Яндекс.Метрика
Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Бийтмиран Амхьад. "Зама" (байташ)


Просмотров: 9 013Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
Бийтмиран Амхьад. "Зама" (байташ)

Азаллера Абаде йоьду хьо зама,
Сацалац хьан болар цхьанне а агӏор,
Хенан бустамаш дуззу ахь денна,
Азера гӏум тоьар йац барам и буста.

Заманан бустамаш шина тайпа хуьлу,
Диканца къегина, бӏаьрг вонца белхош,
Хенахӏоттам хийцаеш йоьду хьо, зама,
Ойланаш кегаеш, сингаттмаш гулбеш.

Хийла къонахий хьайца ахь баьхьна,
Тӏом бахьаш луьра, синош схьаоьцуш…
Хьакъ доцчарна нана хуьла, цера дог оьцуш,
Сий доцу даьсте - вукхарна а хуьлуш.

Дашо малх, дато Бутт стиглахь ма хьийза,
Шай болар хьоьца гӏулч йаккхарц нисдеш.
Де-дийне мел долу ца сеца и болар,
Хаза кхаац, йа сингатмаца ойланаш ловзош.

Алахьа, зама, хӏунда хуьлу хьо луьра,
Дог цӏена нахаца къинхетам боцуш?
Дог боьха лайшна - аьтто беш шортта,
Чам бойъу ахь хьайха, мостагӏ а хуьлий.

Бийтмиран Амхьад.


checheninfo.ru



Время в Грозном

   

Горячие новости


Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru


Наши партнеры

gordaloy  Абрек