийн тулг1енаш» (2011). «Сан дезнарш, сан лезнарш» (2016). Поэзи деган г1аттаман жанр хилла ца 1а. Кхечу аг1ор аьлча, поэзи  иза син кхетаман некъ бу. Говза аьллачу дашо таро хуьлуьйту йешархочунна дуьненан хазалла, чолхалла йовза. Цуьнца цхьаьна цо г1о до адамана адамийн амалш ларйаъян. Гоьваьллачу нохчийн поэтана Да каев Саь1идбекана исбаьхьаллин дешан ницкъ дахаран зерашкахула бевзина.

Исбаьхьаллин кхолларалле баханчу безамо билгалбаьккхира цунна шен дахаран некъ. Лехаме стаг ша хиларе терра, иза даима а керл-керла х1уманаш довза г1ерташ, шен къоман литература кхиорна керл-керла некъаш схьадоьллуш схьавеана ша бакъдуьнена д1аверззалц. Аллах1а декъалвойла за. Догмайра неканча, тулг1енаш цоьстуш, махо ловзабаьккхинчу х1орда чу кхиссалуш, шен 1алашо леха ма-валлара, иштта дахаран керл-керлачу к1оргенашка вуьйлуш, ада мийн амалш толлуш, йоьллуш, цуьнца цхьаьна шен ницкъ зуьйш схьавеана Саь1идбек. Шен х1ора а гулар т1ехь хьесапе йохкура автора карарчу заманан чолхенаш, иштта адаман синкхетам хий-цабалар а. Йукъараллин дахарна дикачу аг1ор т1е1аткъам бан а, керла йукъаралла д1ах1отторехь халкъана г1о дан а г1ерта-ра иза шен говзаршца.

1980-чу шарахь дуьйна поэта мел кхоьллинарг - цуьнан стихийн, поэмийн гуларш - вайн мехкан ма-йарра йолу исбаьхьаллин истори йу. Нохчийчоьнан бакъволу дешан говзанча хилла схьавеара Саь1идбек 50 шарахь. Цуьнан говзаршкахь нийса схьагайтина халкъан амал, хьомсарчу мехкан сибат. Ойла к1орга а, кеп исбаьхьа а йолу уьш гуш долу масал ду поэтана поэзин т1ум йевзина хиларан. Тхуна хетарехь, Дакаев Саь1идбекан кхолларалла нохчийн литература кхиарна йукъайиллина йоккха хазна йу. «Нохчалла» ц1е йолчу шен байта т1ехь Саь1идбек дуьхьалвуьйлу дайн орамах хада г1ертачарна, дуьненан рицкъанах и хийца г1ертачарна. Иза йешархо кхето г1ерта, нохчалла ларйойтуш берг Даймохк хиларх, цунах ваьлла верг дакъаз-ваьлла хиларх.

Х1ун оьшу, осалчу Дешнашца лелхаш,
Дозанал т1ехваьлла,
Т1екъамехь велха?
Доьналло ца дохку Ирхенийн некъаш,
Шайн баьрччехь лар йоцуш,
Гор воьжна т1иэкъа.
Нохчалла дийна йу,
Шен мукъам ала,
Дуьненан серлонехь Самалхадала.
Цунна чохь дегнаш ду Эшначохь дага,
Даймехкан лаьтта т1е Нур тоьгу, къага.

(«Нохчалла»)

Х1окху байта т1ехь Саь1идбека билгал-доккху нохчичунна уггаре а коьртаниг - Нохчалла хилар. Нохчалла ларйар бахьана долуш дахаро хала киртигаш т1ех1итторах нохчий кхидолчу къаьмнех иэ ца луш, таханлерчу дийне схьабаьхкина.

Поэтан кхоллараллин бохь болу мур билгалбаьлла цуьнан «Сан дезнарш, сан лезнарш» ц1е йолу поэтически гулар арахецарца. 1980-2016-чуй шерашка кхаччалц цо йазйинчарех уггаре а тоьлларш йахана цу гуларна йукъа. Адамашна дахаран а, къинхьегаман а даккхийдер лучу поэзин дахар кхуллучу ц1аро йохйина йу цуьнан байташ, поэмаш. Керлачу ц1а чу санна, сайн байташка кхойкху ас шу, къинхь-егамо сий айъинарш бохуш, комаьрша т1екхойкху цо, т1аккха дуьйцу шех а, Даймахках а, адамашца шен йолчу к1орггерчу гергарлонан дог-ойланах а лаьцна.

