ЧЕЧНЯ. Ненан меттан говзанча, нохчийн къоьжачу лаьмнийн илланча хилла Окуев Хьамидан к1ант Шима, цуьнан башха кхолларалла шуьйра йевзаш йу вайн махкахь а, генна дозанал арахьа а. Цо цхьабосса пох1ме къахьегна прозехь, поэзехь. Кхушара 37 шо кхочу нохчийн йахь йолу к1ант Окуев Шима вайца воцу. Амма цуьнан кхолларалла йу вайца йехаш дикане, къинхетаме, нохчолла кхойкхуш. Йаздархочун дешнаш т1ехь даьхна хилла зевне иллеш заманан йохалле нур ца довш тахнене схьакхаьчна, вайн махкарчу тоьллачу артисташа д1аолуш ду уьш. Хазахета къоначу иллиалархоша шайн репертуаре уьш схьаэцча. Цуьнан сирла кхолларалла вайца хиларан къеггина тоьшалла ду иза. Т1ейог1учу заманашкахь а къоман культура, литература йезачарна синна б1ов хилла лаьттар йолуш йу иза, Дала мукъалахь!
НКВД-н къизалло къахьдина бераллаСССР-н массо а маь11ехь къизаллин бода букъбеш даьхкира чекхдаьллачу ХХ-чу б1ешеран 30-г1а шераш. Къаьсттина шийла 1уьйренаш йара халкъана, махкана 1937-чу шеран дега1ийжамийн аьхке. Бехк-гуьнахь доцу адамаш дара НКВД-с къинхетамза д1алоьцуш, х1аллакдеш. Буьрсачу та1зарийн тулг1енаш Нохч-Г1алг1айн Республикин г1аланех, йартех хьаьрчира. Хьалхарчу гуонехь д1алахьийра 1еламнах. Шолг1а гуо 1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 31-г1а де лара мегар ду. Цу къаьхьачу дийнан цхьана буса 14 эзар стаг чувоьллира Нохч-Г1алг1айн Республикера.
Амма цунах тоам ца хиллера маьршачу адамийн ц1ий 1ано хьаьгначу чанг1алкхашна. КПСС-н обкоман рог1ера йоцу пленум йу аьлла бахьана хьовзийна дукха адам гулдинера Соьлжа-Г1аларчу Ленинан ц1арах долчу культуран Ц1ийне 1937-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 8-чу дийнахь. Пленуман болх шина дийне белира. Пленуман балхахь дакъалоцуш вара Москвара веана НКВД-н наркоман Ежов Николайн хьалхара заместитель Шкирятов Матвей. Цо дийцарехь массо а нохчий, г1алг1ай советийн 1едалан мостаг1ий бара. КПСС-н баьччанаш а, советийн 1едал а цаьрца луьра къийсам латто лерина йара Шкирятовс дийцарехь. Москвара веанчу хьешо йийриг забар цахилар т1еч1аг1дира пленуман болх д1абоьрзуш 500 сов стаг нохчий, г1алг1ай НКВД-с д1алацаро. Бехк-гуьнахь доцуш 1937-чу шеран эсаран беттан 10-чу дийнахь НКВД-с д1алаьцначу адамашна йукъахь вара Нохч-Г1алг1айн Республикин КПСС-н обкоман цхьана отделан куьйгаллехь хилла Шуьйтара Окуев Хьамид.
Схьавалар шотойн лаьмнашкара делахь а, шен х1усамненаца Арухица 1ер-вахар Соьлжа-Г1алахь долуш вара Окуев Хьамид. Кхуьуш шиъ к1ант вара цуьнан. Ткъа иза чувоьллина бутт балале 1937-чу шеран лахьан (ноябрь) беттан 6-чу дийнахь Соьлжа-Г1алахь дуьненчу велира цуьнан кхозлаг1а к1ант — Шима. Бакъду бехк-гуьнахь доцуш Шкирятов Матвейн омраца чубоьхкина пекъарш набахтехь хьебала боьлча, т1ехь да воцуш висина кхо к1ант марахьарчийна, шен ворх1е дай баьхначу Шуьйта хьала-м йеара Аруха. Х1инца цунна т1ехь дара доьзал кхабар а, набахтехь воллучу х1усамдега ладег1ар а. Х1усамден къаьхьачу кхолламах дерг къаьстина далале немцойн фашисташ йамартлонца СССР-на т1елатар дина сийлахьчу Даймехкан боккха т1ом болабелира. Цхьадолчу декъана т1ом болабаларх а кхаъ хиллера бехк боцуш 1азапе лаьцначеран верасашна. Даймехкан маршонна г1ароле х1итта арахоьцур бу моьттура тутмакхаш массарна. Амма иза аьттехьа а ца хиллера.
