Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ЧЕЧНЯ. Спешите принять участие в конкурсе "Осенний город"


Просмотров: 619Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
ЧЕЧНЯ. Спешите принять участие в конкурсе "Осенний город"ЧЕЧНЯ. А.Айдамировн цӀарахчу Къоман библиотекин куьйгалло хаам бо суьртийн "Соьлжа-ГӀалахь - гуьйре" республикин VIII-гӀа конкурс дӀайолаелла хилар хоуьйтуш.Библиотекин директоран Исраилова Сацитин жигараллица 2012-чу шарахь дӀайолийна конкурс, хӀорашеран ламасталлин конкурс а хилла, суьрташ дахар дукхадезачу нахана езаелла ца Ӏаш, гӀалин бахархошна а марзъелла.

Конкурс дӀаяхьаран коьрта Ӏалашо ю бахархойн Соьлжа-ГӀалин историна тидам тӀебахийтар а, шен мохк а, ша веха гӀала а йовзийтар, цуьнан сий дарна дакъа юкъадиллийтар, цуьнца цхьаьна, вайн махкахь суьртийн искусство кхиорна Ӏаткъам бар а ду.Ишттачу конкурсашкахь гучубовлу кхоллараллин суй болу "суьрташ дахар дезарш".⠀Конкурсехь дакъалаца йиш ю муьлххачун а, амма суьртийн чулацам конкурсана тиллинчу цӀарца богӀуш хила беза.ГӀалин урамаш, паркаш, историн, культурин хӀолламаш, доцца аьлча, Соьлжа-ГӀала дашо гуьйре кхачарна тоьшаллаш деш долу суьрташ хир ду тидаме эцнарш.

Конкурсехь дакъалоцучеран шайн белхаш хӀокху адресашца: chr-nb@mail.ru я Соьлжа-ГӀала, Угрюмовн ур., 75-гӀа цӀа.Цхьана авторера схьоьцуш 5 сурт бен хир дац.Конкурсантийн белхаш лахьанан (ноябрь) беттан 30-гӀа де тӀекхаччалц схаоьцур бу, ткъа конкурсан жамӀаш довзийтар а, толамхошна совгӀаташ дар а гӀуран (декабрь) беттан 3-чохь дӀахьур ду.


checheninfo.ru



Добавить комментарий

ЭТО НУЖНО ЗНАТЬ:


ЧТО ЧИТАЮТ. BEST:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Календарь новостей

«    Июнь 2025    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 1
2345678
9101112131415
16171819202122
23242526272829
30 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Добрро пожаловать в ЧР

Смотреть все новости


МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек