| ДАЙДЖЕСТ: |

НОХЧИЙН ОКРУГАН НАЧАЛЬНИКАН
ПОЛКОВНИК БЕЛЛИКАН
ОМРИЙН ЖУРНАЛА ТIЕРА
1857 шо. 29 август. № 18.
Аш ярташка балийна молланаш го суна. Царах цхьаболчарна йоза-дешар ца хаьа, шайн декхарш а ца хаьа, тIехула тIе данне а хьекъал а дац церан. ХIетте а юьртдайн гIуллакхашна юкъа а гIерта уьш.
1857 шо. 13 сентябрь. № 21.
Зуламхо, къу Iедале дIавийцар а, суьдехь цунна тоьшалла дар а иэхь лору нохчаша, ткъа къола, талор, кхидолу зуламаш дар иэхь ца лору. Цундела нохчашна юкъахь ун хилла даьржина къоланаш, талораш, кхидолу акха гIиллакхаш а, гIуллакхаш а. Мелла а низамечу цхьана пачхьалкхехь и тайпа акха гIиллакхаш лелаш цахилар дIахоуьйту ас халкъе. Оцу пачхьалкхашкахь, кхетамечу къаьмнашлахь муьлхха а зуламхо Iораваьккхина, Iедале дIавийцина, суьдехь цунна тоыналла дина стаг халкъо лоруш а, сий деш а ву. И шайн акха гIиллакхаш а дитина, дуьненарчу массо а пачхьалкхаша, массо а къаьмнаша тIелаьцна кхочушдо законаш а, гIиллакхаш а аш лерахьара, кхочушдахьара, шуна юкъахь къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а хир дацара.
1858 шо. 25 февраль. № 13.
Халкъе дIахаийта зуламийн зама дIаялар, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дечарна таIзар а деш, хьанала къахьоьгуш, Далла хастам а беш даха дезар.
Нохчий! Шуьгахь хьекъал а ду, шун могашалла а ю, шун дика латта а ду, аш болх бахьара, хьанала къахьегахьара, шу хьоле, шун дахар ирсе хир дара.
Наибаш, юьртдай, къаной! Сан дехар ду шуьга. Шу халкъо лоруш нах ду. Паччахьан лаам халкъе дIакхачо а, халкъ цунах кхето а декхар ду шун. Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а дитина, вовшашца девнаш а дитина, нохчийн халкъ хьанала къа а хьоьгуш, бертахь, машаре даха лаьа паччахьана.
...Оьрсашца машар цахиларе кхойкхучу молланийн хьехамаша доккха зулам до нохчийн халкъана.
1859 шо. 14 январь. № 6.
ГIуларой! Шуна юкъахь ши стаг ву шуьга Iедална, хьаькамашна муьтIахь цахиларе кхойкхуш; чIогIа а, дукха а маьхьарий хьекхарна, аш хьекъале а, Iелам а лоруш. Аш цаьрга лерина ладоьгIча, и шиъ мел воккха ши Iовдал а, зуламхо а ву хуур дара шуна.
1860 шо. 7 январь. № 1.
Къушна гIожмаш тухуш ас таIзар дайтарна нохчий реза бац бохуш хезна суна. Цхьа а таIзар а ца деш, маьрша буьтийла ма дац уьш. Цундела наибашка омра до ас: ярташкахь халкъ гулдай, хатта, къушна гIожмаш а тухуш, таIзар дан лаьа шуна я уьш Сибрех бахийта лаьа шуна? Халкъана луъург суна тIекхачаде.
Источник: http://abrek.org
![]() |
Проблемный сосед и незаконная перепланировка: как найти управу?
АЗЕРБАЙДЖАН. Договоры по ж/д линии Баку-Тбилиси-Карс подписали Азербайджан и Грузия
АРМЕНИЯ. Пашинян заявил о готовности подключиться к электросетям Азербайджана и Турции
Особенности получения специализированной гинекологической помощи в мегаполисе
ЧЕЧНЯ. Новый микрорайон появится в историческом селе Ножай-Юртовского района
АРМЕНИЯ. Армения и США исследуют новые сферы для углубления сотрудничества – Мирзоян
ЧЕЧНЯ. Коллегия МВД ЧР подвела итоги успешной работы 2025 года
АЗЕРБАЙДЖАН. Азербайджан и Грузия обсудили сотрудничество в железнодорожной отрасли
АРМЕНИЯ. День Саммита европейского политического сообщества будет выходным в Армении