Т1ом болабалале цхьаболчарна тоьпаш тоьхнера, ткъа вуьйш хенаш тоьхна сийначу Сибаре хьажийнера. Оцу шийлачу махкахь даккха пхийтта шераш хенаш тоьхначу мисканашна йукъахь вара Окуев Хьамид а. Сталинан къизачу хьадалчаша къинхетамза вайнах махкаха бохуш, Дела воцург накъост воцуш, кхаа к1антаца ша цхьаъ йара Аруха. Делахь а, Кавказан къоьжачу лаьмнашкахь кхиъна бакъйолу нохчийн зуда йара Шимин нана. Тесна ца буьтуш, мацаллех ларбина, саг1а деха нехан не1аре ца х1уьттуш хене баьккхира цо шен доьзал. Вайнах махках баьхначу муьрехь Казахстанан Алма-Атински областана йукъайог1учу Легре ц1е йолчу г1алахь нисделира церан цхьана ханна д1атарбалар. Лаьттаха к1ора боккху шахтанаш алсам йолуш меттиг йара иза. Махках даьхна йоккху хан йахйала йоллий хиъча Шимин воккхах волу ши ваша шахте балха вахара, жимах волчу вешина школе деша вахар т1е а диллина. Вежарийн лаам т1ера ца волуш йуьхьанцара школа-м кхиамца чекхъйаьккхира вайн турпалхочо. Амма кхин д1а церан хьацар т1ехь хене вийлар бег1ийла ца хетта, 13 шаре волуш к1ора боккхучу шахте балха аравелира Окуев Шима а. Бакъду, дешар д1а-м ца тесира цо. Дийнахь болх беш, суьйранна болх бечу кегирхошна лерина йолчу школехь дийшира цо.
Болх барх, дешарх тоам ца беш книгаш йешар а марзделира цунна. Хийлазза сахуьленга волура кхиина вог1у к1ант хазъелла роман йоьшуш. Кхунна ницкъ хуьлуш хеташ йолчу нанас кест-кеста йаппарш йора, д1авижа, сада1а бохуш. Амма к1антана марзделла даьллера книгашца долу гергарло. Иза исбаьхьаллин литература йешна 1аш вацара, цунна къасттина дукхайезара исторически романаш.
Воккха хиларца цхьаний цуьнан синкхетам а к1арглора, ойла а шорлора. Кавказах, б1ешерийн к1оргенера дуьйна цигахь даьхна,1ийна долчу нохчийн къомах дерг довза хьагам лаьттара. 1952-чу шарахь 15 шо набахтехь даьккхина Хьамид а схьакхийтира шен доьзалх. 15 шо кхаьчна кхиина вог1уш жима стаг вара Шима, инзаре ирчачу зиэраша, халонаша дакъаза ваьккхина шен да дуьххьара гуш. Бакъду да гаро а, иза эххар доьзалх схьакхетаро деана хазахетаран чам къахь-м бора цуьнгарчу беркъачу хьоло. Гуш дара Хьамид набахтино къинхетамза х1аллаквина хилар а, дуьненчохь цуьнан йаккха йиснарг дукха хан цахилар а. Кхаа баттахь дех марзо эца ирс хилира Шимин. Кхин зама ца хиллера пекъаран кху харц дуьненахь. Легре г1алахь 1944-чу шеран б1аьстенан йуьххьехь нохчаша долийначу кешнашка д1авоьллира набахтин бала лайна Хьамид. Дог 1овжош деанчу цу шийлачу дийнахь баккъалла воккха хилар т1едуьйжира Окуев Шимина.