Поэзи - иза къоман синан истори ю. Цо схьагойту халкъан амал, цунна чохь го Даймехкан сибат - лаьмнийн ло т1ехь долчу баххьашкара жимачу хийистерчу моа т1екхаччалац. Даймехкан хазаллех, кхачош йоцчу комаьршаллех а, йовхонах а воккхавеваран ойланца дуьйцу поэта шен «Дай махке» ц1е йолчу байтехь:

Хьан дуьхьа, 1ожаллех тесна,
Садала кийча ду бохуш,
Дешнашца кар-караэцна,
Хьо дукха-м хестабо оха.
Ца г1ерта, тешийта аьлла,
Хьан баьрччехь когхецна варжа.
Белш хьаьшна, коьшкалаваьлла,
Да хилла, хьан лакхе харжа.
Таро йац соьгарчу хьолан
Дашо дан хьан некъан гаьллаш.
Т1ум йаккха, хьан некхах вуола
Ца г1ерта, хьан воцург ваьлла.
Тоба деш, биъна дуй боьхна,
Вай вовшийн ца хилла хийра.
Д1адала хьуна ц1етоьхна,
Дог ду сан, хьох тесна, кийрахь.


Х1окху байта т1ехь автора гойту бакъволчу нохчичун уггаре а сирла 1алашонаш а, сатийсарш а, Даймахке йолу шовкъ а. Поэта нохчийн халкъаца цхьаьна дика а, вуон а лайна, цундела цуьнан исбаьхьаллин дош башха ницкъ болуш ду, баттара доккху тур санна, шен даг чуьра схьаоьцуш ду цо шен байтийн мог1анаш, и бахьана долуш, йешархоша лаккхара мах хадорца т1е а оьцура уьш. Дакаевс сема ладоьг1ура заманан озе, заманан кхерамаш а дагца хаалора цунна. Шен байташца цо кхайкхам бора т1екхуьучу чкъуре, керлачу заманан амалш кхоллалучу муьрехь таханлерчу а, кханалерчу а дийнан жоьпалла т1еэца дезаш берш, кегийрхой, шу ду шуна бохуш.

Дакаевн байтийн мог1анаш даг чу дуьй-шуш, дайн ду. Дустарш б1аьрла, керла, ховха ду. Поэта ойла дустаршца йора, цо, дийца ца дуьйцуш, шена цхьанна гуш дерг массарна а гойтура.

Нохчалла - совг1ат ду
Дуьненан меха.
Цул йоккха лакхе йац
Лаьтта т1ехь леха.
Йитий вай, ца къехкош,
И вешан долахь,
Орамаш ца хедош,
Хан йаккха чомахь.

(«Нохчалла»)

Уггар а йуьзна а, чулацаме а йу Дакаевн Даймахках, Нохчаллех йолу байташ. Вайн заманан сизаш, цуьнан хиламаш, къоман лехамаш гойтуш долчу васташа г1о до поэтана дешан ницкъ ма-барра гучубаккха. «Т1ехдика лирикин муьлхха а дош ойла йу, х1ора ойла сурт ду, х1ора сурт синхаам бу, х1ора синхаам - лехам бу», - бохуш, йаздора цхьана хенахь оьрсийн поэта Г.Державина. И башха а, нийса а аьлла дешнаш Дакаев Саь1идбекан байташ йоьшуш дагадог1у. Поэтана хаьа тишдина доцу, шаьш саннарш кхин доцу дешнаш каро.

Йог1ура хаза йо1 -Хьенан йу техьа?
-Сирла б1аьрг т1ех1уттуш,
Цуьнан куц тайра,
Хьалхашха, некъ хадош,
Йелира дехьа.
Хазалла-м, догдоккхуш,
Т1епаза йайра...


Бакъволу поэт даима шен халкъана дагахь дерг хууш, шен дашца халкъан дог-ойла кхочушйан г1ерташ, болх беш хуьлу. Дакаев Саь1идбекан «Йог1ура хаза йо1...» ц1е йолу байт барамца йоккха йацахь а, чулацаме диллича к1орггера маь1на долуш йу. Саь1идбека масех дашца гайтина г1иллакх цахиларо адам адамаллех дохор.

Саь1идбекан лирически турпалхо - къийсамхо ву. Цо емалйо куралла, харцо, сонталла. Нагахь санна х1ора адам шен декхар хууш дацахь, кхане йац цуьнан - иштта адам, шена чохь са делахь а, делла ду боху поэта. Масала:

...Темаш-товраш лоьхуш,
Атта дуьне доьхуш,
Меттахь, набарх летта,
1алур варий ветта?
Кийра эрна 1оьхуш,
Дег1ах чекх са оьхьуш,
Кху дуьненна хьаьхна,
Вай х1ун дора даьхна?..
(«Адам ду со»)


Поэтан кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцу «даимлерчу» теманаша. Безам, хазалла - уьш доцуш дахар дуьзна ца хуьлу, ирс ца хуьлу. Дакаевн поэзехь безам - иза дахаран маь1на билгалдоккхуш болу ницкъ бу. Д1абайча а буьсу, иза генарчу седанан серло санна, стеган дахаран некъ серлабоккхуш:

Сауьйзу безам ас
Лечкъийра кийрахь,
Т1екхочехь ца вуьтуш
Дог доцург теш.
Ас цунах даьккхина
Марг1ал д1адийра,
Сатесна, бисийта
Безам ца леш...
Шеконо къевлина
Шалха шад бостуш,
Ма-хуьллу дендала-м
Г1оьртира и.
Делахь а, д1айахна
Къоналла хьоьстуш,
Догъэца, безамо
Ца ловзий кхин.