Дай баьхначу лаьтта т1ехьДукхах болу нохчийн зударий санна нуьцкъала амал йолуш хиллачу нанас Арухас 1амийнера шен доьзал, мел йаккхий халонаш т1ех1иттарх, мел буьрсачу зиэраша йийсаре лацарх цкъа а Делан диканах дог ца дилла. Шимас дукха хьалхе схьалаьцнера хьомсарчу ненан хьехам. Иза даима тешна вара цкъа мацца Кавказе а, цуьнан дог хилла лаьттачу шотойн лаьмнашка ша кхочург хиларх. Сталин д1аваларо массо а нохчочун дагахь а марсайаьккхира и ховха дегайовхо. 1956-чу шеран гурахь билггал гуш, хууш дара 13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьоьгуш вайнаха диначу г1ийлачу до1анашна Веза-Воккхачу Дала жоп деллий. Массо а ц1аверза кечлуш вара. 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь зорбане белира вайнахана ц1аберза некъ маьрша хиларх болу хаам. Хетарехь Окуев Шимин дахарехь уггаре а ирсен де дара иза, цуьнан сирла сатийсам кхочушбеш деана. Некъан баккхал гулйеш дукха къа ца хьийгира цо. Цхьа к1еззигчу мехах д1айелира чохь 1ийна х1усам, сихонца гулйира чуьра сал-пал, ц1акхаьчча оьшур йу-кх аьлла ца 1аш.
НКВД-н йовсарша къинхетамза х1аллаквинчу ден барз боцург х1ума дацара Шимин ойла т1еийзош хийрачу махкахь. Иза а лелаза ца йолу Делан кхел йара. Ткъа Делан кхелаца вайн цхьанне а къуьйсийла дац-кх.
Дай баьхначу лаьтте ц1абирзинчийн хьалхарчу мог1аршкахь вара Окуев Шима. Уггаре а хьалха иза деша х1оьттира Соьлжа-Г1алахь йолчу Нохч-Г1алг1айн Республикин пачхьалкхан хьехархойн институтерчу филологин факультете, т1аккха школе балха вахара, шен декъазчу къоман бераш цадешаран боданера дешаран серлоне кхачо йолчу 1алашонца.
Хала зама йара иза. Ц1аберзо бакъо йеллехь а, вайнах ц1акхачаре сатесна 1аш бухахь цхьа а вацара. Х1инца санна школаша кан баьккхина мохк а бацара. Йоккхачу Шуьйтахь цхьа школа йара. Шимина 1аламат дика гуш дара и ледара хьал. Амма бакъдерг дийца йиш йолуш а, йоцуш а хуьлу заманаш. Долчух тоам беш, ц1еначу даггара хьанала къахьега аьтто хиларх воккхавеш, олаллехь йолчу компартина хастамаш беш хене вийла деза зама йара вайн турпалхочо хьехархочун болх д1аболийна зама а. Цунах дика кхеташ волчу Окуев Шимас дешарна т1еийзадора шен йуьртахойн бераш, ца кхоош д1алора царна шегара хаарш.
Масех шо далале школан директоран дарже ваьккхира хьуьнаре хьехархо. Амма директор вара аьлла дешархошца йолу йукъаметтиг хийра-м ца йелира цуьнан. Ойла хийца ца йелира. Цунна дешаран к1оргене кхийда лаьара, массо нохчо а кхиамийн лакхенашка кхача лаьара. Окуев Шимин дешархой хилла бу Нохчийн Республикин халкъан йаздархо Ахмадов Муса, махкахь г1арабевлла бевзаш болу йаздархой Макалов Шамсуди, Тагаев Сайд-Хьасан, Адсаламов Идрис иштта дуккха а кхин берш а.
Шуьйтарчу школан директоран даржехь а дукха ца витира йист йоцу х1орд санна алсам хаарш долу Окуев Шима. Иза Шуьйтарчу КПСС-н райкоме балха д1авигира, идеологин балхахь и тайпа тешаме, хьуьнаре накъостий эшарна. Окуев Шимас Шуьйта к1оштан идеологин хьаьрмахь бинчу балхах халкъана, махкана доккха беркат делира. Цунна ша схьаваьлла къам, б1ешерийн к1оргера схьадог1у цуьнан ламасташ, дайн оьздачу г1иллакхийн гураш девзаш хиларо таро йелира 1едалца эвхьаза ца волуш, мискачу адамийн шех б1аьрг ца бодуьйтуш болх бан. Цу беркатечу хоршахь болх бан 1амийра цо т1екхуьу чкъор а. Ткъа уггаре а коьртаниг — Шуьйта к1оштан КПСС-н райкомехь болх беш волчуьра «Ленинхо» ц1е йолчу районни газетан коьрта редактор х1оттийра бераллехь дуьйна нохчоллех къилба дина веха вайнехан йахь йолу к1ант Окуев Шима.
Хийрачу махкахь вехаш дуьйна цхьацца йозанан хьаьркаш кегош вара Шима. Прозехь, поэзехь шен ницкъаш зуьйш вара жима стаг. Амма шена 1аламат дукхабеза и болх цо хьуламехь латтабора. Шен йозанаш мелла аьрга хеташ, ур-аттала бевза-безачарна ца тосадолуьйтура жимчу стага ша к1айчу кехаташна тешош дерг. Нохч-Г1алг1айн Республикин пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн а ансамблан пондарча волчу Цугаев Супьянца уллера доттаг1алла лелош вара Окуев Шима. Цкъа цхьана гулделлачохь дай баьхначу йуьртах Шуьйтах йолу байташ йийшира Окуев Шимас доттаг1чунна. Байташ дукха хазйелла, композиторан пох1ма шен сица долчу Цугаев Супьяна уьш мукъаме йерзийра. Иштта гучуделира «Сан Шуьйта» ц1е йолу байташ Окуев Шимас йазйина хилар.
Сан Шуьйта, сан Шуьйта,
Со вина нана,
Кхоьллина, техкийна,
Кхиина ага,
Бовр буй-те хьоь болу
Сан безам цкъа а,
Гур вуй-те сайл дукхах
Хьо езарг цхьа а?
Нохч-Г1алг1айн Республикин пачхьалкхан ансамблан артисташа шайн репертуаре схьаийцира илли. Иза дезаш т1елецира халкъо а, махко а. Цунах даьллачу беркато авторан дог-ойла аййира, зорбане йаккха дуьххьарлера гулар вовшахтухуьйтуш. 1962-чу шарахь дара Окуев Шимин дуьххьарлера гулар зорбане йаьлча. Цуьнан ц1е тиллира поэта «Сан Шуьйта». Дай баьхначу лаьмнех, цигахь дехачу башхачу адамех, дог хьостучу Нохчийчоьнан башхачу 1аламах йара гуларан йукъара байташ. Уьш ц1еначу ненан маттахь, дешархой кхетар болчу дукха т1ех чолхе йоцчу кепехь йазйина йара. «Сан Шуьйта» гулар къеггина тоьшалла дара халкъана, махкана шен комаьрша дог диллина, Нохчийчоьне болчу безамо аьрха дог морцуш, къоман дуьхьа ваха, ваца хьаьгначу кхин цхьана поэтан а ц1е серлайуьйлуш хилар. И поэт вара шотойн лаьмнаша кхиийна йахь йолу к1ант Окуев Шима. Цул т1ехьа а масех гулар зорбане елира поэтан. Уьш йара «Лаьмнийн аз», «Сан безам». Маь1не, чулацаме байташ шайна йукъахь хиларал совнаха кхин цхьа хазахетар дахьара Окуев Шимин говзарийн гуларша. Гуларш зорбане евлла йовлале, гучудовлара авторан дешнашт1ехь даьхна керла иллеш. Ткъа уьш кест-кеста хезара радион а, телевиденин а эфирашкахь. Царех цхьаъ ду С. Висаитовс мукъам баьккхина, тахана а вайн къоначу репертуарехь долу «Ас хьо лоьху» ц1е йолу илли.
Мохо мархаш лоьхку,
Лаьмнех хьерчаш дохк ду,
Стиглахь лечкъа беттса,
Кхолабелла го седа.
Къайлах доьлхуш,
Хьо лоьхуш дог сан ду.
Ас хьо лоьху буьйсанан боданца,
Ас хьо лоьху беттасин серлонца.
Ас хьо лоьху мархашца,
Ас хьо лоьху малхаца,
Ас хьо лоьху зезагийн техкарца!