Безамехь цхьа хазахетарш хилла ца 1а, амма иэшамаш хуьлуш а нисло, делахь а, поэта йемал а бой, д1атотту байн, адамана т1емаш дала ницкъ боцу, цуьнан дог керлачу серлонца къаго г1о ра ца тоьа безам.

Дакаев - чоьхьарчу синхаамийн ц1е наллин масал ду. Цуьнан лирически турпалхочун васт вайна го гонаха долчу бакъдолчун суьртехь. Цуьнца доьзна тхуна ц1ераш йаха луур дара поэтан «Сайн къоме», «Йурт лаьттинчохь», «Хьомечу бешахь», «Сан Даймохк, нагахь со.» ц1ераш йолчу байтийн. Оцу массо а байтех чекхйовлуш йу бакъдолчу адамаллин, синкхетаман локхаллин ойланаш.

«Поэзи ша зазадоккхуш хила лаахь, иза лаьттах орамаш долуш хила еза», - аьлла оьрсийн г1араваьллачу поэта Ф.И.Тютчевс. Цунна т1етевжина аьлча, Саь1идбекан поэзин орамашна мутта луш долу латта ду иза винчу лаьмнийн 1алам. Ховха, дагах хьакхалуш дешнаш карадо поэтана хьомечу 1аламан сурт х1оттош, генарчу бераллехь гинарш дуьйцуш:

Жималлехь ладег1ар дезна,
Сирла аз т1евоьхуш хезна,
Бераллин некъан лар тоьдуш,
Со лаьмнийн хьошалг1а воьду.
Салаьцна синмаршо йаьтт1а,
Ойланийн сингаттам хаьдда,
Ца 1ебаш 1аламан чомах,
Де-буьйса доккхур ду ломахь.
Со цигахь гу-лекхчу ваьлла,
Кхерстина б1аьрг серлабаьлла,
Лаьттар ву лаьмнашка хьоьжуш,
1аламан йозанаш доьшуш.
Г1оттур ду беттаса куьйса,
Ломах шен дато берг туьйсуш.
Жовх1арийн серлонаш йогу
Седарчий хьуьйсур ду соьга.
Малхо, шен з1аьнарех туьйсуш,
Лалийна, кхачор йу буьйса.
1уьйре, шен де арадаккха,
Кечъелла г1оттур йу т1аккха.
Лег1начу тог1ешка ваьлла,
Б1аьрг кхарстош, самалхадаьлла,
Лелар ву, г1а-бецах буьйлу
Х1аваан мерза чам муьйлуш.
Шовдано, детешца 1енош,
Дуьйцур ду сан мерза г1енаш.
Дуьйцур ду, безамах лезна
Дог муха детталуш хезна.
Хьаннашка, даккъашка вуьйлуш,
1аламан хазалла муьйлуш,
Букъ сетта ирхонаш тоьдуш,
Со лаьмнийн хьошалг1а воьду.

(«Со лаьмнийн хьошалг1а воьду.»)

1алам - иза вайх х1ораннан бахам бу, хазаллин, адамаллин хьоста ду. Цундела 1аламе вайн заманан адаман б1аьргашца а, кхетамца а хьажаре кхойкху поэта ешархочуьнга. «Йуьхь ца гучу геналлера...», «Генара аьзнаш», «Къонахчух дош», «Шина тобанан монолог», «Ненан узам», «Йоьхна 1уьйре» ц1ераш йолчу поэмийн автор ву Саь1идбек. Шен поэмаш т1ехь автора гайтина нохчийн дахар, г1иллакхаш, амалш, г1иллакх-оьздангаллин дозанаш лар ца дечо кхуллу зуламе хьелаш, и. д1. кх. Поэта шен турпалхой тайп-тайпанчу зерашкахула чекхбоху. И зераш бахьа-на долуш кхуьу йешархочун синкхетам.

Поэт ир-карах1иттаво Даймахке болчу безамо. Саь1идбекан байташа, хазахе-тарца нохчийн х1усаме т1еоьцу хьаша санна, дуьгу вай тайп-тайпанчу тема-нашка, философин ойланашка. Поэта йуьхьарлаьцнарг атта некъ бацара. Ба-къволу дешан говзанча вара Саь1идбек! Дала декъалвойла иза».

РАСУМОВ Ваха, филологин 1илманийн кандидат
("Орга" газет №30-31 21.07.23)

Источник: Gordaloy.ru (Саь1идбек Дакаев. Исбаьхьаллин дешан бакъволу говзанча вара иза)


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"