Заманан йохаллехь нур ца довш, ладог1архойн лерса хьостуш, синак1оргене кхочуш, къоман сирлачу кханенах дегайовхо ч1аг1йеш, дикане, адамалле къинхетаме, деган комаьршалле кхойкхуш деха Окуев Шимин башхачу дешнаш т1ехь даьхна зевне иллеш. Уьш халкъо т1елаьцна. Царех дукхахдерш нохчийн къоман культура, мукъамаш дезачарна синаб1аьвнаш хилла д1ах1иттина. Цунах тамаш бойла а дац. Окуев Шимас йазйинчу х1ора хьаьрках нохчийн къоман х1уо деттало, уьш вайн х1оранна уллера, 1аламат хьоме йу.
Делахь а, суна цхьа бакъдерг билгалдаккха луур дара. Къилбаседа Кавказехь пох1ма долчу поэтан, йаздархочун ц1е г1арайоккхуш, халкъан забар йезачеран шуьйрачу гуонашна Окуев Шима вовзуьйтуш, мерза кхаъ хилла зорбане йаьлларг «Чорин дийцарш» ц1е йолу самукъане гулар йу. 1968-чу шарахь дара иза гучуйаьлча. Нохчаша аттачу балхах книгаш ца йоьшу бохуш ч1аг1йелла ойла хьошуш массо а х1усамехула чекхйелира и гулар деза-доккха совг1ат хилла. Ша «Бож-1ела» спектакль йацахь, «Чорин дийцаршка» кхочуш махкахойн самукъадаьккхина, дог-ойла аййина, диканах тешийна, дахаре безам ч1аг1бина гулар билгалйаккха хала ду. Цхьаболчу нахана Окуев Шима вицвелла хила там бу. Амма цо гулдина, зорбане даьхна «Чорин дийцарш» т1аьхьарчу т1аьхьенашна мерза кхаъ хилла халкъалахь даха дисина даима а. Ша схьаваьллачу халкъан йуккъера, сема б1аьрг тоьхна, пох1мечу йаздархочо говза схьаэцна турпалхо ву Чора. Иза къарван ницкъ ца кхочу чолхечу дахаран инзаречу халонийн. Цуьнгахь нохчийн къоман нуьцкъала амал, синаондалла хаало. Ткъа забар!? Х1уьттаренца, гамонца хьарчийна йоцуш ц1еначу даггара йина хьекъале, оьзда забар — нохчийн къоман синаб1ов йу. Кхин х1умма Окуев Шимас йазйина ца хиллехь а «Чорин дийцарша» т1ейог1учу массо а ханна халкъан иэсехь латтор йара нохчийн къоман пох1мечу йаздархочун сирла ц1е.
Чулацаме а, йоккха а йу цо нохчийн литературехь йитина лар. Муьлха ву вайх Окуев Шимин «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман йоьшуш буьйсанаш йайаза!? Башхачу романан коьрта турпалхой Мелимат а, цуьнан к1ант 1аба а вайца баха бисина дуьненчохь кхин д1айоккхучу массо а ханна. Кхоьлина денош шен кхолламехь алсам хиллачу нохчийн къоман символаш хета церан васташ. Собарца, доьналлица, х1уманан хьиесап дарца Нохчийчоьнан символ Мелимат йелахь, иштта майра, доьналлех вуьззина, йахь д1а ца йала, кийрара даьккхина мерза са д1адала кийча ву 1аба а. Уьш йу-кх къа-бала шорта лайначу вайнехан коьрта амалш. Шен халкъан хилларг, цо лайнарг, Делан диканах къомо цкъа а дог дуьллуш цахилар дика девзачу Окуев Шимас йазйина «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман а йу д1адаьлларг довзуьйтуш. Автора цуьнца цхьана муьлхха дешархо кханенан ойла йан 1амаво, дикане, къинхетаме, адамалле кхойкху. Хьо дуьнент1е вала ирс хиллачу лаьттан дола даре а, 1едалан векалша латточу халонашна къар ца валаре кхойкху. Нохчийн лаьмнашкахь баьхначийн дахар ду Окуев Шимас вайна «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» романехь гайтинарг. Вайн дайша 1ийшина халонаш, церан садууш хилла г1айг1анаш йу. Цуьнца цхьана авторан ницкъ кхаьчна нохчийн къоман оьзда г1иллакхаш гайта, б1ешерийн к1оргенера таханене кхаччалц нохчийн къоьжачу лаьмнашкахь коьртачу мехаллехь цхьаъ йолу къонахалла гайта. Иллешкахь йуьйцу и къонахалла йолуш йу романан коьртачу турпалхочуьнгахь 1абигахь а, иза вина, кхиийна йолчу цуьнан ненехь Мелиматехь а. Нохчоллин бустам т1ехь говза кхоьллина ши васт Окуев Шимас «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман т1ехь дешархойн кхеле диллинарг. Цундела деха уьш вайца заманан йохаллехь басах, чомах ца телхаш.
Вай хьахийна цхьа роман хилла ца 1а йаздархочо прозехь бина болх. Нохчийн исторера йоккха йукъ чулоцуш йазйина йу цуьнан роман-трилоги. Романан хьалхара дакъа «Йуьхь» зорбане делира автор дийна волуш. Нохчийн лаьмнашкахь даьхначу мискачу адамех йу йерриге а роман. Оьрсийн паччахьо, цуьнан инарлаша нохчийн къоме такхийтина 1азап дуьйцу хьалхарчу книги т1ехь. Кхин цхьаъ ду кхузахь билгалдаккха хьакъдолуш. Арахьара т1ебаьхкина инарлаш, церан эскарехь хьийза эпсарш хилла ца 1а махкахошка халонаш токхуьйтуш. К1еззиг бац царна бохкабелла вайн махкахой а: пурстоьпаш, йуьртадай иштта д1а кхиболу кега-мерсачу хьаькмалле кхаьчнарш а. Церан 1осалла, сутаралла 1орайоккху Окуев Шимас. Уьш карадог1учу дуьненан даьхнех 1ехабелла Нохчалла ц1е йолчу кхетамна б1останехьа бирзина дукха хан хилар билгалдоккху. Оьрсийн къоман амалера цхьадолу кхачамбацарш жигара 1орадохуш хиллачу йаздархочуьнга Достоевский Федоре цкъа мацах хаьттина боху: «Ц1армата х1умнаш ма дукха йаздо ахьа оьрсийн къомах, хьуна хьайн къам ца дезаран х1ун бахьана ду?» — аьлла. Т1аккха оьрсийн сийлахь-воккхачу йаздархочо жоп делла боху: «Сайн къам дукхадезарна, кхачамбацарех иза д1ац1андала лууш йаздо-кх аса!». Хетарехь ишттачу ойланца, дай баьхна латта шена 1аламат дукхадезарна гойту Окуев Шимас роман т1ехь вайн дахарехь наггахь нислуш йолу к1айдаргаш. «Йуьхь» ц1е йолчу роман т1ехь Окуев Шимас нохчийн лаьмнашкара советийн 1едал т1едале хилла дахар гойту, мискачу адамийн къаьхьачу г1айг1анашна вай декъа а ийзош, ойлане дохуш, дайша лайначу халонашна дегнаш 1овжош. Шолг1ачу книгин ц1е «Ц1ий а, латта а» йу, ткъа кхоалг1а книга — «Т1аьххьара верас». Шолг1ачу книги т1ехь автора дуьйцу коммунистийн хабарех 1ехабелла нохчаша советийн 1едал д1ах1оттош ц1ий 1енадарх а, луьрачу мостаг1чух дера лиеташ гайтиначу доьналлех а. Ткъа кхоалг1а книга ХХ-чу б1ешерийн 30-чу шерашкахь НКВД-с вайн махкахь х1оттийначу 1азапах йу.
Бакъду, трилогин т1аьхьара ши книги зорбане йаьлла ган ирс ца хилира Окуев Шимин. Цуьнан оьмар дукха йоца хиллера. 1986-чу шеран г1уран (декабрь) беттан 26-чу дийнахь бакъдуьнене вирзира 49 шо кхаьчна йаздархо. Бевза-безачийн дегнаш къастаран шелонца дагош лахьтин кийрахь хьулвелира журналист, поэт, йаздархо, нохчийн къоман йахь йолу къонах Окуев Шима. Мел инзаре йаккхий халонаш атта доцчу дахарехь т1ех1иттарх, доьналлех ца вухуш цо гездина некъаш севцира. Дуьненчохь йоккхучу ханна халкъана, махкана дина диканаш алсам хиллехь а, дан леринаш кхин а дукха дара. Амма церан зовкхе кхачар доьг1на ца хиллера шотойн лаьмнаша кхиийнчу к1антана. Халкъе, махке болчу безамах догу экама дог детталучуьра сецира дан долийнчохь цхьа долу г1уллакхаш йистте кхачале.
Дийца даьккхинчуьра аьлча т1еман чалх вайн махкахь д1айирзинчу м1аьргонехь Нохчийн Республикин халкъан йаздархочо Ахмадов Мусас кечйина зорбане-м йаьккхира шен дахаран хьехамча лоручу Окуев Шимин романаш. Башхачу йаздархочун сирла кхолларалла йезаш болчу книгашйешархошна цунах мерза кхаъ а хилира. Х1ора йешархочунна алсам схьаэца пайдехьа дерг карийра Окуев Шимас йазйинчу йозанан хьаьркашца. Цундела ца к1ордош йоьшу уьш вайн махкахоша. Шен дахаран дукхахдолу шераш Шуьйтахь д1адаьхьначу йаздархочунна 1аламат дика девза к1оштара 1алам, цунах 1аламат хаза йаздо цо, нохчийн къоьжачу лаьмнашка хьенна а вахана б1аьрг тоха дог доуьйтуш. Иза данне дац йеккъа цхьана Шуьйта к1оштан патриот Окуев Шима вара бохург. Цуьнан экамчу синна хьоме йара йерриге а Нана-Нохчийчоь. Нохчийн ширчу йартех алсам йазйина байташ йу цуьнан. Кхин йолу Шимин байташ санна уьш а йу вайн махкарчу иллиалархоша тоххара мукъаме йерзина. Шен шатайпанчу башхаллица къесташ царна йукъахь нохчийн ширчу йуьртах Шелах лаьцна йазйина байт. Вайн махкахь г1араваьлла вевзаш хиллачу композитора, иллиалархочо Ганаев Олхазара мукъам баьккхина цхьа тамехь илли динера «Шела» ц1е йолчу байтах.
Лекхачу ломара
Лахенга лар йахьаш,
Сирлачу седанал
Сайн ц1ена дог дахьаш,
Доттаг1ийн дегнашка,
Мехкарийн эшаршка
Ладог1а веъна со
Безамна ийци ахь.
Шела-шера аре,
Хьосту ас хьо лоре,
Йу хьо лаьмнийн лулахь,
Даим дагна уллохь!
Къоьжачу Кавказе а, цуьнан турпала г1ортор хилла лаьттачу Нохчийчоьне а 1аламат боккха безам бара Окуев Шимин кийрахь. Иза 1анаоьхура поэтан дешнаш т1ехь даьхначу иллешкахь а, эшаршкахь а. Цара дуьне а, дахар а диеза 1амавора, Даймахке безам кхиабора, адамалле, къинхетаме, собаре, комаьршалле кхойкхура. Окуев Шимас йазйинчу х1ора хьаьрко машаречу дахаран аьхналла хьестайора, цуьнан хам-пусар дар т1едуьллура, нохчийн къоман сирлачу кханенах тешавора. Къаьсттина ховха дешнаш карадора пох1мечу поэтана, йаздархочунна, журналистана безамах лаьцна ша йаздечу хенахь. Цхьана кепара шеко йоцуш авторан сирлачу сица литтина, цуьнан ц1ийца лезна, экамчу деган дакъа йукьа диллина дохуш санна хетара Окуев Шимас безамах долу иллеш. Цунна къеггина тоьшалла ду Яскаев Сайд-Эмина мукъам баьккхина Нохчийн Республикин халкъан артиста Абдукеримов Ильяса д1аолу илли.
Иштта сирла, ламанах схьа1ийдало шовда санна ц1ена йу Окуев Шимин кхолларалла. Цундела йеха иза вайца. Нохчийн меттан хазна, къоман культурин беркат ду цуьнан башхачу йозанан хьаьркаш. Вайнехан литературехь баьхначу кхиамийн цхьа аг1о а, къеггинчу пох1мин шатайпа башхаллица къеста майда йу цуьнан говзарш. Нохчийн къам дийна мел ду йаха хьакъдолуш йу уьш. Нохчийн лаьмнийн илланчин хьанала къинхьегам бу шегара мерзачу маршаллица вайна Шимас совг1атана битина, ша схьаваьллачу халкъан а, мехкан а зовкх дебаре сатесна.
Автор: Газиева Аза.
Источник: газета "Орга (Аргун)". Апрель 2024 год
checheninfo.ru